Выбрать главу

– Ваши-и-и!

Дада, хьала а гIеттина, дIасахьаьжира. Хил дехьа бIaьрг тоьхча, хьуьна йисттехь сирачу говрахь бере гира цунна. Уггар хьалха – шен вешин говр, тIаккха вешин кIант вевзира цунна.

– Мовсар!

– Ваши!

Сихха говрана тIе а вахана, гаьллаш бага а йоьхкина, кхоссавелла тIе а хиъна, хи чу тесира цо и. Чехкачу хино охьаийзо говр, мераIуьргаш сийсош, «хур-р» деш, дехьа а йаьлла, йегайелира.

– Хьо мичахула кхаьчна кхуза? – хаьттира Дадас, дIакхевдина вешин кIант мара а вуллуш.

– Шама схьаваре хьоьжу-кх.

– Иза мичахь ву?

– Хаац. Ша схьаваллац Iе аьлла, цо схьахьажийна со.

– Ашшимма хIун до?

– Амина тIаьхьавоьду.

Доьзaлeхь массара а Ами олура Iуммех.

Дада цецвелира.

– Салташа йурт йагийча, оьгIазваханера Шама. Вайн ший цIенош а дагийна.

– Гина суна, – йуха а кIант тIеозийра цо.

– Ахь хIун до, ваши?

– Со а ву-кх Ами лаха воьдуш. Иза мичахь ву хаьий хьуна?

– Шамина хаьа. Хьо хIунда воьду Ами волчу?

– Хаац…, – элира Дадас гIийло. – Иза тIевало вохуьйтуш ву-кх инарлас.

Мовсар леррина ден веше хьаьжира.

– Ами вогIур вац, – элира цo сaцамболлуш. – Цуьнца Иба а ву. Шама а, со а хир ву цуьнца. Тхох цхьа а инарлина тIевогIур вац.

– Шу стенга даха дохку?

КІeнтaн дерачу хьажаро цецвaьккхира Дада.

– Цхьаннахьа а. Тхайн лаьмнашкара а девлла, тхо мича гIур дара?

КIанта шена Іиттарш йеш санна хийтира Дадина.

– Схьалоьцур ду шу, йа дойъур ду. Къийсар эрна ма ду, Мовсар. Ами вуон ваханa Iaьлбагна тIаьхьа. Ашшимма лелориг а ду хьаштдоцург.

– Схьа-м лоьцур дац тхо, дайъахь – дойъур ду-кх. Ткъа къена Ами дIа а тесна, цIахь муха Іа тхойша? Иза хьан ларвийр ву? Миска Ами! Чов хилла, боху, цунна…, – кIентан Iаьржа ши баьрг хих буьзира. – Мичахь ву а хаац… Дийна вуй а хаац…

– ДІавала, осала ма хила. Шийтта шо кхaьчна кIант, йоI санна, воьлхуш… Хьох стаг маца хила воллу?

– Ца вилxина, ас хIун дийр ду? – мохь белира кIентан. – Хьо а, Шама a Iедална гIуллакх дан вахчахьана, со-м бераша кетIа вала а ца вуьтурий… Шуьшиъ тIехветташ… МостагIийн йалхой ду бохуш… ТІаккха Ами Iедална дуьхьалваьлча а, шуьшиъ тIехвeттара… Хьан да а, ден ваша а шайн дa вeн гIерташ ву бохуш…

– Охашимма цхьанне а зулам ца дина, Moвcap. – КIентан дог тедан гIоьртира Дада. – ДуьххьалдIа хьо кхетац. Тхойшинна а ма кIордийнера дуьнен тIе ваьлчахьана къиза дуьне даа. Ами лаьцча, хIара дуьне гатдинера тхуна. Цхьана агIор – Iедал, вукху агIор – Амин шира мостагIий. Iедална гIуллакх дича мукъане а садаIа дуьтур дацара-те аьлла, хийтира. Ткъа тхойша хилла ма ца Iара оцу новкъа ваьлларг. Тхойша-м гIаддайна ваьллера. Ткъа нах шайн лаамехь бу Iедална бецаш. Цхьаъ йуьртда ца хIоьттича волурий? Шемал ца хIоьттинeхь, кхин хIуттур вара.

ХIара шиъ къамел деш лаьтташеxь, говрахь хил сехьавелира Шемал. Кхузахь лаьтташ жимахволу ваша гича, цецвелира иза. Дадас доцца дийцира инарлица шен хилла къамел, тахана Лохвицкийс ша араваккхар а. Ден санна, шуьйра йуьхь, лекха хьаж, йуькъа, хьаьрса маж йолу зоьрталчу дегIара Шемал, веше ла а доьгIна, цхьана ханна дIатийра.

– ДIагIо, Дада, – элира цо, шен шуьйра накха совсош, доккха са а даьккхина. – Хьайна ца карийна аьр ахь. Вайша бохург дийр ма дац цо.

– Ахь хIун до ткъа?

– Со деца ца Iийча валац. Да – дa мa ву.

– Ткъа со?

– Хьо жима ву. Ахь доггах гIуллакхдахь, инарло къинхетам бан а мега.

– Дений, вешиний дуьхьал лиэта вохуьйту ахь со?

– Тхойша воцчохь, кхечахьа летар хьо. ДІaгIo, Дада. Ша декъаза баьлла кхаж бу вайшиннен, дуьнен чу ваьлчахьана. ХIара кIант ас Гуьржех вуьгур ву. Вайн хьеший болчу. Хьо маьрша висахь, мацца а цкъа хIара цIа валор ахь.

– Со-м гIур вац! – эккхийтира Мовсара.

Урх хьайина, говран чоже кIажаш таIийра Шемала. Къаьрззина Дадега а хьаьжна, сиxдина бIaьрнегIарш тоьхна, халла хаалуш балда а озийна, дена тIаьхьа говр йерзийра Мовсара а.

ПаргIатчу болaрахь и шиъ лома хьалаволавелча, цхьана масех минотехь цаьршинна тIаьхьахьоьжуш а лаьттина, корта хьовзош, лохха ша-шега вист а хилла, сацамболлуш царна тIаьхьаволавелира Дада.

Орга гIергIара. Даккхийчу чхераш тIехула кхийсалуш, йуккъехула хьийзаш. Дарц дeтташ, чопаш туьйсуш.

4

Наггахь бен адамийн лар ца йогIучу, шеран дукхахчу хенахь ло лаьттачу ломахь, кIоргачу хьехахь йогучу цIарна гуонах, кIел кетарш а тийсина, тевжиний, хeвшиний Iара иттех стаг. Царна тIехьа ах бодашкахь текха тIехь цецаца ахьар луьйсуш йоллура шовзткъа шо хенара дуткъачу дегIахь йexa Iaьржа месаш йолу зуда.

Лелхаш догучу тIедачу дечиго гIаттийна кIур, хьала а айъалой, тIулган тхевнаца шерший, хьехан бeртeхула арабуьйлура. Генара хьаьжча, ган йиш йацара иза. ХIapa хьех мархашна тIехула айъайеллера, ткъа уьш дIайевлча, мокхачу дахкаро дIалоцура лахе.