— Ас сайн мехкарий школе дешар Iамо бахкийтира, амма коьрта Iуьйра божаршца ловза ца хьовсийра цига, — элира цо бехкбоккхуш.
Нурбика, ишкапа йуххехь, пхьегIаш цIанйечуха, бошхепийн тата а деш, лерана ладоьгIуш лаьттара: цунна чIогIа лаьара зудабераша доьшийла, амма майрачуьнга и хьахо-м ца йаьхьара иза.
— Кхин цхьаъ-м ду, Тавсултан Берсанович! — йухадолийра Анна Львовнас: — Коьртахь йовлакх лелорна а, йа и цалелорна а тхо дуьхьал дац: иза хIораннан а шен лаамехь гIуллакх ду. Эшча ас а туьллу иза-м. Амма и коьртахь цахиларх йоI сий доцуш ларар нийса дац: луларчу ХIирийчохь, ДегIастанахь, Азербайджанехь а массанхьа а ма мега зударий коьртахь йовлакх доцуш а, долуш а.
Лулахойн къаьмнех масалш далийра хьехархочо, Тавсолта диках кхетийтархьама.
— Ткъа хIун ду мехкарша божаберашца цхьаьна дешарх а? Вайн школернаш а, хьан Дауд санна, оьзда кегийрхой ма бу!
Тавсолта вист ца хуьлура. ТIаккха Анна Львовнас аз хийцира:
— Тавсултан Берсанович! Райкомана дIахиъча а, ма товш хир дац xlapa! Ткъа ца хууш дуьсийла-х кхуьнан йац! Iедало а могуьйтур ма дац хьуна, Тавсултан Берсанович, ахь уьш йукъахбахахь… — Анна Львовнас «Iедало» боху дош хIинца кест-кеста даладора шен къамелехь.
— Дада! Вайн мехкарий школехь оьзда а Iамабо, тIе шаьш уьш ледара а бац… Мегар дац-кх вайна, ахь и дахь, — тIетуьйхира Дауда а.
Тавсолта, хIинца Iедална гергахь оцунах йала тарлучу йуьхьIаьржонан ойла йеш, шена хьалхха охьахьаьжира. XIop ламанхочунна стеннах а кхеравалар эхь ларалойла хуучу Анна Львовнас шен гIортор эццигахь, Тавсолта Iедалх кхерарх а ца йеш, йуха а цуьнан оьздангаллех йан дагалецира:
— Суна-м моьттура… ахь… со лорур йу…
Тавсолта IадъIapa.
— Со-х шун йуьртан хьаша а, дуьххьара шуьга йоьссина, шуьгахь Iийна, шун цIийнан доттагI а йу! — аьлла, Анна Львовна хьалагIаьттира. КIант дега хьоьжура.
— Ас тIаьххьара доьху хьоьга! — элира хьехархочо вас хиллачу, дегабааме озаца.
Тавсолтас, ойла йеш а Iийна, эххар доккха садаьккхира:
— Дика ду!.. Хьо йоцчунна сайн даш тIера вухавер вацара со!.. Дика ду!.. Дешийта!.. Амма… ахь суна бехк ма биллалахь,… царех цхьаъ школехь коьрта Iуьйра, йа божаберашца ловзуш суна хаалой, и шиъ кхин школехь гур йац хьуна! — тIаккха, Даудехьа а вирзина, тIетуьйхира: — Хьо а хьожуш хила цигахь! Дола де хьайн йижарийн: царна нехан алар далахь, эхь уггар хьалха хьуна кхочу хьуна!.. Дешарх-м, дукха кIуж болу меъ хила аьлла а даций! Вайнехан ламастех вала кийча ву хьо!
— Дика ду, дада!.. — корта таIийра Дауда.
Анна Львовнассий, Даудий, шайн дагахь, цкъачунна тоам бира. Анна Львовнас, Iодика йеш, Нурбике а, тIаккха Тавсолте а, и зуьйш санна, куьг кховдийра. Тавсолтас, шеха велакъежна, корта а хьовзийна, схьаийцира куьг.
— Баркалла! — элира Анна Львовнас нохчийн маттахь.
Хьаша новкъа йаккха тIаьхьавелира Тавсолта а, Дауд а. Тохара дуьйна а дехьа чуьра схьа тидам бен Нурседа, уьш арабовллушехь, схьахьаьдира, кхин дан собар ца хилла, гIуллакх муха чекхдаьлла а, шен айкхйалар гучу ца долуш дисинийла а хьажа. Нурбика сирла йелакъажарх кхеттачу Нурседин сакъераделира:
— Нана, ас гlo де хьуна? — аьлла, хьаькназца пешара йукъ дIайаккха хIоьттира и.
Анна Львовна новкъа а йаьккхина, вухавогIу Тавсолта а, Дауд а цхьаьний даьхнийн керта воьду а гина, Селита хьехархочунна тIаьхьа йедира, маракхетта, бартбелира цунна. Иза кхин а новкъа а йаьккхина, йухайеанчу Селитас, тIехьашха тIекхетта, Нурседа маркъевлира, бесни тIе оба а олуш. «Доьшур ду!» — декара шиннийн а дагахь, тIе, Селитин ойланехь къайллах, «Увайс а хир ву денна гуш», — бохург а лекхалора. Нурседа шен дагахь йоккхайера, хIинцца баьккхинчу оцу толамца шен а дакъа хилар дагадеъна: «Къовса деза даима а!» — сацийра цо даг чохь. Цул тIаьхьа шиннийн а ойланаш Анна Львовнехьа йирзира: «Ма хьекъале йу и», — элира Селитас… «Цу тIе, ма хаза а йу!» — тIетуьйхира Нурседас. Шаьшшинне иза денна а гушшехь, хIинццалц схьа тидам ца хилла хьехархочун хазалла а хIинца ма-йарра дуьхьал тесира царна. Шинне а хIинца шайн хьехархочун амат, цуьнан хазаллин барамехь дуьхьал хIуьттура.
Анна Львовнин стигалан басахь долу хаза бIаьргаш, Iаьржачу цIоцкъамашна кIелхьара даим собаре а, сирла а хьуьйсура, цуьнан деган цIеналла а, амалан ондалла а цхьабосса схьаухьуш. Йуккъерчу дегIахь, тайначу гIодайукъца и йоьду-йогIуш гича, божарийн бIаьрг тIехь соцура цунна, амма цуьнан бегаше йоцу йуьхь йайча цхьанне а дага а ца догIура цуьнга забар йан. ТаьIна хьаьрса, стаммий чIабанаш, цкъа кур беш, хаза хьалахьарчайой, йа, тахана санна, нийса букъа тIехула йеза охьахоьций хуьлура цуьнан. КIайн хаза куьйгаш даим цIена гора. Ша а цунах тера йуй-те аьлла дагадеанчу, хьаьрсачу Нурседас эккхийтира: