ТАВСОЛТИН ДОЬЗАЛ
Де суьйренгахьа лесттинчу хенахь, колхозан бешахь болх бина а ваьлла, белшах жима тIоьрмиг а тесна, сиха доцчу боларахь, вай астагIа а теIаш, цIехьа вогIура Тавсолта. Дуьхьалнисвеллачо некъ буьтура, хевшина Iийраш гIовттура цунна. СхьавогIуш, гонахарчу Iаламе кест-кеста бIаьрг тухура цо. Цунна йезара ша вина xlapa Эскиной-Юрт а, шайн дахаран даима теш хилла лаьтта гонахара и лаьмнаш а. Вичхьана а кхузахь ваьхнера иза: Эскиной йоцчохь, вахана-вар доцург, бутт а ца баьккхинера Тавсолтас. Чувахале, де дукха хаза нисдаларна, ша вогIучу новкъара схьа а вирзина, ЦIен-бердехьа вахара иза: схьахезира, xlapa тIеийзавен, масачу Яьссин гIовгIа. Гучуйелира маьI-маьIIера бацо сенйина, лекхачу бердан цIен тарх. Бердан йистте, шена хьалха гIаж а гIортийна, дIахIоьттира Тавсолта. ТулгIеша аьгна хин йист лахара кеггийра чукерчара, амма берд тешаме бара. Цу ЦIен-бердехь, Яьсси-хин йистехь дIайаханера кхуьнан йерриге жималла. Кхузахь, къоначохь, дукха зама хьалха, бердах киртигаш йохуш, баьккхинчу новкъа хитIе йoгlypa xleтахь кхунна йезаелла къона Нурбика. Ма товш хуьлура и, гуьлмаьнда а тиллина, кIудал а белша тIехь, хи йистехь лаьтташ, цIечу пошмакхан буьхьиг бай лаьттах а хьоькхуш! ХIетахь Нурбика йолчу миччара а сиха кхочура Тавсолта, наггахь бен тIедухуш доцчу исхарин чоица, кIайчу бустамашца, шен борачу динахь, детица кхелина шедан кхаж буйна а къуьйлуш. Моссазза дийцира, моссазза дийхира!.. ТIаккха… тIаккха тIаьххьара а замойша, тоьпаш а кхуьссуш, схьайалийра… Коьртех туьтмIаьжгаш йоьхкина жухIаргаш а ловзуш, дIадехьира доккха ловзар… Мел хаза дара и!.. ХIетахь массо хIуманах атта Iexaлора. ХIинца-м кху хин йистехь а Iийна чувеъча бен кIадлой а ца хуьлу дог. Кхузахь самабуьйлучу дагалецамаша дIа мел даханарш, цхьаъ вукхунна тIаьххье, йуха карладохура Тавсолтина.
Кхуззара Яьссин чу а кхиссалуш, дIо айми чохь луьйчуьра хIорш беран хенахь, шайн гIодайукъах туьтанаш а йоьхкий. Аьхка моллайарех, йа куьлланах ловзура, Iай салазаш хоьхкура дIо басех чу… Цкъацца дехьарчу берда тIерачу, хIинца а дIо гучу, можачу саз — лаьттан борзана хьежош, нийсалгIа секх-Iодмашца пхерчий, йа телат-Iода овголгаш кхуьссура. Тавсолтин куьггий, бIаьрсай тулура даима… Ма хаза хуьлура хIетахь кху хин йистехь!.. ХIетахьлера шайн бераллин гIовгIа хIинца а, дикка ладоьгIча, цу Яьссин тулгIешца йуха а схьахезаш санна хетара Тавсолтина.
ТулгIенийн кхесах хьаьрчина, ломан чIожахула йедда дIайахара жималла. ТIаккха… ТIаккха… граждански тIом хилира: Эскинойхь дIаловчкъийна болу, Гикалос кхуза хьажийна оьрсийн накъостий а, Орджоникидзес ГIалгIайчуьра кхарна орцах бахкийтина партизанаш а дIабеха баьхкира кIайнаш. ДIа-м ца белира, лур а бацара. Шериповс ваийтина векал хьалха а волуш, Яьссица лакхахь, ЧIап-ломан хьаьвхехь, боданечу варшахь тIелетира xIopш кIайчарна. Де-буьйса делира саццаза тIом беш, дуьйлучу герзаша гонаха бурко хIоттийна. ТIаьхьо дохк дукъделча, шура кхагарйоьлча санна, молханан хьожанна тIуьна къахь хIоьттира. Сатоссуш гIаьттинчу эсаран мохан а ницкъ ца кхечира дохк дIасадаржо. Бодашкахь санна, вовшашна тIеттIа Iитталора. ХIетахь, аьрру гIoгIax топ кхетта, говрара кху хи чу вуьйжира Тавсолта, амма тулгIеша, мелхо а, ницкъ белла, буха ца вохуьйтуш, дIо «Гомаш-кхера» болчухьа вадийна, бердан йисте а кхоьссина, лечуьра ваьккхира xIapa. Бакъду… Тавсолтин цхьаъ бен воцу жимаха ваша, ломахь цIейаххана вогIу илланча Iалсолта, накъостех хаьддачохь, вер хилира кхузахь. Кху хих ваьккхина, халла цIакхачийна, дIавоьллира и йуьртан кешнашка, леккха хIоллам а бугIуш…
Вехха лаьттира Тавсолта ЦIечу-бердан йистехь Яьссига ладоьгIуш, цуьнца хIетахьлерачу хих цхьа а цинц бацар шерра хуъушехь а, хIетахьлерраниг и хеташ. Даккхийчу чхернаш тIоьхула кхиссалуш, цхьанхьа-м дIакхача сихйелла, акха кой санна, хьере хахкайелла йоьлхура тулгIеш.
Тавсолта эххар, доккха са а даьккхина, кIадделлачу бIаьргашца, шарйеллачу йуьхьанца цIехьа волавелира. Пapггlaт вогlуpa иза.
Цуьнга ма-хьаьжжи, хаалур дацара и мича хенара ву. Цуьнан цIоцкъамаш, коьллаш санна, даьржина, Iаьржа а, стаммий а дара, кIелхьара схьакъеда, вуьшта а таьIна бIаьргаш гуттар Iаьржа хоьтуьйтуш, амма доцца дитина маж-мекх, йис йиллина кондарш санна, дикка сирделлера. Месашна гIина дуьллучех а xIapa вашацара: «Шена а хуург, Далла а гуш дерг, нахах лачкъийна а хIун до?» — олура цо. Цуьнан йуьхьан таьIано-кIайн цIена чкъор, нийса марий гинчо, билггал, хаза ву а эр дара цунна, и буьрсо ца хьежахьара. Аз а цуьнан стоммо декара: астагIa воллушехь тIехьаьжча заьIапа а ца хетара Тавсолта, дегI цо гуттар а айина лелорна. Данза дисина дуккха а гIуллакхаш долчух тера, даим гIайгIане хеталора цуьнан йуьхь, садоIучу хенахь а тIехь. Амма мукъачу хенахь меллаша хетало Тавсолта, болх беш, хийцалой, каде хуьлура.