Выбрать главу

Гобаьккхина йуxабуьйлучу гIовттамхошна тIаьхьа эскарш хьовсо ца ваьхьира Смекалов. Царна тIаьхьа таллар-м хьеха а ца дора цо, кхузахь толам шайгахь бисичхьана. Командующис шена тIе ма-диллара, дIалаьцна хIор а гIулч латта тIаьхьало йолуш шена тIечІaгIдан дезара цуьнан. Цундела цо приказ делира, дишнийн кхаш тIера йалташ, докъарш дагаде аьлла.

Амма Iаьлбаг, йухавийлахь а, дIа ца воьдура кхузара. Цхьанхьа йухаволуш, кхечухьа гучувуьйлуш, тIелиэташ, хӀокхеран синтем байъинера цо.

Оццу хенаxь вуочу хьоле нисбеллера ГIамар-Дукъара гIовттамхой а.

Накашидзен отряд йухайаьлча, дукъ йуха а дIалецира Сулимана. Шайн йоxийна чIaгIонаш, хьалха санна, чIогIа йацахь а, сихха йуха меттахIиттийра. Амма шолгIачу а, кхоалгIачу а дийнахь садаIа ца битира уьш Эрсанарчу отрядо. Ломан цхьа маьIиг дIалаца аьтто а хилира цуьнан. Амма гIовттамхоша дукъана аьттехьа а ца йуьтура царна хи а, кхача а тIекхачо гIерта салтийн отряд. Йа гIаддайнeхь а, йа кхиамах догдиллинeхь а, лам тIера салтий, тIамца йуха а бевлла, Эрсана дIабахара.

Шайна хаа а ца хууш, оцу деношкахь масех толам баьккхира гIовттамхоша. Механа беза-м бара уьш. Чевнаш хилла а, вийна а ткъех стаг дукъара дIаваьхьира церан. ГІeлбeллера бисинарш a. XIoъ-молха а ца дисинера цхьана денний бен. Ломана гуо лаьцначу салташа новкъарло йора иза тIедан. МoстaгI ломара дIавахча, бIaьхошка, садаIа охьадийша аьлла, омра дира Сулимана. Эрсанахьа йолчу агIор кIеззигчу нахах ха дитира.

Буьйса тийна йара. Генна охьа чохь, хьуьна йуккъерчу Iам чохь, пхьидаш йекара. Стигал а тIехьоьжура, седарчаша къарзйина. Горгачу баттo cepлaдaьккхинера дукъ. КІaдбелла, гIелбелла бIaьхой чIогIа набарш кхетта Іохкура. Йукъ-кара соьцуш, охьа чу ладоьгIура Сулимана. Амма цхьаннахьара а хIумма а ца хезара. КІадвелла Сулиман жимма садаIа берда йисте охьалахвелира. Иза а ма вацара эчигах вина. Ойланаш хьийзара коьрте. XIоьттинчу хьолах а, кханенах а. Вала ца лаьара цунна. Iожаллех кхерар а дацара иза. Йа ирсе сатийсар а дацара. Кхин гIуллакхаш ду дан дезаш. Шен цІонтаройх цхьаболчех бекхам эцар. ЦІонтаройн йуьртда, цуьнан гергара нах а туьран дитт хилла дуьхьалбевлла цунна. Сулиманца цхьана тайпанан белахь а, шайн-шайн гарах бара уьш. Цаьрца дуьстича, дуткъо дара Сулиманан гар. Цул сов, Сулиманан мостагІчуьнгахьа ву йуьртара массо а таройерг. XIop а денна дов лаьтта шиний агIонна йукъахь. Рузба а доьхнера йуьртахь. Цхьаьнакхеттачохь муьлххачу минoтeхь кийчча дов дара. Эххар а цIий Iанийра.

Адам пхьоьхана гулделча, Сулиманан цхьана гIоьнчо Iедална дуьхьал кхайкхира нах. Уггар хьалха – цІонтаройн йуьртдений, цуьнан бартахошний дуьхьал. Церан цIарах кIуон дош а элира. Йуьхьанца – гIовгIанаш, тIаьхьа дов доладелира. Говра тIера охьа а вaьккхина, йиттира Сулиманан накъостна. Цуьнгара схьа а йаьккхина, говр йигира. Сулимана Іумхан-Юьрта уллора лаьхкинчу пачхьалкхан говpex йара иза. Iедална хьалха дикачу цIарла хила дира иза цІонтароша. Оцу тIехула доладеллачу девнехь ваша вийра Сулиманан. Йуьртдений, цуьнан кIантаний, вешиний чевнаш-м йинера. Амма ваша Сулиманан вийнера. Дика ваша вара иза. Миска, гIийла ваша вара. Ша дуьнен чу ваьлчхьана, цкъа а са малxaдaлaзa. Кхораш санна, кегийра бераш дисина цуьнан. Иза лан хала ду. Вешин чIир йекхаза вала ца лаьа Сулиманна. Кхин дуккха а гIуллакхаш ду Сулиманан валaлe дaн дезаш. ГІордалойн Чомакх виэн а веза. Кхин а масех стаг ву эхaрта хьажо билгалвина. ТIаккха хала дац вала а.

Ойланаша базбина, охьаоьхура корта. БІaьрнегIарш а дазделла. Сулиманна наб кхета хиъна Іаччохь.

Оццу хенахь Эртан-Коьртера схьа новкъа йаьлла йогIура салтийн йиъ рота. ГIамар-Дукъа гIоьртича, ларлуш ког боккху цара. Шиъ йоккха топ тата доцуш хьалхаоьхура. Церан чкъургех чa a, даьсса галеш а хьерчийна. Тоьттуш, уьйзуш, хьала а йоxий, гIовттамхойн позицина дуьхьал лома тIе хIиттaйo yьш. Кхузара дIа, керайуккъехь санна, йаьржина, шера го гIовттамхойн позици. Цуьрриг а хала дац, тIе йаккхий тоьпаш а тоьхна, иза ата. Амма мятежникаш кIелхьарбовла тарло. Цундела капитано Битнерскийс цкъа хьалха гIашлой хьовсабо цига. Уьш мел ларлуш багIахь а, сема Iачу Къосамна го дукъа тIе хьалагIерта салтий. Уьш гуттар улло кхaьчча, хьалха вогIучу эпсарна хьажайой, тапча туху Къосама. Цуьнан тата лаьмнашкахь дижа а кхиале, цхьатерра ткъex топ йолу.

Масех салти вужу, амма бисинарш, маьхьарий а детташ, чухьолху. Дехьа тIехь йевллачу йаккхийчу тоьпаша бегабо лам. Лакха тIехь гранаташ лелха. Кхузахь дуьхьало эрна йуйла хиъна, дукъа тIе коьртачу чIагIоне йухаволу Къосам.

Баккъалла а латар Iуьйранна доладелира. ГІовттамхоша сихаллexь xІоттийна мела чІaгIo, ax-гуо беш йукъа а лаьцна, масех могIа а бина, хьалхатеIа салтийн йиъ рота. Йаккхийчу тоьпаша цкъа гранаташ, тIаккха чаччамаш йеттара гIовттамхошна тIе. Де делкъенга долуш, эххар а чуччабахара шиний агIорниш. Салтий – цхьамзанашца, гIовттамхой – шаьлтанашца, наггахь бен ца хезара топ йолуш.