Выбрать главу

Дийнахь а, буса a Нохчмехкан лакхенга лерг диллина Іара уьш. Денна хезара цигахь йуьйлучу йаккхийчу тоьпийн дур. PeгIaцa дуьйлучу герзаша наггахь буьйсанан йуккъехь а аралоьлхуьйтура уьш. Бус-буса, хан йаьллачу хенахь гIоттий, арайолий, учарчу бIогIамах тевжий, лакхенга бIаьрг беттара Айзас. Урамехь цхьаъ вистхилча, говрийн тата даьлча, йагийча санна, араоьккхура.

ХІокху тIаьххьарчу хенахь цIеххьана хийцавеллера Іусман а. Беран гIиллакхех хIумма а ца дисинера цуьнца. Азваларна дара а хаац, кIант вахвелча санна хетара Айзина. Йуьхь йахйеллера. Iаржйелла йогIура меракIело a. XIинца цуьнан кочахь дара цIийнан дукъ а. Цу тIе, минотана а даг тIера ца болура вешех болу сингаттам а.

ХІокху деношкахь хIумма а самукъане боцу хаамаш кхочура Гати-Юьрта. Веданна уллохь а, ГIамар-Дукъахь а, Кхеташ-Коьртехь а Іaьлбаган хиллачу иэшамех йарташна зуламе тIаьхье хир йуйла хаьара нахана. ТІe, цхьана денна-буьйсанна цIа веанчу Асхьада а, Инарлас а дукха буьрса буьйцура цигахь хилла тIемаш. Цара дийцарехь, Iаьлбаган эскарера масех бIe стаг вийнера. Амма вийна а, чов хилла а стаг вацара Гати-Юьрта валош. Нийсса аьлча, цигахь Iаьлбагца висинарг масех гатийуьртахо вара, дукхахберш Акхтица кхузахь, Яьссин лакхенца, битинера цо.

Эххар а хилаза ца дисира Айзий, Іусманний кхийринарг. Стомара буьйсанна йуккъехь геннара дуьйна хеза дечган чкъургийн, семанийн цIийзар, тIаьхь-тIаьхьа гергакхочуш, церан кетIахь ceцира. Хьалха Айза, цунна тIаьххье Iусман а, араиккхира и шиъ. КетIахь сецначу ворданна уллохь лаьттачу шина стагах цхьаъ Янаркъа вуйла хиъча, дегIe зуз хьаьдира Iусманна. Хаьара, и ворда шайн кетIа лаа ца йеанийла. Iумар йа Болат валош йеана. Болат хуьлийла а дац, иза Акхтица ву. Iумар ву-кх, кхин мила хир вара иза?!.. Герга мел кхочу, болар лагIдан гIертара Айза. Бохамна сoбape хила йезара. Амма цуьнан ши бIаьрг бара ворданна чохь охьахаа гIертачу кIантана тIехь.

– Дика мел дерш догIийла, Айза, – элира Янаркъас, ма-хуьллу самукъане хила гIерташ.

Амма нанна хааделира цуьнан озан харцлер.

– Марша догIийла шу а. Хьоьца верг мила ву? Шу ма хан йоцчу хенахь лела, лаа дуй?

– ХIара-м Мишка вара. Лаа а ду тхо-м, – дIасахьаьжира Янаркъа. – Iумарна цхьа пайдабоццу чов хилла…

Ворданна тIе а вахана, йалкханна тIе ши куьг диллина, ворданан цIa чу хьаьжира Iусман. Бухайиллинчу кIедачу сийначу баца тIехь хиъна Iара Iумар. ХІeтта кхеттачу беттасин серлoнeхь вешин кIайн йуьхь гича, бага йакъайелира Іусманан.

– Iуми! – дIа а кхевдина, вешин корта тIеозийра цо. – Iуми!..

Iумар велавала гIоьртира.

– Мохь хIунда хьоькху ахь? ДІахила, охьавуссу со.

– Вуон йуй чов?

– XIумма а ца хилла.

Аьрру куьйга йалкха а лаьцна, хьалагIатта гIоьртина Іумар, ворданна чуьрчу баца тIехь когаш шершина, дIакхийтира. Лазарна йуьхь чІачкъийна, дIакхевдина, йалкханан гIаж лаьцна, меллаша гIеттина, йоьхна лаьттачу нанна тIе а вахана, могашчу пхьаьрсаца иза марайоьллира цо.

– Йоьхна хIунда хьийза хьо, нана? Суна-м хIумма а ца хиллий.

Айза, йист ца хуьлуш, кIентан некха тIе а таьІна, къурдаш дан йуьйлира.

– Ма йелха, – элира Іумара шабарца. – XIумма а ца хилла суна. Жимо Іyьрг эккхийтина белшах. Ши-кхо де далале, дукълур ду.

Шегахь мел бала белахь а, кIантах дIа а къаьстина, хьешашна гуонах хьаьвзира Айза:

– Iусман, стерчий паргIатдаха… Янаркъа, шуьшиъ чувола.

– Тхойша тхоьга гIур ву, Айза.

– Шуьга дан а дац. ЖовхIаргIар цхьана тоьли чохь тIе-кIел бохку.

– ХIан-хIа, Айза. ЧугIо. Охашимма цхьаъ дер. Хьалххе гIовтта а деза. Iумарна са ма гaтде. Цхьадика, даьIахк дийна йисина. Динбергаш атий, чевнна тIейахка. Йоьрзур йу. ХIан, шун Іодика йойла. ПаргIат хила.

Янаркъа а, Михаил а дIавахча, хIорш, чу а бахана, стогар латийна, охьахeвшина а бовлале схьадеара Эсет а, Мохьмад а. Мотт биллина, Іумар охьа а вижийна, белха буьйлира зударий. Іумарна шенна билxина ца Іаш, массарна а.

Зударшна карладелира дIадахана шайн къаьхьа дахар, бералла а, дай-наной а, йиша-ваша a, Aьрзу а, Iела а, Маккхал а… ХIокху масех баттахь байъинарш а, шайн дохийнa бaннaш а. Дерриг карладелира. Корталийн тIемаш охьа а хецна, цIенкъа а богIабелла, боьлхура уьш. Дикка билxина, дегнаш а хьаийна, тIаккха Iумарна гуонах хьаьвзира: