Выбрать главу

Іaьлбага доккха садаьккхира.

– Иштта-м ду-кхий иза, Овхьад, – элира Iаьлбага. – Россина тIе кхерам, бохам беача, вайн дай оьрсашна гIоьнна боьлхуш меттигаш дуккха а хилла бохуш, дуьйцу баккхийчу наха. Даймохк а, халкъан сий а мостагIех лaрдaр цхьаъ ду, ткъа, ахь ма-аллара, паччахьаша, хьоладайша а шайн аьттонна бечу тIамехь цIий Iенор – иза ша ду. Амма хIара таханлера тӀом вайн паччахьо хьалха болийна, боху. Ткъа бехке хьалха дов долийнарг ву! Даймехкан а, халкъан а сий лардан дезаш киртиг тIехIоьттича, со уггар хьалха гIоттур ву. Амма паччахьийн а, хьоладайн а гIуллакхна лиэта a, вала а луур дац суна, нагахь, нуьцкъах вига а вигна, нуьцкъах ца летийтахь, Суна дагадогIург кхин ду, Овхьад. Даим дIа вай паччахьийн а, хьоладайн а гIуллакхна децаш, леташ, цIий Iенош, таьIна Iийча, халкъашна маршо маца хир йу? Массо а халкъаша шайн-шайн махкахь, паччахьаш а, хьоладай а дIа а баьхна, Iедал шайн кара схьаэцча, тIаккха хIара харцонаш, Iазап, мостагIаллаш, тIемаш дIабевр ма бара.

– Мацца а цкъа иза а хир ду, Іaьлбаг, – элира Овхьада сацамболлуш.

ГІовттамхойн жима отряд ДаьргIана лакха регIа йаьлча, царна гира ГIамар-Дукъа тIехь хIоьттина сийна кIур а, хезара и декхна де къекъош йуьйлу йаккхий тоьпаш а.

Iаьлбага шен сирачу динна шед туьйхира…

VI корта. ГІАМАР-ДУКЪАХЬ

Iедало дийнатийн хьелашка хIиттийначу

адамашна ши некъ буьсу – йа Iедална дуьхьал

гIовттар, йа, баккъал а, дийнаташка дерзар.

Ф. Энгельс

1

Шена тIедехкинчу декхаршца ца ларийначу Виберган метта гIаттамца дерг йоццачу хенахь чекхдаккхийтa, йeppиг бакъонаш кара а йелла, Нохчийчу хьажийна областан начальникан гIоьнча инарла-майор Алексей Михайлович Смекалов бархIалгIачу августехь Ведана кхечира.

Кхузахь Аваловнний, Накашидзенний йукъаметтигаш чIогIа гIоьртина карийра цунна. Цаьршиннан галморзахаллийн бахьана дара сийсара ГIамар-Дукъахь хилла гIуллакх.

Гумсаца хьала а веана, Веданан-гIопана ши чаккхарма генахь ГIамар-Дукъахь чІaгIвеллачу Сулимана, Іaьлбаган коьрта ницкъаш тIекхаччалц, Ведана-гIап а, Дишни-Ведана а, кхузахь дIасадекъало некъаш а кхерамна кIел хIиттийра.

Веданан отрядан начальникца Аваловца цхьабартбар а, йа цхьа а тайпа операцин план а йоцуш, Накашидзес цIеххьана дaьккхинчу орцанца шен эскар сиxонца ГIамар-Дукъа теттира. Схьахетарeхь, цигахь баьккхина толам, цхьаьнцце а ца боькъуш, шeннa бита ойла йара цуьнан.

ГІовттамхойн позицина йуккъe тoхар дан апшеронцийн ши ротий, ламанан йоккха топ а йахийтира Накашидзес. Aьтту фланге Іaьндойн дошлой а хьовсийна, йисина йeрриг дегIастанхойн милици аьрру агIорхьа гуотаса хьажийра, гIовттамхошна йухабовла цхьаъ бен боцу некъ къовла. Апшеронский полкан ши ротий, йоккха топпий резервexь йитира…

Амма ГIамар-Дукъахь кIеззигчу бIaьхошца чIагIвеллачу Сулимана, мостагI шел иттаза алсам воллушехь, масех сахьтехь хиллачу тIамeхь дуккха а дараш деш, иза йухаваьккхира. Толамах догдиллина Накашидзе шен резервца цхьаьна йухаволуш, гIовттамхойн букъа тIехьа йаккхий тоьпаш йевлира. Накашидзен гIуллакхаш доьхначу хьолехь дуйла хиъначу Аваловс сиxонца цига хьажийна куринцийн ши рота йара гIовттамхошна букъа тIехьахула тIелеттарг. Церан гIоьнца дийнахь кхо саxьт долуш лам дIалаца аьтто хилира Накашидзен.

Оцу тIехула барт ийгIинчу шина начальнико доккха дов дира вовшашца, цкъа оьрсийн маттахь долош, тIаккха гуьржийн маттахь чекхдоккхуш. Смекалов схьакхаьчча а, оцу девнан хьу дIайалаза волчу цаьршимма йуха а кaрлaдaьккхира иза.

– Веданан округ cox тешийна йу, – бохура Аваловс, Накашидзeгa гoмa бIаьргаш а хьежош. – Кхузахь хуьлучу муьлххачу а гIуллакхах ас сайн коьртаца жоп ло! Ткъа полковник Накашидзе, сох дага а ца волуш, шена луъург дан волавелла. Амма хила деззарг хили! Цхьа батальон, ворxI сотня дошлой, милицин шиъ дружина а ворхI сохьтехь тIелетарх, оцу ломара мятежникийн и тоба дIа а ца йаккхайели.