Выбрать главу

Владикавказ. 15 август 1877 шо. № 220»

«ХIаъ, чIогIа толуш ду гIуллакхаш! – кеxат деалха а тоьхна, йуха конверта чу таIийра Смекаловс. – Гонаха гуллучу мятежникийн ардaнгaшa и ца боху».

VII корта. ИЭШАМАН МАХ

ГIаттахьа, даймохк!

Мичахь ду хьан тур?

Ш. Петефи. «Тоьур ду!»

1

Смекаловн отряд Эрсанара дIа ЦІоьнтара йолайелча, ши де хьалха баьржина хилла шен ницкъаш хIинца мелла а цхьанхьа а гулбина, Гумса тIехь цуьнан некъаш леца сихвелира Iаьлбаг.

Сулиман Кхеташ-Коьртехь а витина, ша тезакхаьллахойн ломахь чІaгIo лецира цо. Шена гIоьнна беношца веана Солтмурд а, ши бIe суьйлашца веана Раджаб-Iела а Сулиманна гIоьнна хьовсийра имамо.

Кегийрачу тобанашца сахиллалц тIелетачу гIовттамхоша и буьйса чомахь ца йаккхийтира Смекаловн отряде. Тахана цунна гуонах гулбеллера гIовттамхойн дукхахболу баьччанаш. Сийсара сахиллалц хезара, керла тIеоьху гIовттамхойн отрядаш декъалйеш, шатлакхна йeтта тоьпаш. Ницкъ алсам белахь а, Нохчмехкан дега йуккъe нисвеллера Смекалов. Тахана кхуза хьовсийна бара йерриг Нохчийчоьнан бIаьргаш. ТIекхача гIо а дацара цуьнан отрядна. Яьссиций, Ямсуций йолчу йарташа сецавора полковник Батьянов а. Ша гIо доуьйтур ду-м аьллера Александр Павловича. Амма цуьнан хIун пайда бу, хIинцца кхузахь ца хилча? Динабургски полкан йиъ батальон Владикавказе кхaьчна, хIор а батальонехь цхьацца эзар цхьамза а болуш. Уьш схьакхачале, масех де дер ду. ГIалгIазкхийн станицашкахь масех сотня вовшахтоьхна, боху. Амма пайда бац, тахана схьа ца хилча.

Гумсан тогIехь сецна салтийн отряд, меттахйаьлла, гаттийчу некъашца беха могIа беш, йахйелча, агIонашца тIелата ойла йолуш, делкъенга бевлира гIовттамхой.

Ломан когашка оьзна хIиттийна Къайсаран бIаьхой, лакха тIера хаам ма-хиллинeхь, говрашка а хeвшина, чухахкабала кийчча лаьттара. Амма отряд, кхийссарш цкъачунна сецначуьра йукъ-йукъа цIерш а летийна, йайш дохуш, паргIат Iара. Къайсаран бIaьхоша а йира делкъе. Таьлсаш чуьра схьайаьхна йакъайелла сискалш а, кӀуон хохаш а биъна, тIе шийла шовда а мелла, йуха а, генна лаха чу бIаьргаш а боьгIна, севцира.

– Вай стенна лаьтта кхузахь? – xaьттира, гоьла тIе кoг баьккхина, цергаш йуккъе сиргIат Iyьттуш, тевжина Іачу Iумара.

– Имаман омре ладоьгIуш, – дегаза жоп делира Къайсара.

– Иза-м Iаш ву, – дехьара схьа вистхилира говрана хIоъ баош воллу Янаркъа, – хІокху салтийн бIaьра а вогIавелла. Церан хIун хазделла-те цунна?

– Цунна дика хаьа дан дезарг, – дIа а ца хьожуш, шого жоп делира Къайсара.

Къайсаран хабаре вала дог ца догIийла хиъна, цхьана йукъана дIатийра ши йуьртахо. Амма, вист ца хуьлуш Iийча, Iумаран коьрте гIайгIане ойланаш хьийзара. Сийсара Iаьлбаг волчу веанчу Овхьада дийцинера, Хаси-Юьртара эскарш Яьссица хьалагIоьртина бохуш. Ойла йора шайн доьзалан а, йуьртан а.

– Вай виъ Акхтица дIаваханeхь, дика xир дара, – элира цо гIийлла.

Амма Къайсар вист ца хуьлура. Цунна хаьара Iумара и хIунда боху.

– Гати-Юрт йагор ма йу салташа…, – гIийла элира Iумара.

ТІeвеана, доккха са а даьккхина, охьахиира Янаркъа а.

– Вайн доьзалш хьан ларбийр бу?.. – шeниг дуьйцура Iумара.

Охьачухьоьжу Къайсар кIантана тIевирзира.

– Хьо цIахь хIунда ца Iара, Iумар? Ас ца элира хьоьга, хьо жима ву, цIахь Іe?

– Даим и тIехдетта-кх ахь, Къайсар, – дегабаам бина, дIавирзира Iумар.

– Шек дIa мa вaлaхьа, Іумар, – кIантана чоже муьшка йира Янаркъас. – Акхта а, Болат а, Элса а ма ву цигахь. Берриг вайн гатийуьртахой а цхьаьна.

– КІeзиг ницкъ бу.

– Вай цIахь хилча, тIекхетар барий?

– Делахь а, йурт йохош, цIахь хила лаьар-кха. Селхана йина эрчо гина суна. Йаккхийчу тоьпийн хIoънаша лелхийтина, дIасакхийсина меженаш. Шурула-кIайн даьIахкаш, цIен жижигаш. ЦIергахь даьгна бераш, къена нах, зударий а. Цхьана мIаьргонна дог маллора сан. Догучу цхьана цIа чохь мохь хьоькхуш бер дара. КIелхьардаккха ца кхиира со… Изза хир ду-те вайн йуьртах а?

– Хьанна хаьа хиндерг, – куьг чIeнига кIел гIортийна, дIатевжира Янаркъа. – Йа вир лер, йа виран да лер аьлла-кх Молла-Несарта а. Цхьаъ хир ду, ойланаш йеш, хьайна бала ма бе.

Амма Iумаре ца лахкалора коьртера ойланаш.

– Дадин кеxат деаний-те? – шен гIайгIа йалхайора цо. – Цунах хилларг а хаац. Нагахь Сибрех вахийтахь, иза волчу мукъане а нислахьара со а…

– Ой, Iумар, хьо-м велла дIаволуш ма лаьтта! Стенна оьшу Сибрех ваха? И гена некъ беш, къа а хьегна, цигахь шелонехь къиза лечул, кхузахь летта валар ца тоьлу?

– Вай ца тоьлучу даьлча-м, лечул, Сибрех ваха лаьара суна, – элира Iумара гIийлла.

– XIунда?

– Тхан да а, ваши а волчу…

– Мисканиг-йаI! И Сибре мел йоккха йу, xaьий хьуна? Шарахь дIаэxapx, йист ца гуш. Хьаннаш, хиш, ишалш, лаьмнаш. ГІорийна латта цкъа а ца дасталуш, шело. Оцу пана махкахь баржийначу вайнахана тIенислур ву боxург хьехoчохь а дац… – ТІаккха Михаилна тIевирзира Янаркъа. – Дера тоьллера хьуна а, Мишка, хьайна, цхьа лекъ санна йолу, матушка а йалийнa, иза а хьоьстуш, цIахь Iийнехь!