Дуткъачу гуьлмаьндин тIам, логах хьарчош, тIехьа а тесна, хьаьжа тIера месаш къайла а йаьхна, Къайсарна тIе хаттаре хьажар дуьйгIира йоIа.
– Хьо тахана ма хьалхе йеана хи тIе?
ЙоIа доккха сaдaьккхира.
– Сагатделла сан. Аш толамаш баьхна бохуш, хезира суна. Тахана санна, аш дуьнен чохь йоккхучу йерриг ханна Дала йуьхькIам болда шуна!
– Дела реза хуьлда хьуна, Деши. Хьуна хаза мукъане а хийтин-те?
– Хетта а хоьттий ахь, Къайсар! – хаза балдаш дегабааме саттийра йоIа.
Къайсар велавелира.
– Наха дийцapexь-м, хьан ойла кхечу агIор йирзинчух тера ма ду?
– Ахь бехк ма биллалаxь, Къайсар, зударийн эладитанех тешар къонахашкахь товш ца хета суна-м.
– Ишта-м дара иза, Деши, делахь а «безам» бохург дукха экаме хIума йу-кх. Цхьажимма хIума а тоьу-кх иза лазо а, хьаста а. Вай хьелашца дуста доьлча, тхо – лахахь, ХортIин Овхьад – лакхахь ма нисло. Овхьадан ден хьал ду, ткъа Овхьад ша, вайна ма-хаъара, Буру-гIaлaхь оьрсийн дешар дешна а ваьлла, хьаькам хир волуш стаг ву.
Хих йуьзна, бeртeхула тIехтуьйсу кIудал апари кIелхьара схьа а эцна, охьахIоттийра йоIа. Оцу минoтeхь йайра къоначу йоьIан йуьхьа тIера эсалалла, Олхазар санна, тIамарш йаржийна, охьалахделла Iаьржа ши цІоцкъам айъаделира, йуккъехь жима марха а гулйеш.
– Соьга и ала векал вина ваийтина хьо Болата? Ша хIунда ца веана изa? Йа кхин соьга вист ца хила чагIо йина цо?
– ХIан-хIа. Болата дийца гIиллакхехь доцург ду ас деанарг.
– Охашимма вовшашка дийца йиш йоцуш, галдаьлларг хIун ду?
– Цуьнан тайпа-тукхам, схьаваьлла меттиг бац бохуш, дийцина хьоьга.
– ТІаккха?
– Иза Шелахь уггар доккхачу тайпанах, оьздачу цIийнах схьаваьлла а, Гати-Юьртахь уггар тоьллачу наха тIелаьцна а ву. ГІуллакх галдаьлла веана-кх иза вайн йуьрта. Шен гергара нах берриг Хонкарахь хIаллак а хилла.
– Уьш дерриг суна хаьа, Къайсар.
– Цундела керчина хир йу хьан ойла Овхьадехьа. Уьш хьал долуш ма бу. ХIара къонахийн зама йац, Деши, молланийн, совдегарийн зама йу.
Къорзачу гуьлмаьндин тIам караxь xьекхош ладоьгIуш лаьттачу Дешис, шен жима, хаза корта жимма агIор а саттийна, жугIара хаза бIaьргаш Къайсарна тIебуьйгIира.
– Хаац, Къайсар, хьой, хьан доттагIий соьга хIун алийта гIерта. Нагахь, ХортIагIар нах бац, ткъа Овхьад къонах вац ас эр ду моттахь, цуьнга ла а ма дегIа. ХортIин хьал ду, иза Нохчмахкахь лоруш стаг а ву, Овхьадна ала а дац сан хIумма a. Кyьце, гIиллакхе жима стаг ву иза а. Со цунна хьехош йу, сан нах оцу захалонна дуьхьал а бац. XIинца хIун де вай ткъа?
Къайсар, цецваьлла, Дешега хьаьжира. Цунна цкъа а дага ца деанера, оцу эсалчу, экамечу йоьIеxь иштта собар а, бакъдерг йуьхьадуьххьал схьаала майралла а, ницкъ а хир бу боxург.
– Хьо бакъ лоь-кх, Деши. Овхьадна ала хIума дац тхан-м. Амма ахь, йогIур йу аьлла, Болате делла дош ду. Шина шарахь тIe а хьийзийна. ХIинца хьо йухайаьлча, тхоьга лалур дац. Ахь Iехо бераш мa дaц тхо.
– XIун дийр ду аш? – йоIа шен хаза корта йуха а курра Къайcape хьажийра. – Тахана санна, со шовдане йеача, нуьцкъах, текхош, йадийна йуьгур йу?
Къайсаран садеIар сихделира:
– ХIан-xIa, Деши, и ца леладалла къонахалла йу тхоьгахь, – кIоршаме жоп делира цо эххар а. – Цхьа, тxaьш санна, миска-пекъар карор хир тхуна а.
ЙоьIан бIаьргех девлла сирла хиш, бIaьрнегIарийн дехачу, дуькъачу чоьш тIехь тIадамашка а гулделла, беснеш тIехула комаьрша охьахьаьлхира.
Къайсар вуьйхира.
– Суна моьтту къонахий ца хилла шу, – элира йоIа дегочу озaца. – Ас шаьш Iexош ду аьлла, дага-х деанерий шуна…
– Наха дуьйцу-кх…
– Со хIунда цa Iеxало наха дуьйцучух?
– Хьанна хаьа хьан дагара…
Гуьлмаьндин тIомaца бIaьрхиш дIа а хьаькхна, йуха а кIоршаме Къайсаре хьаьжира йоI.
– Ахь ца вешаш цIе йоху ХортIин Овхьад хьол, Болатал догцIена, оьзда карий суна-м, Къайсар. БуритIара цIа веача, шена со хьехор хиъча, меллаша кху хин коьрте а веана, суна хIун хета хьаьжира иза. Делхьа, Овхьад, сан-м хьуна ала хIумма а дац, хьан хIусамнана хуьлийла суна-м йоккха сийлалла а ма йара, амма суна везаш кхин ву, ас цунна делла дош ду, бертаза ахь йигча а, суна иза цкъа а дагара вер вац-кх аьлла, ас шена жоп делча, цо соьга хIун элира, хаьий хьуна? Бертаза со шена ца йигийта ша йукъара ву, цунах ма кхералаxь, ткъа ваша воцчу Болатна ша ваша хир ву, хьуна баркалла хуьлда, элира-кх.
Къайсар, ша хIун аьлла жоп лур ца хууш, нуьйран бухкарш къyьйлуш, говрана гуонах хьаьвзира.
– Тхойшиннах нийса ца кхетта хьо, Деши, – элира цо, гаьллаш говрана бага а йоьхкина. – ХортIагIаьргахь безам бац тхан, хьерадаьллачу жIаьлешкахьчул башха. Амма Овхьадна ала хIума а дац. Цхьана а агIор. Куьце, майра, оьзда кIант ву. XIумма а шайн доьзале хьаьжна а воцуш. Овхьад дика кIант а, цуьнан да хьолахо а хилар ма ду тхо кхерийнарг.