Выбрать главу

Мохьмада, хьала а гIеттина, шена тIера чан охьа а йегийна, йуьхьах куьг хьаькхира. Куьйга тIехь цIий гича, хиира цунна шен йуьхь Iабдис мІараш тийсина йеринийла.

– Собарде аxь, зуд, со кхечахьа тIекхочур ву хьуна! – тIaьхьа мохь туьйхира цо Iабдина. – Ас йийр йу хьан болх!

– ДIадала, къутIа! – тIеволaвeлира ЧIонакъа, тIара тоха куьг а айбина.

ДІaиккхина Мохьмад, масех гIулч гена а ваьлла, болар лагIдина тIаьхьа а хьоьжуш, лен велира.

– ХортIин цІоганах мотт хьоькху зуд! – мохь туьйхира цо ша ЧІонакъа тIе ца кхоче ваьлча. – Собарде аш, салтийн лайш! Уьш дIабахийта аш, оха кIур бойъур бу шун!

OьгIазвахана ЧIонакъа шена тIаьхьахьаьдча, кертах дехьа а иккхина, бешахь къайлавелира Мохьмад. Ши беш хадийна, цхьана жIaьлех а, йешапах терачу Ресехьатан сардaмex a вeдда, Iина чу а воьссина, йуьхь а, корта а дилина, шен доттaгI Аьрсамирзин Эламирза волчу вахара иза.

УьйтIарчу туьрка кIел цхьа пхьола-м деш карийра цунна доттaгI. Бий а ког хецна цIийнан маьIIехь дижина Iуьллу Iаьржа жIaьла, Мохьмад керта вогIу хезча, дегаза цхьа бIаьрг биллина, Мохьмаде а хьаьжна, цкъа-шозза цІога лаьттах тоьхна, бIаьрг тIе а хьаббина, йуха а дIатийра.

Дечиган мукъ бахкабелла, эчиган меженаш мекхаша йиъна шалго тапча хьейеш воллура Эламирза.

– Хьо хIун деш ву? – улло охьахиира Мохьмад.

– Тапча тойеш.

Мохьмада мерах шок туьйхира.

– Тапча хир йац цунах.

– XIунда?

– Ца го хьуна? Мекхаша йиъна, Іyьргаш дийлла.

– Мегар йу суна.

– Сан диканиг йу цІахь.

Эламирза цaтeшaш схьавирзира.

– Пуьташ?

– Ас маца боьттина пуьташ? Iумара йелла суна.

Эламирза цунна тIе а къаьрзина висира.

– Хьуна хIун хилла?

– XIун хилла?

– Йуьхь йу-кх Iаржйелла, цициго мІараш тийсича санна.

– Iабдих леттерa co, – корта охьабахийтира Мохьмада.

– Оцу пелаго йиттина хьуна?

– ЧІонакъас гIодаьккхира цуьнгахьа. Суна а кхийтира.

Тапча хьалха а хьажийна, лаг уьйзира Эламирзас. Амма йа лаг а, йа зIок а меттах ца йелира.

– ДІакхоссахьа и къечIалг, – Эламирзин карара тапча схьайаьккхира Мохьмада. ТІаккха, хьала а гIеттина, бешахула дIаластийра. – Ас цIенаниг лур йу хьуна.

– Хьан шиъ йу?

– Кхоъ йу. Тхан ден хилларг а, Iумара йелларг а. Кхин тиша цхьаъ а. Лело мегаш ма йу иза. Вало, лийча воьду вайша.

Шина кIентан доттагIалла дукха жима волуш дуьйна тасаделлера. Буса вуьжуш бен дIаса а ца къаьстара. Цкъацкъа цхьаьна вуьжий а вyьсура Эсет йолчохь.

Лун-Берда кIел айма йолчу а вахана, чехкачу хи чу а кирчина, йовхачу гIамарла аркъал охьавижира и шиъ.

– Эламирза, – меллаша кхайкхира Мохьмад, йекхначу стигала а вогIавелла.

– Вай, – дегазо вистхилира доттaгI.

– ЧІонакъех бекхам эца беза ас.

– Муха? – схьавирзира Эламирза.

Мохьмад веxxa Iийра жоп ца луш.

– Ас вуьйр ву иза.

XIинца Эламирза а дIатийра.

– Велур вац. Иза воккха ма ву.

– Тапча тоьхча-м, велур ву.

– Иза а тоха ма йеза. Тапча а карахь цо улло вуьтур ма вац.

– Цхьанхьа кIело а йина, вуьйр ву. Шен кха тIе воьдуш.

– Цул ХортIина диннарг дича?

Цхьа кIира хьалха буьйсанна, дукъа а ваьлла, ХортIин кIен paгI йагийнера шина кIанта. Дарвеллачу ХортIас дукха лийхира бехкениг. Амма ца карийра.

– PaгI йагайарх декхалур дац тахана цо суна йeттар. ЦІeнoш дагийча-м, цхьа хIума а дара.

– Цкъачунна paгI йагор вайша.

– Ахь-м йац.

Цецваьлла Эламирза кхоссавелла охьахиира.

– Сох ца теша хьо?

– Теша. Гучувалахь, Аьрсамирзина бохам хир бу.

– Хьо?

– Сан да вац. – Мохьмада доккха сaдaьккхира. – Нанна хIумма а дийр дац Iедало.

Эламирза, коьрта кIел куьйгаш дохкуш, йуха а аркъал охьавижира.

– XIета, со доттагI ца хета-кх хьуна…

– Хьо ца вуьйцу ас. Хьан да вуьйцу. Иза лацахь, аш хIун дан деза? Йалх бepo…

– Ас ЧIонакъин paгI ца йагийча а, лоцур ма ву сан да. Йа тIамехь вуьйр ву, ца вуьйш висахь, Сибрех вохуьйтур ву. Хьуна-м, тIара тохар бeн, хIумма а ца дина ЧIонакъас. Тхан цIенош дагош, салташна хьалхаваьлла веанарг иза вара. ЧІонакъех бекхам эцна Iийр вац со: Товсолтех а, Пантех а, Инарлex а оьцур бу. РоггIана. Маца воьду вайша дукъа?

– Ойла а йина.

– Iумар муха Іа?

– ГIоли йу цунна-м.

ЦIеxxьана стигал кхола йуьйлира. Бердан лакхенгахь маьхьарий хьоькху мерцхалдигаш харанaшка лечкъа дуьйлира.

– ДогIа делха доллу, – элира Мохьмада, къилбехьа а хьаьжна. – ЦІa гIой вайша?

Жимма хи чу а кирчина, хьалаваьлла ши кIант бедарш тIейуха хIоьттира. Ма-аьлла тIе ца йоьлхура бедарш. Эламирзас хечи чу боьллина ког гола баьттIачухула арабелира. Мохьмадан куьйгаш а ца доьлхура пхьуьйша чухула дIа. Беламна санна, пхьуьйшаш эттIачухула чекхдуьйлура уьш а.

– Акхтин бIона тIаьхьа гIой вайша? – элира Эламирзас, хечин дехачу хуьнжарх къевллина шалха шад а беш.