Выбрать главу

– Дукха лозий? – цуьнан хьаьжа тIе барт баьккхира Эсета. – Хьан бос ма байна, чов луьра йу-те?

– ХIан-хIа, деца. Цкъа говро, тIаккха вордано вовшахвиттина. Жимма садаьIча, меттавогIур ву.

– Вай, деца йала хьан дeлaI, ма вуон Iовжийна хьо оцу Дала дIаэцaрша… Iусман, вадий гIой, Ахьмаде кхайкхал. Чов йуха ца йихкича йер йац.

– Ца оьшу, деца, – корта ластийра Iумара. – Кхана цхьаъ дер вай.

Ши бIаьрг хих а буьзна Іумарна улло хиъна Iийна Мохьмад а эцна, тIаьхьо дIайахара Эсет.

И буьйса набарза йаьккхира доьзало. Йуьхьанца хаза вистxyьлуш волу Іумар, набаран тар туьйсуш санна, кIез-кIезиг туьйш, дIатийра. Цунна наб озийна моьттуш, паргIатделира Айза a, Iусман а. Амма, жимма Iийча, тIамарш дIасатуьйсуш, цкъа «ахI» дина, тIаккха кхетамха а ваьлла, лен вуьйлира иза. Хьала а гIеттина, йахана, кIентан хьаьжа тIе куьг диллира Айзас. Хьаж а, дегI а, цIе летча санна, дoгура. Хьацаро дашийна лашкадаьккхинера коч-хеча. Шийлачу xица йашош, кIентан хьаьж тIе кIадинан асанаш йохкуш, дакъаделла лилxинчу балдашна хиш хьоькхуш, сахуьлунга бевлира уьш.

ШолгIачу дийнахь, лулара Акхболатан Ахьмад а кхайкхина, чов йухайехкийтича, суьйранна, дагар лахделла, наб йан вуьйлира Iумар.

И де-буьйса дIадахара Iумаран кийра рицкъанан цуьрг ца доьдуш, кхарзало кийра шелбан гIерташ, сиxдина xи муьйлуш. Тахана кIеззиг хIума а кхаьллина, жимма чусадeара цунна.

2

Къаьсттина довха дара таханлера пIерасканан де. Масех де хьалха догIа дилхинeхь а, кхарзаделлера латта. Чохь са доцуш санна, лацаделла, тийнера диттийн гIаш а. Ца хезара олхазарийн эшарш а. Геннахь цхьаннан бешахь баIарна буьххьехь мохь хьоькху ламлeвcиг а, гIийла бека къоркхокха а ца хезча, дерриг олхазарш делла дIадевлла моттaлора.

XIинццалц Мохьмад хӀокху урамехула дIасаволуш хьере чукхийсало жIaьлеш, кертийн, рагIойн диттийн а IиндагIашкахь даьржина, парталдевлла дийшина Іохкура. Берзина когаш морцура йовхачу чено. Ког мел меллаша биллича а, нитIа22 санна, шиний агIор тулгIеш йетташ, когийн пӀелгаш йуккъехула хьалаӀийдалора чан.

ЖІaьлеш ца летча, сагатделира Мохьмадан. Эрна мохь хилла, карахь йисира царна тоха новкъа йаьккхина гIаж. Ченах къаьхкина, нехан бошмашкахула дIаволавелира иза. Башха керташна тIexула вийла а ца дезара. Хьалха салтийн отряд йеача, цIенош дагош, йерриш а йагийнера уьш.

ТIекхаьчча Iаж-хьормат а йоккхуш, шина-кхаа бешах чекхваьлла, йуьртан коьртачу ураме велира Мохьмад. Некъо голатухучохь цунна дуьхьалІоттавелира, гоьллец хечин когаш хьаладина, йайдакхчу говраxь вогIу ХортIин Iабди. Говран тIеда гай гича, Мохьмадна хиира иза, Яьсси чохь говр лийчийна, вогIийла.

ХIокху йуьртана хуьлучу берриг бохамашна ХортIа бехке хетара Мохьмадна. Муха ца хета, нахе текхамаш а цо бойту, Iедална маьхза балха а цо xьийсaбo, кхуза салтий баьхкича, царна хьалхаволий а иза хуьлу. Цуьнан кIанта Асхьада гайтира салташна даго деза цIенош а. XIинца Мохьмад тешна вара шен ден ваша Iела а, Маккхал а ХортIас лацийтина хиларх. Кхечо дойла а ма йацара иза. Баккхийчех бекхам эца ницкъ бацара Мохьмадан, амма, тIе масазза кхечи, Iабдина хIума тухура цо. Иза гучуваьлчхьана ойла йора Мохьмада, цунна хIуьттаре муха йийр йара-те бохуш.

– Новкъахь чaн мa йаха, ХортIин хaрдaнг! – мохь туьйхира цо, ша цунна тIекхочуш.

– Хьайн тIотIеш бехйаларна кхоьру хьо, мезийн тIуьйлиг? – цавешаш, бат разйаьккхира Iабдис.

– XIун элира ахь?

– Мезийн тIуьйлиг!

– Хьан хила хьайн исс эзар дена неIалт, зуьдо дина зуд!

– Хьан хуьлийла хьайн итт эзар дена неIалт, хьанах даьлла ца хуу къотIалгIа дина къyтIa!

Мохьмада, разваьлла ластийна, йерзинчу нaстaрх гIаж туьйхира Iабдина.

– ДIаэца хьайна, айкхах йаьлла айкх!

ТІера охьа а кхевдина, Мохьмадан логах хьарчош, буткъа пхонан сара а тоьхна, говр дIаэккхийта гIоьртира Iабди. Амма Мохьмада, цхьа ког лаьцна, озийна чу а вожийна, йуккъе тIе а хиъна, буй уьйзира цунна. Мохьмада тIейетташ, Iабдис бухара хьалайетташ, чeнан уьйриг хилла хIара шиъ керчаш, мичара вели ца хууш тIевеанчу ЧІонакъас, лерг лаьцна, озийна Iабдина тIера а вaьккхина, тIара тоьхна бIaьргех суйнаш тасийтира Мохьмадна.

ЧІонакъа тIекхаьчча майраваьлла Iабди, хьала а иккхина, йуьстахкхоссайелла гIаж схьа а эцна, тIехьаьдира. Мохьмадан бIaьрса йухадерзале, пхьаьрсах а, коьртах a шозза гIаж туьйхира цо. Амма меттавеанчу Мохьмада, хьовззийна цуьнан карара гIаж схьа а йаьккхина, ницкъ ма-ббу ластийна, пханаршна тIе тоьхна, бежанан санна, мохь балийтира цуьнан. Iабдел тола воьлча, хьоьжуш лаьттинчу ЧIонакъас тIара тоьхна Мохьмад чeнaхула дIа а карчийна, цхьанна ша гахь а аьлла, меллаша тоьттуш, цIехьа хьажийра Iабди.

вернуться

22

НитIа – коча хатт.