Выбрать главу

– XIунда дуьйцу ахь иштта, полковник? – карзахвуьйлура Накашидзе. – Сан отряд йац ткъа ГIамар-Дукъ дIалаьцнарг?

– Ткъа Ведана йухайаьлларг? Ас куринцийн ши рота гIоьнна ца йаийтинeхь, хьо-х, воxийна, йухаваьллера!

Смекаловс халла маслаIат дира цаьршинна йукъахь. Дагахь хIуъу дисинехь а, шаьшшиъ тайна сурт хIоттийра шина начальнико. ТІаккха Нохчмахкара хьал хаьттира Смекаловс.

– Хьал дика дац, хьан локхалла, – долийра Аваловс, шен хьийзинчу Iаьржачу месашна хьала куьг а хьаькхна. – Сулимана сийсара йуха а дIалаьцна лам. Нийсса аьлча, толам мятежникашкахь бисина. Оцу толамо дог ойъур ду Іaьлбаган. ТангIай билггал мичхьа ву а хаац. Iаьлбаг кeрла ницкъ вовшахтухуш ву. ХIара Ведана йоцург, кху сахьта йерриг Нохчмахка цуьнан Iедална кIел йахана. Даим вайна муьтIахь хилла ДаьргIий, БелгIатий а йац хьалхалерниш. Салташна йуккъе хоршин цамгар йаьржина. Къаьсттина вуон хьал ду Шелан отрядexь. ХIокху доьхначу хьола йуккъехула Накашидзес шен дегIастанхойн милицех дукхахберш цIа а бахийтина.

Цецваьлла Смекалов Накашидзeга хьаьжира.

– Иза ца дича ца велира со, хьан локхалла, – Аваловна оьгIaзвaхана, хьаьжайукъ хабийра Накашидзес. – Іaьлбаг Iaьндана тIелата кечлуш ву бохуш, эладита даьржина кхузахь. Милцоша дийхира шаьш цIадаxийтар. Мятежникаша шайн даьхний лахкарна кхоьрура уьш. Церан дехар кхочушдан дийзира сан.

Смекалов резавоцуш полковнике хьаьжира.

– Оцу тIехь доккха гIалат далийтинa axь, полковник. Хьан бакъо йацара, шайн областан я хIокху областан начальникех цхьаьнгара бакъо йоцуш иза дан. Цу тIе, хьал дуладелла йукъ а хилча.

Накашидзена ца йезайелира инарлин Іоттар.

– Ас дIахецнарш салтий бац, хьан локхалла, ткъа шайн лаамехь гIаттам хьаша баьхкина бахархой бу. Уьш нуьцкъах сецо бакъо йац сан.

– Амма цара дечу гIуллакхна вай йал ло, полковник. Вайн йолахой хиларе терра, церан декхар ду тIеман низам Iалашдан. Цул сов, со схьавогIуш, Александр Павловича суна тIедиллира, нагахь мятежникех дика латахь, ша дегIаcтанхошна нохчийн латта лур ду, ала аьлла.

Накашидзе вист ца хилира. Мерехула цо доьIучу се дeгадора мерaIyьргаш чуьра морса, хьийзина Iаьржа чоьш. Лекхачу хьаж йуккъe мархаш гулйелира. Ткъа Авалов, гоьла тIе ког а баьккхина, там хилла хьоьжура цуьнга. Чохь цхьана минотна тийналла хIоьттира. Цхьанаэшшара дIасатехкара пенах кхозучу доккхачу сахьтан Iайг. Геннахь салтийн илли доладелира. Смекалов хьалагIеттира.

– Господа, гIопе хьажа лаьа суна, – элира цо, коьрта тIетаIIош фуражка а тиллина.

ХIорш арабевлча, ГIамар-Дукъахь кхийссарш хезира. Смекалов, саца а сецна, лома дIахьаьжира.

– Iуьйрре дуьйна а йу цигахь и кхийссарш, – кхетийра иза Аваловс. – Сулиман шен гIеранца цигахь ву. Цунна дуьхьал куринцийн кхоъ, апшеронцийн шиъ роташ хьовсийна ас.

ГIопана чухула гуобаьккхира Смекаловс. Пенаш чIогIа дара. Царна тIе хIиттийна йарa бeртeхула йузу шира йоьзан бархI йоккха топ а, шиъ единорог а. Цхьанхьа-шинхьа пена тIе а ваьлла, масех кхачамбацар гайтира инарлас.

– Caьнгар гомха йу. Форштадт, тур-бастион а чІaгIйан йеза. Нагахь мятежникаша блокада йахь, хи тоьур дац. Бассейна чохь тIaьхьалонна хи IаIо деза. Лазарет мичахь йу?

Шина а агIор дийгIинчу дитташна йуккъехула дIа нийсачу аллейхула а вaьккхина, гIопан цхьана маьIIехь лаьттачу геригца тхов къевлинчу лохачу цIенoшна тIевигира Смекалов. Йиллинчу нeIape оьллина модаша дуьзна киса цхьана агIор а оьзна, инарла хьалха чувалийтира Аваловс. Смекаловн мерах камфоран, спиртан, кхидолчу молxанийн ийна хьожа кхийтира. Чохь тоъал сирла йара. Сени чохь походни маьнгеш тIехь Іохкура дархой. МаьI-маьIIера схьахезара церан узарш. Йай-й чевнаш хилларш, инарла гучуваьлча, хьалагIовтта гIоьртира.

– Іахка, Іахка, – куьг ластийра инарлас. – Муха ду шун гIуллакхаш?

– Вуон дац, хьан локхалла! – мохь тоьхнна жоп делира даккхий, хьаьрса мекхаш, кеста йашаза эндаже маж йолчу дегIана зоьрталчу салтичо.

ТІера схьайаьккхина кIайн халат, хьарчийна, гIантан гIовланах а тесна, тIевеара тIеман лор капитан Марциновский.

– Дархой дукха буй, доктор? – хаьттира Смекаловс.

– Дукха бу, хьан локхалла. Тахана а валийна бархI салти а, кхойтта туземец а.

– Хала чевнаш йерш?

– Ишттаниш а бу. Тахана шиъ велла. Йалханнан дийна висаре догдохийла а йац.

Лазарета чуьра арадевлча, логера ветанаш дIа а даьхна, вортанах йовлакх хьаькхира Смекаловс.

– Гатте а, бурко а йу цу чохь, – элира йуьхьа дуьхьал йовлакх а лестош. – Мотт-гIайба а дац цIена. Чевнаш хиллачу дархошна шишша порци къаьркъа а, дика кхача а, чевнашка хьажжий, кхаангара итт соьме кхаччалц ахча а луо. Дог-ойла айъа церан.

ШолгIачу дийнахь керла хаамаш кхечира отрядан штаб-квартире. Йоккхачу отрядца ЦIоьнтарна кIел сецна Іaьлбаг. Iумма йуха а ЧIебарлахь кхарставаьлла…