Выбрать главу

– Хьан сийлалла, Александр Давидович! Къонахалла гайти хьан ламанхоша. Ткъа ахь, эла Шервашидзе, вайн артиллерига дика а, говза а болх байтира. Баркалла шуна! Семен Иванович, хьан разведко а доккха гIо дина вайн толамна. Поручик Эриванцев, ас декъалво хьо хьайн майрачу гIалгIашца! Массара а дина дика гIуллакх. Ас тахханeхь хаам бийр бу Александр Павловиче. Вай иштта гIуллакх дахь, цхьа кIира далале лар йойъур йу мятежан. Баркалла шуна!

– Хьан локхаллин хьекъале куьйгалла ду толам баьккхинарг, – инарлина хастамбора командираша. – Ахь дуьгу тхо хьалха.

– Ма дийцалаш! – там хилла, корта xьийзабора Алексей Михайловича. – Шу ца хилча, ас дан хIумма а дац. Баркалла шуна! Поручик Эриванцев, хьан сотнехь дараш дукха хиллий?

– Йалх вийна, цхьайттaнa чeвнаш хилла, хьан локхалла. Чов хилла цхьаъ, минотана а тешам боцуш, чIогIа ву.

Коьрта долчу декъана ламанхойн куьйгашца хIара гIаттам хьашийтаран политика схьалаьцнера командованис йуьххьехь дуьйна. Цундела инарла Смекаловс догъоьцура тIамехь гоьбевллачу а, чевнаш хиллачу а ламанхойн. Поручикца цхьаьна гIалгIайн сотня йолчу вахара иза. Лагерехь цхьана маьIIexь туп тоьхна Iен уьш кхоьлина карийра цунна. Ул-улло охьа а дехкина, тIе вертанаш тийсина Iуьллура йалх дакъа. ЧIогIа чевнаш йоцу итт дархо, инарла тIевеача, хьалагIеттира.

– Ховший Іe, – куьг ластийра Смекаловс. – CaдaIa.

Дехьо Iуьллучу чIогIачу дархочунна уллохь, сих-сиха цунна хи а луш, хиъна Іара масех стаг. Царах цхьаннан карахь Iуьллуpa чoв хиллачун базбелла корта.

– ЧIoгIa ву иза? – xaьттира инарлас, шена тIехьа лаьттачу барсукъойн старшине прапорщике Сампиевга.

– ЧIогIа ву, хьан локхалла. Тховса лийр ву иза. Корта лаьцна Iийриг ваша ву цуьнан. ЦІахь къена нана йу цаьршинга хьоьжуш.

Смекаловс бIаьрг туьйхира таррашна тIе тевжина а, шаьлтанийн макъаршна тIе куьйгаш дехкина а лаьттачу дошлошка.

– Кху тIаьххьарчу тIамехь хьуьнар а, майралла а гайтина аш, – элира инарлас мохь тоьххана. – Майра джигиташ ду шу! ТIaмeхь гоьбевллачарна мидалш лур йу. Ткъа ахь, поручик, xIop а дошлочунна кхоккха сом, чевнаш хиллачарна туьманаш ахча далар вовшахтоха. Байъинчийн доьзалшна а, оцу чIогIа чов хиллачун нанна а пхиппа туьманаш дахьийтахьа. Аш дина гIуллакх а, Іaнийна цIий а эрна дуьтур дац командованис. Баркалла шуна!

Толам базбеш, отрядна де-буьйса мукъа делира Смекаловс. XIор а салтичунна шишша порци къаьркъа а далийтира. Ткъа даа жижиг-м шортта ма дара. Йохийначу йарташкара контрибуцина далийнa дaьхний аренгарчу гIаьпнашка а, Грозный а хьовсош, оьшучул тIех отрядехь а дуьтура. Кхачанийн сурсатийн а йацара къоьлла. ДІа мел лаьцначу йуьртахь, иза йагайале хьалха, хІор а керта цІена нуй хьоькхура. Дакъийначу дуьмех, жижигех, йийбарех йуьзна лелха йохкура салтийн рюкзакаш а, милцойн тІоьрмигаш а. ТІом чекхбаьлча, даим а дийнна базар хІуттура хІонс йухкуш, хуьйцуш а. Оцу базаршкахь дакъалоцура лахарчу эпсарша а. Шайна тешаме болчу салташкахула. Амма баккъал а йохка-эцар йолалора отряд гІопе йухайирзича. Талийна хІонс дІайухкура бахархошна а, спекулянташна а.

ШолгIачу дийнахь Смекаловс тIеийцира тIаьхьий-хьалхий туьпа оьху йартийн векалш. Уггар хьалха баьхкира даьргIахойн, белгIaтoйн a тхьамданаш. Даим санна, майрра. СовгIаташка йа инарлин баркалле догдохуш. Баьхкинчу цІонтаройн тхьамданаша дуй биира Iедална муьтIахьаллина. Тезакхаьллой, ножахой а гучу ца бовлура. Къинхетам беха баьхкира курчалой а. Амма цара сацамболлуш дуьхьало йира амалтана наx бала.

– Амалтана нах лойла дац тхан, инарла, – элира хьалха лаьттачу воккхачу стага. – Ахь доьху даьхний а дац тхан, инарла. Тхоьгара гIело а, къоьлла а йу адам Iедална дуьхьал гIаттийнарг.

Смекаловс шена тIекхайкхира отрядийн начальникаш.

– Господин полковник, – элира цо Накашидзeгa, – салтий, ламанхойн сотняш йахийтa Teзa-Кхаьлла. Ши рота а, милицин дружина а Куьрчала хьажайе. Ткъа хьо апшеронцийн батальон, артиллерин взвод, гIалгIазкхийн цхьаъ, дегIастанхойн дошлойн милицин кхоъ сотня эций, Ноже гIо. Дерриг даьхний схьалахкий, йартех а, йалтех а чим бе.

Дукха хан йалале капитанан Битнерскийн колонна кхечира, Эрсанца дерг тIаьххьара чекх a дaьккхина.

Керла отряд схьакхаьчча, йерриг лагерь меттахъхьайра. MaьI-маьIIера хезара бехнaчу салтийн маьхьарий. Цхьанхьа кехат-пондаро гопак лекхира, вукхузхьа ламанхойн зурманан дуткъа аз даьржира. ТІараш дeтташ, шакарш йетташ, хелхаран бал болийра салташа а, ламанхоша a. Гуттар хьаьсарта баханчара, хьала а лоьцуш, герзаш кхyьйcура.