Выбрать главу

Цхьа дагна там беш дара некъан йистош къарзйинчу бес-бесарчу зезагийн, муьстаргийн можачу кенийн, хьорамийн кӀайчу, стовн дитташна тӀерачу можачу зазийн хазачу хьожано дуьзна хӀаваъ. Некъан йистошкахь малхехь дийшина Iохку моьлкъарчий, хӀорш гергакхочуш, шарх-ширххехь дIауьдуш, коьллашлахь къайладуьйлура. Баьццара холхаз хилла регӀа тӀе йижинчу варшахь, вовшашца къуьйсуш, бес-бесара иллеш, шакарш йеттара олхазарша. Амма берешна ца гора бӀаьстенан Iаламан и исбаьхьалла, олхазарийн и даккхийдер. Болатна хьалхахӀуьттура мацца а цкъа Гати-Юьрта цIа боьрзу болу ХортIин Асхьаб, Товсолтин Хьуьси, Бораханан СaьIид. Дикачу дойшкахь, дезачу герзех боттабелла, белшаш тIехь хьесан погонаш, накхош тӀехь ордалш, мидалш а лепаш. Iедало буьтур ма бац уьш, цара диначу гӀуллакхна, церан муьтIахьаллина цхьа йал йоцуш. TӀаккха кхитIе а халкъана бале бевр бу…

– Iелин а, Маккхалан а хабар дуй? – тийналла йохийра Iаьлбага.

– Кехаташ даьхкина цаьргара. Могаш-дийна ву ший а. Сибрех дIакхаьчна шаьш, боху.

– Цхьаьна буй хӀорш?

– XIан-хӀа. Къастийна.

– Мича хьолехь бу?

– Хетарехь, гӀуллакхаш дика дац. Iелас, шаьш лаьттах эчиг доккхуш ду, ткъа МаккхалгIар хьун хьокхуш бу, боху. Шийла, цхьа пана мохк бу, боху.

Iаьлбаг, кхин хеттарш ца деш, ойланашка вахана, сецира. ДӀадахана шийтта шо машаре хиллехь а, синтеме дацара Нохчийчохь. Халкъо собаре садеттара шена тIетеIочу харцонна. Мохк-м тоххарехь дIабаьккхинера цаьргара. ДӀабаьккхина бохург дицделлера цуьнан керлачу долахошна. Моьттур дара, иза, церан ворхIе дайх бисина, царна кхаьчна. XӀор а шарахь дебара нохчийн къомах дуьйлу цIубдарш. Эпсарш, совдегарш, молланаш. Уьш массо а хьаькам вара къечу нохчочунна. Ницкъ цаьргахьа бара. Уьш шен тIома кӀел лаьцнера Iедало. Царна тӀe a тевжина, халкъ таладора цо. Нохчочунна дихкинера БIаьн-Некъал лаха вала. ГӀалахь гучуваьлча, йаппарш йеш, сийсазвора. Шен кха тӀе йаьлла вир санна, лоллура.

Халкъо садеттара, амма, кхидIа сацо ницкъ боцуш, цуьнан дог дуьзнера дералло, цхьа суй оьшура кхузахь цӀе лато, оцу харцонашна дуьхьал халкъ гӀатто.

ДIадаханчу шарахь дагахь доцург хилира гIаттаман кечамна. Цхьаннан маттаца куьйгалхойх масех стаг лецира. Бакъдерг аьлча, коьртачех кхоъ бен ца нисвелла царна йукъа: Муслон ШoIип, Iабдурахьмин Маккхал, Абубакаран Iела а. XIетахь Iаьлбаг цIахь вацара, деций, вежаршций Макка вахана.

Дарц дала герга ду хIинца. Цуьнан куьйгалхойх ву Iаьлбаг а.

«XIун хир-те сох? – хоьтту цо шега. – Йа, шайх Мансур санна, махкахваьккхина, доь доцуш войъур-те, йа, Бийболат санна, тешнабехкаца тIаьхьашха тоьхна, вуьйр-те, йа имам ГӀеза-Махьма санна, турпала вужур-те, йа, БойсaгIар санна, тангIалкха тӀе хьалаозор-те?»

Кхо бере йуьрта йисте кхочуш, дехьа басахула охьа шовданна тӀебогӀучу гIашлойн новкъахь, пхьаьрсах тесна гӀели диллина цIестан кӀайн кӀудал а йолуш, кегийра гӀулчаш йохуш йогIу йоI гучуйелира. БIаьстенан мелачу махо хьоьстура, цуьнан коьртарчу гуьлмаьнди кӀелхьара ара а гӀоьртина, шерачу хьаьжа тӀехь чIaгаршца охкайелла Iаьржа месаш. ДIа мел боккхучу когаца, нийсачу букъа тӀехь ха хоьрцуш, цкъа цхьана, тӀаккха вукху агIор керчара настарш тӀе охьайеана йеха, стомма кӀажар. Оцу боцачу новкъахь маситтазза а хийцабелира цуьнан йуьхьа тӀера бос. Севсина, ховха балдаш цкъацкъа делалой, шагатIулгах йича санна йолу кIайн, нийса цергаш гучуйовлура. Ло санна, кӀайчу, дехочу логаний, горгачу беснешний тӀехула, цIен бос баржош, йовха тулгӀе хьодура, гӀодайукъ къовлуш тIейуьйхинчу готтачу гIабали кӀел, хьерадаьлча санна, тохалора дог. Хеталора, некха тIера дато чарпазаш эххар а ткъаршшехь лоьлхуьйтур йу.

TIаккха, жимма Iай, йоьIан хазачу йуьхьа тӀехула сингаттаман мархаш йаьржара. TIепаза бовра ал бос, хиллачу баьллех тера балдаш а кӀайлора, ца тохалуш совцура бIаьрнегIарш а.

ЙоьIан кийрахь къуьйсуш шиъ мостагI вара: безам, цабезам. Амма цуьнан карахь бацара шен кхоллам. Цо иза Делан кара беллера, дог ца дуьллура ирсах…

Боьрахула хьалавогIучу кхаа беречух цIеххьана бIaьрг кхетча, кхерайелла, дегI дeгийра цуьнан. Амма, Къайсар а, Болат а вевзина, дегIан массо пхенашка йовхо хьаьдира. Хьалха вoгIу Къайсар, шена тIаьхьарчу беречуьнга масех дош аьлла, шовданeхьа охьавирзича, шен болар сихдира йоIа. Чу хи а кхерзина, шен кIудал xe Iapждинчу дечиган апари кIел хIоттийна, кIудалан гай декош зурманца чуIеначу шийлачу шовдане ла а доьгIуш, шен везаран доттaгI тIекхачаре хьоьжуш, сeцира иза.

«Болат хIунда ца веа-те? – даг чу кхерам тесира цунна. – Наха дуьйцучух тийши-те иза?..»

– Хьан де дика хуьлда, Деши! – чу а воьссина, багара гаьллаш дIа а йаьхна, говр ной тIe хийцира Къайсара.

– Диканца дукха вехийла хьо а, Къайсар!