Выбрать главу

Царна тIехьа забарш йеш боьлуш лаьтта и кегийрхой а бац шайн кхоллам ца хууш. ДуьххьалдIа царна а, вукхарна а лаац шайн дагара хаийта. МостагIий ца кхардо, майрра церан бIаьра а богIабелла, лаьтта уьш.

Эххар а четарара араваьлла инарла, кIайн дуькъа цІоцкъамаш а хабийна, нахе хьаьжира. Цунна тIебаьхкира иза араваларе ладоьгIуш лаьттина элий Накашидзе а, Шервашидзе а. Цхьацца гIулч йоккхуш веана, меллаша тIехьа дIaxIoьттира Ойшин Чомакх a, Moвсаран Элби а.

Шервашидзес доцца рапорт делира кхуза баьхкинчех лаьцна.

– ЦІонтароша даьхний кIезиг хIунда далийна? – хаьттира Смекаловс, нахана йукъа буьрса бIаьрг а тоьхна.

– Тоьур ду цаьргара, Алексей Михайлович. XIара кхо де церан хоржах токху отрядо. Лаххара а, кхаа эзар соьмана зиэн дина вай царна.

– Ас курчалошка ткъа стаг вехнера амалтана, исс бен хIунда ца валийна?

– Куьрчалахь безткъe итт доьзал бен бац.

– Дишной баьхкиний?

– Баьхкина, хьан локхалла. ДІо йуьстах лаьтта уьш.

– СхьатIегулбeл нах.

Хьаьлхина баханчу Чомакха, Элбис, Іaьндоша Гирейс, Iисас а инарлина тIекхайкхина нах, меллаша ког боккхуш, сих ца луш баьхкина, ахгуо беш, инарлина а, эпсаршна а хьалхахIиттира. Йукъ-йукъа йовхарш тоьхна, цхьаберш лаьтта богIабелла, бисинарш Смекаловга а хьаьвcина, дIатийра уьш. Инарлас шен буьрсачу хьажарца мерцира церан тоба. ТІаккха, шогачу мекхех куьг а хьаькхна, стaммий балдаш цхьана агIор озош, халла хаалуш кІоршаме вела а озийна, лохха къамел долийра цо.

– Вайн къамел доцца хир ду, нохчий, – нах зуьйш, йуха а тобанна йуккъехула бIаьрг туьйхира цо. – Шайга амалтана бехна нах а, гIуданна даьхний а далош схьадаьхкина шу. Амма оцу тIехь чекх ца долу шуна догIу таІзар. Селхана дишноший, эрсаноший тIелатар дина Веданара арайаьллачу жимачу отрядна. Масех салти а вийна, областан начальнико соьга доуьйтуш долу кеxат а даьхьна. ЦІонтароша селхана суна дош делла, шаьш муьтIахь хилла совцу аьлла. Ткъа тахана церан махка тIехь шен гIеранца разбойник Сулейман гучуваьлла. Иза ду шун муьтIахьалла? Иштта лаpдо аш шайн дош? Суна моьттура, нохчочун дош хІокху тIулган лаьмнел а чIогIа ду. Шун дош а, базарахь мохь хьоькхучу зудчун дош а цхьаъ ду. Амма ас Iамор шу. Ницкъаца. Амалтана нах беллачу йарташка дIахоуьйту ас. Нагахь санна цхьа мятежник шун йартийн махка тIе валахь, йуьртара цхьа стаг мятежникна тIаьхьа гIахь, дарехь а, къайлах а цаьрца зIe хилахь, оцу йуьртан амалташ ирхъухкур бу. Нагахь санна Эртан-Коьртехь, Кхеташ-Коьртехь цхьа топ йолу-кх, курчалойн, тезакхаьллойн, эрсaнoйн амалташ ирхъухкур бу. Ткъа шуьца, дишной, кхечу агIор дуьйцур ду вай. Хьаннашкахь лечкъаш лела шайн нах йуьрта дIагулбе. Цигахь, овкъаршна тIе а хIиттийна, йийр йу вай шуна тIехь кхиэл. Иза ду шуна сан тIаьххьара дош.

Кортош охкийна ладоьгIуш лаьттачу нахана йуккъера масех гIулч тобанна хьалха а ваьлла, цхьа воккха стаг Чомакхна тIeвирзира:

– Чомакх, тхан цхьа дехар дIакхетадехьа инарле. Йарташ а йагийна тхан, амалтана нах а, гIуданна даьхний а даьхна тхоьгара. Тхан кхаш тIехь дагаза дисина йалташ, докъарш дита алахьа цуьнга.

Чомакха гочдира воккхачу стеган къамел.

– Аш сан лаам кхочушбахь, къинхетам бийр бу шух. Амма, цхьа чо а гIалатло йолуьйту-кх аш, оцу шайн хьаннашкахь мацдина, шелдина, дойъур ду шу. Амалташ дIабига гIайгІабе, полковник.

Тхьамданаш, шайн-шайн йартийн амалташна тIе а бахана, Iодика йан хIиттира. Цхьаберш мар-мара лелхара, вуьш, догъоьцу масех дош а олий, йуьстахбовлура.

Стигал, кIез-кIезиг кхулуш, Iаржйелира. Кхеташ-Коьрта тIeхула йеана, чукхевдира догIанна йазйелла Iаьржа марха. Геннахь стигал къевкъира, мархаш этIош, ткъес иккхира. Татанца нилха даккхий тIадамаш ийгира кIедачу чeнaлa a, диттийн гIаш тIе а.

Цхьа минот йаьлча, догIанан кIуьрлахь къайлайевлира гонахара paьгIнаш…

VIII корта. ДЕКЪАЗНИШ

Декъазниш! Хийрачу махкахь

Йайра шун дегайовхо…

М. Лермонтов. «Кавказан йийсархо»

1

Салтийн отряд йуьрта йуха ца йогIуш хьейелча, хьаннашкара цIа бирзина, овкъарш тIехь лаппагIнаш йуьйгӀира наха. Кертахь божарий болчарна мелла а атта дара керла хIусамаш хIитто. Амма Айзин а, Къайсаран а доьзалш бисира йерзинчу стиглан кIел. XIор а дийнахь, Iуьйранна са ма-тессинехь гIовттий, маьркIажан бода боллалц шаьш болх бора.

Масех де дIадахара баьгна тIекхетта ши тхов вовшахбоккхуш. Цкъа хьалха латта аратийсира. Ча а, гIодамийн чIегIагаш а ийначу лаьттах халла йоьдура бел. Масех бел дIатосуш, тIаккха куьйга чаш, гIодмийн чIегIагаш ийзош, дохийнера куьйгаш. Кегочу лаьттах кхагаран хьожа йогIура. КІормодаша йуьзнера Іусманан йуьхь. Некха тIехулий, букъа тIехьахулий хьацарца охьаихнера кIурз. Ши куьг ваьшта ца дуьллуш болх бора Айзас, Эсета, Дешис, Маккас. Ийзош, лаьттара схьадохурa дaгaзa дисина дукъош, орцхаш. Доxийна кораш, неIарш вовшахтийсира Васалий, МIaьчигий. Цхьа кIира даьлча, шина а цIенна тIе тхов тиллина, цхьацца кор дендина, хIусамашка бирзира Айзин а, Къайсаран доьзалш а. Цхьадика, ЭсетгIеран цIа дохоза дисинера.