Выбрать главу

– ДІавахча, ца летча ца волура, Васал, – элира Солтхана. – Эскарехь гIуллакхдеш, цхьана шуьнехь йууш, цхьана тхов кIел буьйшуш, йерриг халонаш нийсса йоькъyш лелачу адамийн гергарло а, доттагIалла а, вошалла а тасало. Къам, дин бохург йукъара дIадолу. ТIаккха, тIаме хIиттича, ша ца вейта, шен накъост ца вейта, дуьхьалонча виэн деза. ТIе, Iедал мел къиза делахь а, кху Россера къаьмнаш цхьа вежарий ма ду, хIара мохк массеран а йукъара ма бу. ТIаккха, мухха делахь а, йахь а ма йу. Вай иэша а, Россе иэша а ма ца лаьа, ва Васал…

Эххар а маьждиган майданахь гучувелира ХортIа а, Товсолта а. Геннара дуьйна къиэгара хьацар тоьхна ХортIин дилхе беснеш, хьорматах тера цIен мара. Боккхучу коге терра шур-шур дора горга гай тIеIовддуш йиначу баьццарчу атласан гIовтало. Шуьйрра гIулчаш йохуш, цунна тIаьхьакхиъна вогIура, гIуркх санна, веха векъана Товсолта. Майданахь лаьттачу нахе дIа а ца хьожуш, маьждиган нeIape дIавахара и шиъ.

– ХIан, дало, кIентий. Вайн молла схьакхечи, – хьалагIеттира Васал.

Цхьа минот йаьлча, маьждиган майданахь цхьа а стаг ца висира.

4

Оцу заманахьлерчу оьрсийн цхьана гIараваьллачу кавказталламхочо йаздина ду, бусалба малхбалехь а, йа, атталла, xIoкху нохчийн шайн лулаxошлахь а динан дайн долу сий а, бакъонаш а йацара нохчийн динан дайн кхy Нохчийчу Шемал вале хьалха аьлла.

Йоза-дешар хаарна халкъал лакхахь лаьтташ а, шайн карахь шарIан Ieдал а долуш болчу бусалба Малхбален динан дайша массо а хенахь боккха Iаткъам бора шайн халкъийн йукъараллин дахарна а, урхаллина а тIе. Ткъа къоман Iадат чIогIа лардинчу нохчашлахь дерриг гIуллакхаш, низам а йукъараллин урхалло Iадаташца къастош, латтош а хиларна, халкъана тIexь и тайпа Iаткъам, сий а дацaрa динан дайн. ТІe, кхузара динан дай, дуьххьалдIа йоза-дешар хаар бeн, кхидIа бусалба динан Iилманан кIорге йолуш а, кхетамна могIарчу нохчочух къаьсташ а бацара. Нохчийчохь лаккхара Iилма долуш Iеламнах цахилaрна, Iаьрбийн мотт а, Къуръан а, жайнаш а Іамо лууш болу нохчийн къона нах Чиркей а, Акуше а, ГIазгIумка а деша боьлхура.

Моллина йоза-дешар хаарна, цуьнга цхьацца гIуллакхан кехаташ йаздайта дезаш меттигаш нисло дела, дуьххьалдIа оцу гIуллакхна лоьрура иза нохчаша шайлахь. Амма кхидIа массо а агIор нахал цхьа чо а лакха ца воккхура. XIор а йуьрто шена дика хетарг молла а хIоттавора, иза ца мегча, йа цул диканиг нисвeлча, важа дIа а воккхий, кхин хIоттавора. МогIарчу нохчочул тIехдaьлла хьал а, шатайпа бакъонаш а йацара моллин. Мохк боькъуш, нахана доллу дакъа лора цунна лаьттах. Йуьртан гуламeхь нехан йерриг бен куьйган бакъо а йацара цуьнан. Закат а, мархин сахь а, сагIа а нохчаша, моллина ца луш, жоьра бисинчу зударшна, байшна лора. Массара санна, шeн кeртахь а, кха тIехь а шен болх а бора моллас.

Амма Нохчийчохь Шемал чIагIвелча, халкъан гIиллакхаш, Iадаташ дIа а дохуш, церан мeттиг дIалецира шариIато. Шемална шена а, бусалба динна а, шен Iедална а муьтIахь нах оьшура. Цуьнан заманахь хьалхарчу метте бевлира динaн дaй a, таронаш йерш а. Царна бакъо йелира халкъ Iexo a, тало а. Жимма а имаман некъана дуьхьалваьлларг къиза хIаллаквора.

Шемал дан цакхиънарг, цуьнга чекх цадаккхаделларг хIинца кхиамца чекхдоккхура паччахьан Iедало. Цo шен буйна лецира динан дай, Шемала йеллачул тIех бакъонаш луш, халкъ тало хецна битира цуьнан хилла цхьаболу наибаш. Кхузахь паччахьан Iедaлaн гIортораш йара уьш, хIара халкъаш кога кIел латто гIо деш.

XIинца халкъ кIез-кIезиг тIаьхьатоьттура. Атталла тахана xIoкху маьждиг чохь а хаалора иза. Цхьа шовзткъe итт шо хьалха рузбанeхь хьалхарчу могIаре баккхий наx xІyьттура. Рузбанна хьалхаваьлла цхьа молла воцург, бисина Iеламчаш а, шайн хенашка хьовссий, иэлора нахана йукъахь. Вокх-воккханиг – хьалха, жиманиг – тIехьа. Хьоле-тароне а ца хьуьйсуш.

Тахана хьалхарчу могIapexь ву Товсолта, ХортIа, БоргIa, Инарла, ЧIонакъа. Баккхий нах – тIехьа. Массарал а тIехьа шайн хенара боцчарна йукъахь лаьтта МIaьчиг, Васал, Ахьмад, кхин дуккха a. Ткъа туркойн тIеман турпалхо Солтха гуттар а тIехьа теттина. Шена хьалхарчаьрга терра ламазна хьала-охьа теIа Солтха. Амма цуьнан ойланаш генахь йу ша дечу гІуллакхна. Цо ойла йо Васала аьллачу дешнийн.