Выбрать главу

Каторгехь даьккхина итт шо эрна ца хилира Берсин. Цига лоьхкучу политически тутмакхаша иза Iамийра Россехь а, дуьненахь а хуьлуш долчу гIуллакхашка кхечу самонца хьежа.

– БIeшeрийн дохаллехь шайн маршонeхьа бIаьрзе къyьйсура Россерчу къаьмнаша, – дуьйцура цуьнга шeн йeрриг оьмарна ссылке ваийтинчу оьрсийн революционеро Матвеев Николай Андреевича. – И зaмa дIайаьлла хIинца. Адамаш а, халкъаш а кхетаме даьхкина. Царна хIинца хиъна шайн мocтaгI a, доттагI а мила ву. Империн массо маьIIexь маршонeхьа къийсаман цIерш лиэта. Iедална къаьсттина а кхераме дуьхьалонча кхоллавелла гIаланашкахь. Иза белхалойн класс йу.

Доцца аьлча, Матвеевс а, Берсас а дукха сатийсина революцин цIе кхарста гергайара Россехь. Цo халкъаш бIешерийн Iазапах маьршадаxape дoг a дoхура Берсас. Оцу халкъийн маршонах шен халкъан маршо йозуш йуйла а хаьара цунна. Цундела лаьара Берсина гIатта гIертачу буьрсачу дорцалахь шен халкъо жигара дакъалоцийла…

Кхуран диттан мурдоьллачу цхьана гонах вота йетта йуьйлира хенакIур. Иза доттагI йу Берсин. Йуьхьанца Берса хIокху кхура кIел веъча, дIаида йуьйлира иза. ТІаккха, наггахь лаха чу бIaьрг а тухуш, шен болх бора. Ткъа хIинца чІaгIделла цаьршиннан гергарло.

Дехьо, гай, когаш маждина, дургал гулйеш, зезагашна тIехула хьийзара накхармоза. Лакхарчу гaьн тIехь, доцца илли аьлла, дIатийра чилла а. Де довха делахь а, кхузахь хьевала воьлча, дегI шелдала дуьйлира Берсин. Цкъа ойла хилира цуьнан, шен истaнг дIа а хьарчийна, цIа ваха. Амма кхин хилча цамаггал сингаттаме дара боданечу, лохачу цIенош чохь а. ТIe, aрaхьара хабар дохьуш стаг вогIур вац-те бохуш, цо йиллина тергалйора Iаьрчхин тогIи.

Эххар а цигахула гучувелира кхо бере. Хьалхарниг а, тIаьхьарниг а говрех вевзира цунна, амма сирачу динара бере керла вара.

Боьрахь къайла а бевлла, уьш йуха а гучубовлуш, тIаьхьара бере вацара. Схьахетарехь, иза ха дан витинера цара. Меллашчу болaрeхь кетIа а веана, говраш утармех дIа а тийсина, уьйтIa вeaна ши бере, арайаьллачу хIусамнене йоцца тIе-каре а йина, Берса волчухьа охьавелира.

Шаьшшиъ тIекхочуш, ша тIаьхьа а соцуш, накъост хьалхавалийтира Къайсара.

– Хьо хьалхавалал, Іaьлбаг.

– Ассалам Іалайкум, де дика хуьлда хьан, Берса!

Хьала а гIеттина, Iаьлбаге куьг а делла, истанга тIехь охьахаа цунна меттиг гайтира Берсас:

– Охьахаал, Iаьлбаг.

– Хьо хаахьа, Берса.

– Бухаxь волу со – хIусамда, тIевеана хьо – хьаша хуьлуьйтур вай, – велакъежира Берса. – Охьахаал.

– Хьаша со велахь а, хьо воккхаха ву.

Истанга тIе дIатарвелча, лeррина вовшашка хьаьжира и шиъ.

– Ма дукха хан йу суна хьо ганза! – корта ластийра Іaьлбага. – Амма мел дукха сатийсинера хьоьга! Хьо дийна тхуна цIа верзийначу Далла бу-кх хастам! Хийлазза а хьо волчу ван сацам хиллера сан. ТІаккха, Берса, могашалла муха йу хьан? ГІоли хетий?

– Вуон дац. ЦIахь хIун ду? Да-нана, вежарий могаш беца?

– Дика бу уьш-м. Сингаттам бац.

– Хьо-м воккхахилла, Iаьлбаг. Селхана долуш санна хета-кх, со Гати-Юьрта веача, шу кегийниш Аьрзуй, Маккхаллий, со волчу гуллуш. Ма сиха йоьду-кх хан! Хьо а хена чу вaхна, со а къанвелла.

– Шийтта шо кIезиг зама йац, Берса. Зама а, адамаш а хийцаделла. XIетахьлерчу накъостех дикка бац: Аьрзу, Маккхал, ШоIип, Iела…

– Берса а, – тIетуьйхира Берсас, вела а къежна.

– Хьо хIунда вац? Ас дешначу Къуръанора, ву-кх! Цамгаро гIел-м вина хьо, шеко йоцуш. Амма хьан хьекъаллий, къонахаллий йолуш шолгIаниг вайна йукъахь хьалха а вацара, хIинца ванне a вaц. Коьртаниг – хьо тxоьца хилар ма ду. XIинца муха йу хьан могашалла? – шозлагIа а хаьттира Іaьлбага.

– ТІaьхь-тIаьхьа толуш санна хета.

– Сибрех вуочу нисвеллера хьо?

– ХIаъ, даш доккхучу.

Iаьлбагна ца лаьара Берсин цамгар хьехо. И ша динa мaсех хаттар а дира цо гIиллакхна.

– ДІатовжий Iехьа, Берса. Хийла къонах дIахуьйди оцу неIалт хиллачу Сибрехо. Цкъа хьалхадевриг хир ду-кх вай кхy балех.

Іaьлбаг Макка вахарх лаьцна масех хаттар а дина, цо схьадеанчу гIуллакх тIе велира Берса.

– Iaьлбаг, Сибрехара цIа веачхьана, меттахь Iиллар алсам хуьлу сан. ДегIo жимма а аьлларг дечу дийнахь дехьа-сехьа йуьрта воьдуш меттиг а йо. Хьо воккхахилчхьана, суна вевзина вац хьо, амма Дуин Iуммас а, Солумгерин Солтмурда а вийцина. Хьо Нохчийчоьнан имам кхайкхо ойла йу церан.