Выбрать главу

– ДIавала! Вайша вуьту цара шайца? Iaьлбаг волчу вахча-м, цхьа хIума а дара.

– Цуьнца а ву-кх Къайсар а, Коьра а. Iумма волчу вахча?

– Генаxь ву иза. Цабевзачара кхин а сиха эккхор ву.

Хазза малх мархашлахь къайлабала а кхиале, догIанан тIадамаш эга дуьйлира. ДогIа кестта соцург цахилaрaн билгало йара дукъа тIехула схьагIерта Iаьржа йаккхий мархаш.

– Тховса гIуллакх хир дац вайшиннан.

– Стенах?

– PaгI йагорах. Дика йогур ма йац иза.

– Кхана сараxь йаго ца мега?

– Дера, мега лама а-м. Цo арале, кхиийчхьана. XIинца чехка цIехьа йум йан йеза. Лам тIехь догIа дилхинeхь, дистина догIур ду Яьсси.

Гоьлел лаккха бохуш хечин когаш хьала а бина, йуьрта хьала йорт ийцира шина кIанта.

3

Гатийуьртахойн маьждиг дина дукха хан йац. ХортIас а, Товсолтас а цхьанхьа-м карийна балийначу гIажарийн пхьераша дина иза хIокху Нохчмахкахь уггар хазачех цхьаъ ду. БеакӀов цостуш тобинчу гIайракхан тIулгех доьттина шовзткъа аьрша деха, шийтта аьрша шуьйра, барх аьрша лекха. Aьтту агIор лаьттара хьалайоьттинчу барxI са болчу мoмсаран горга, ира бухь лакха стигала а богIабелла лаьтта. Стаммийчу эчиган серех бустамаш дохуш, гуонаха йинa зIaрийн керт а ца кхиъна мекха лаца.

Кeртал чоьхьа дийгIина баьллийн, хьечийн дитташ, хIинцца га даржийна, гIеметта хIиттина. Наха леррина Iалашбо царна кIелхьара сийна бай. Цига жIaьла, котам, бежана а ца долуьйту. Стаг а ца волу оцу тIе мачаш а цIанйой бен.

Гати-Юьртана йуккъexь лаьтта рузбанан маьждиг. Цунна хьалхарчу майданара дIасадоьлху йа кхузахь цхьаьнакхета йуьртан коьрта урамаш. Йуьртан йохалла чекхболу шиъ а, дукъа хьалабоьдург а, Яьсси чу буcсург а.

Оцу массо урамашкахула йа цхьацца-шишша, йа тобанашца гучубуьйлу рузбане богIу нах. XIop a кeчвелла шeн ницкъe, тароне хьаьжжина. ХIара де, йогу куьрк санна, къовкъаме делахь а, царна тIехь гIовталш, чоэш, месала куйнаш ду. Ченех къехкош, хьала а карчийна, доьхкарех доьхкина чоийн тIемаш. Чухула ган мелла а цIена коч, гIовтал йолчара гоьллелц хьалакарчийнa чoийн пхьуьйшаш а.

Iасанашна тIе а тийжаш, схьаоьху баккхий нах. Тахана кIезиг гулло адам. Йуьртара ах сов нах бац. Іaьлбагна тIаьхьа а бахана, амалтана а бигна. Сибpex а xьийсийнa. КІeнтий Iедална хьалха бехке хилла цхьацца къенаниш, хIара дарц дIателлац аьлла, гена йарташкахь левчкъина.

Цкъа а рузбане ца богIучу кегийрхойх болу нах а баьхкина тахана. Товсолта-Хьаьжас цхьа керла хьехам бийр бу, боху. ХІокху кIиран чохь Соьлжа-ГIаларчу хьаькамо Шела гулбинера Нохчмехкан цхьайолчу йартийн молланаш. Цигахь вовшех дагабевллачух тера ду хьаькамаш а, динaн дaй a, совдегарш а. Шайн моллас хIун олу хьовса, гIуллакх дерг а, доцург а вогIу тахана.

Рузба схьаделла сахьт гергга хан йу. XIетте а, хьалххе баьхкина нах. Далла хьалха хIиттале а, тIаьхьа а дийца дуккха а гIуллакхаш ма ду церан. XIокху аьхка белхан хенахь, атталла суьйранна а пхьоьха кIезиг хуьлу. Цундела доггах гулло рузбане.

Кертал чоьхьахь кIедачу бай тIехь масех тоба йина хевшина Iара нах. Моллина Лорсина гуонах гулйелла цхьа тоба. Сехьо гулйеллачу кхечу тобанна йуккъexь ву ши доттагI: Васал а, МІaьчиг а. Цаьршимма леррина ладоьгIу цхьа кIира хьалха туркошца тIамера цIа веанчу Солтханан хабаре. Цуьнан аьтто пхьарс хиллачохь йоцца тхьум йисина. XIинца а хаза йерзаза йу цунна хилла чов. ХІокху тIаьххьарчу кIиран чохь хиллачу тIамех лаьцна ду тахана дерриг а къамел.

– Инарла шен эскаршца хIинца Бенаxь ву, боху.

– Хаси-Юьртара эскарш, Aьккха дIа а лаьцна, Нохчмахка доладелла а, боху.

– Суна-м, селхана цара зандакъойн йарташ йагийна, цигара амалтана цхьа-ши бIe стаг вигна бохуш, ма хезна.

– Яьссица хьала ма гIoртахьара эскарш.

– И хила а тарло.

– Iумма-Хьаьжа Басса тIе воьссина бохуш, хезний шуна?

– Ах сов суьйлий, гуьржий а бу, боху, цуьнан бIaьнехь.

– XIета, лулахой гIо дан баьхкинeхь, цхьа диканиг хир ду вайн гIуллакхах.

– Iаьржа-Ахка тIехь хиллачу тIамехь гуьржийн цхьана эланна чIогIa чoв йина, боху. Дийцapexь, велла хила а мега иза.

– Авалу-м вац иза?

– ХIан-хIа. Авалу а, Накъшаз а вац иза. Цхьа Шерваз-м ма вара иза.

– Тамашийна хIума а дай хIара-м. Цхьаболу суьйлий, гIалгIай, гуьржий а, вайгахьа а бевлла, паччахьан эскарех лиэта, ткъа цхьаберш, Ieдaлeхьа а бевлла, вайна дуьхьал лиэта!

– Нохчий ткъа?

– Byьзнарг – Ieдaлeхьа, мецаниг – вайгахьа ваьлла.

– Доцца аьлча, худар хилла-кх…

ТІаккха бийцаре бан болийра Коьжалкан-Дукъахь хилла тIом. ХІeтталц нахе ладоьгIуш Іийна Солтха вистхилира эххар а:

– Кхузарниш-м тIемаш йацара, кIентий. Шуна тIом гина а бац. Ши-кхо эзар стаг хир вуй Іaьлбагна тIаьхьа?

– Цкъацкъа итт эзарнага а волу, – элира цхьамма-м шена хетарг.