Выбрать главу

— Селита! Лайх йинах йаций хьо? Малхах лечкъина, кху «Дада-бIар» кIел ма-хIоьтти хьо?

И цIе тиллинера бераша оцу диттана. Селитин Iаьржа бIаьргаш, воккхачун санна, хIинца Баккъала а ойлане а, гIайгIане а хьуьйсура. Нурседас буьрка, ког тоьхна ловзучаьргахьа дIа а карчийна, шен забар меттахь ца хетта, эсала хаьттира:

— Селита, хIун хилла?

— ХIумма ца хилла… Иштта лаьтта-кх… йало… ловза!

— Дийцахьа… — хьастайелира жимахниг.

Аьрхочу Нурседера гIалатениг а, диканиг а цхьабосса атта долийла хуучу Селитас: «Дийца-те, йа ма дийца-те», — бохуш, уьйзура ойланехь.

— Дийцахьа, Селита, со йиша йац хьан? — хьаьрчира цунах Нурседа.

— Дадас вайша, кхана дуьйна, кхин школе йохуьйтур йац боху-кх…

— И мичара хези хьуна?

— ХIинцца чуйаханчохь… Со сени чу кхаьчча, делкъанна чувеана дада чохь нене луьйш хезара: «Кхиъна ши йоI… школехь коьртаIуьйра, кIозарш а оьхьуш, божаберашца уьдуш, хьийзар ас ловр дац», — бохура… Нене кхин а бага йиттира цо… Со, чу а ца йоьдуш, схьайеара…

Кагделла га санна, цхьаьний, оллайелла, гIийла лаьттара ши йоI.

Массо а, мел цамоьттурш а гучудохуш, тамаше хIуманаш довзуьйтура школехь: латта, чIапа доцуш, горга хилар а, сецна ца лаьтташ, цо малхана гобахар а, стигалан бух бацар а, зезагийн хьекъале дебар а, дуьненарчу адамийн массеран а орам цхьаъ хилар а — дерриг а школехь хиънера. Кхузахь йевзинера доттагIаллин марзо а. Дуьнене хьалхачул а цеце, амма хаъал хIинца кхеташ хьуьйсура. «Баккъалла а, йита деза-те хьо?», — дагатесна, хьалха лаьттачу, даккхий кораш долчу, шайн школин гIoпe бIаьрг туьйхира йижарша.

Цу хенахь, лаьтта бIаьра а хьоьжуш, дай астагIчу боларехь, школина хьалхахула, Iаьржа месала куй а коьртахь, тIейуьйхина, массо а вета дIатесна, сийна тиша гIовтал, когахь маьхьсеш а йолуш, балха вухавоьдучу Тавсолтех бIаьрг кхийтира хьалха Селитин. Иза гойтуш, Нурседина йайн муьшка йира цо.

— ХIуммаъ дац… Ас Анна Львовне а… Дауде а эр ду! Нехачарна а мегий! аьлла, Нурседа, цкъа шена гергахьа волчу Даудехьа а хьаьжна, тIаккха кабинета чуьра уча йаьллачу Анна Львовнехьа дIахьаьдира. Иза церан классан куьйгалхо а, школин парторг а йара.

Ша и Нурседига дийцарх дохкойаьллачу Селитас:

— Ма хатталахь!.. Собар делахь! — тIаьхьа мохь туьйхира, иза кхоьрура, и гIуллакх дийца даьккхича, кхин а харцахьа даларна.

Нурседа, и ца хезачуха, йуха ца хьожуш, хецца Анна Львовнина тIе йахара. Селитина гира: Нурседига жимма ладоьгIуш а лаьттина, цу сохьтта, йуьхь хийцайелла, Анна Львовна, Нурседа а эцна, кабинета чу йахара. Селитин даг чу ов туьйхира: «ХIун хила доллу-те хIинца?»…

Коьртара йовлакх схьа а даьккхина, бIаьргаш хьалха даьхьира цо, тIаккха, доллучунна а бехке и долуш санна, шен жимачу буйнахь Iаьвдира иза. Йуха, коьртаIуьйра ша цхьанна гале, сихха дIатиллира.

Йоккха перерыв чекхйолуш, дешархой классаш чу боьхуш, горгали бийкира…

* * *

Вукху урокехь Анна Львовнас хьоьхучу, шена дукхайезачу оьрсийн литературан темица, Селитас «шиъ» даьккхира — дуьххьара. Оцуьнан бахьанах кхета Анна Львовна шен кабинета чохь ойла йеш Iapa: и ши йоI дешарна йукъах ца йаккхийта дезара, ткъа иза, церан деца йолу йукъаметтиг ца талхош а, ма-хуьллу, Iедале ца доккхуш, шегахула дIадерзо а лаьара цунна. Нагахь Тавсолтина xlapa гIуллакх ма-дарра хаахь, цо шен мехкарий, дена айкх бевлларш а бина, кхин а хьийзорна а кхоьрура Анна Львовна: де-а мегар дацара и цу тIе кхачийта. Амма IаддаIан а йиш йацара: «Райкомо а жоп хьалха соьга хоттур ду», — бохура цо дагахь. Делахь а, Тавсолтин ша-тайпа амал дика йевзинчу Анна Львовнина хаьара и шен даша тIера вухаваккха атта хир доцийла.

Цундела, Тавсолта волчу хIинца ша мила вига-те шеца, цо лорур верг мила хир вара-те, йа ша гlo-те бохуш, ойла йора цо, амма цхьа а дага ца вогIура. Анна Львовнина хаьара, Дауд а, комсорг и велахь а, и тайпа къамел дега дан хIуттур воцийла.

Ша кхузахь доккхучу кху ворхI-бархI шарахь нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ девзинчу Анна Львовнина хаьара Тавсолтас шел жимахчу Кериме а, школин директор и велахь а, кху гIуллакха тIехь мегарг ладугIур доцийла. ТIаьххьара а ойла йича, Тавсолтас дика лара мегарг, мехкан хьаша а, дукхазза царна гIуллакх дина а йолу ша хийтира Анна Львовнина. Цундела цо сацийра, тахханехь, занятеш дIа ма-йевлли, Тавсолта волчу ша йаха. Иза къобалдира Керима а.