Выбрать главу

Цхьанне а ца хаьара Солтха туркошца тIаме хIунда вахана. Туркойн паччахье цабезам хилла а, йа оьрсийн паччахье безам хилла а ца вахара иза. Къоьлло вахийтира. Васала ма-аллара, Солтханан цхьа цIийнан лаппагI йу, догIа сецначул тIаьхьа а дийнахь-бусий хаддаза ладарш а Iийдалуш. Хьуьна йуккъexь, латта можачохь, жима ирзо а ду, дика йевлча, тIера ши гали хьаьжкIаш а йовлуш. Йалх газа а.

Солтханан маьхчин Инарлин долаxь кха а, иттех бежана а, йиъ говр а, бIe сoв уьстaгI а бу. Миска Солтха хIор а шараxь вецара Инарлина. ХІeттe a, цкъа а декхаршна кIелхьара а ца волура. Maceх туьма ахча а, масех гали йалта а декхарийлаxь вара иза Инарлина. Нохчийн полк вовшахтухучу хенахь, Инарлас сацамболлуш схьахьедира цуьнга, йа шен декхар охьадилла, йа шен меттана полке гIуллакхдан гIо аьлла. Солтханан некъ бацара кIелхьарвала. Говр а, говран гIирсаш а, герз а Инарлас делира цунна. Солтха полке вахара… Иза къен ма вара. Цуьнан ницкъ ма бацара декхарш такха, хьолахочуьнца къийса…

XIорш БуритIера дIа а бовлале, туркошца тIом болабелира. ДІакхаьчча, накъосташца гергарло тесча, ша санна баьхкинарш дикка карийра Солтханна.

…Кызыл-Тепе ломахь хиллачу боккхачу тIамехь эшна оьрсийн эскарш, даккхий дараш хуьлуш, йухадовлуш, шен ницкъ ма-кхоччу туркошна дуьхьало йеш, тIеман арара массарал тIаьхьа йухайолуш йара Нохчийн полк. Инарлин Мухтар-пашин дошлой бара, хIокхеран кIажаш хьоьшуш, тIетеIаш. Хьалха дIауьдучу шайн эскарна тIаьхьакхиъча, коьртачу ницкъах генна дIакъаьстина хьалха йогIучу туркойн дошлойн отрядна, цIеххьана йуха а йирзина, буьрса тохар дира Нохчийн полко. Йукъ-йукъа топ-тапча тухура, амма оцу тасадаларехь коьрта герз тур дара. ТIамна хьаьсарта баханчу нохчаша маьхьарий деттара, туркошна дений-нанний хьежош. Солтханна дуьхьал нисвелира Iаржачу аматахь зоьртала дошло. Солтха ша майра, каде тIемало вара, полкехь а дика цIе йоккхуш. Амма оцу дошлочуьнца ца ларавора. Цо виэларца йухатухура хIокхо дIа мел ден тохар. Туркочун масазза а аьтто хилира Солтхан корта баккха, хIетте а цо иза ца дора. ХIокхуьнан тур кагделча, корта а ластийна, гIайгIане велавелира турко.

– Соьца ларор вац хьо, жима къонах, – элира дошлочо цIеначу нохчийн маттахь. ТIаккха, хIара шен йийсар хилар кхечарна хаийта, Солтаханан белша тIе чIапалашкахь тур диллира цо. – Ас маршо лур йу хьуна, хьоьга масех дош а аьлла. Вайша, ши нохчо, вовшахлиэта, цхьаъ – туркошкахьа, важа – оьрсашкахьа. Вайшиъ саннарш кхин масех бIе ву шиний агIор. Тхо туркойн паччахьан дуьхьа а, туркойн дуьхьа а ца лиэта кху тIамехь. Вайн халкъ ах хIаллакдинчу, эзарнаш дай махках баьхначу, даймахкахь бисинчарна тIехь къиза Iазап латточу оьрсийн паччахьах бекхам оьцуш лиэта. Ткъа аш хIун леладо? Цкъа-делахь, оьрсийн паччахьо болийна харцонан тIом бу хIара. ШолгIа-делахь, и оьрсийн паччахь вайн халкъан мостагI ву. Шу хIунда хIиттина цуьнан эскаре, шу хIунда даьхкина цуьнан мохк шорбан, шаьш санна, кхин халкъаш лолле дерзо, бехкбоцчу адамийн, тIе, вай санначу бусалбанийн, цIий Iено? Кху тIамехь шиний агIорчу нохчаша мел турпала хьуьнарш гайтарх, толам, хастам а оьрсашний, туркошний буьсур ма бу. Сан къамел дIатоха хьайн накъосташка. Со Бенарчу ГIадон кIант Габа ву. ХIинца дIагIо…

…ЦIеххьана набарх ваьлча санна, дIаса бIаьрг тоьхна, ладуьйгIира Солтахана.

Цхьанхьа, тхов тIера долуш санна, Товсолтин мукъаме аз хеза Солтханна. Аз лоьхуш, дIасакхарстийна цуьнан бIаьргаш мимбарна тIехь совцу. Хьалавала йалх тIегIа долуш лами a xІоттийна, лакха айъина, хаза, говза бустамаш а дохуш, бес-бесара басарш а хьаькхна кечйинчу, гIутакх санна, жимачу мимбарна чу а хIоьттина, хьехам беш воллу Товсолта. ГIезачух тера лаг цкъацкъа дахло, тIаккха озачу, гаттийчу белшаш чу таьIа. Йегайо ирачу чIениг буьххьера нилха, газанчух тера хьаьрса маж. Цкъацкъа аз зевне долу, тIаккха, йиш хаьлча санна, дов маьждиг чохь, кхузахь дакъа Іyьллуш санна:

– Везачу Дала, азаллехь Ша синош кхуллуш, хIоранга а шена оьмар тохийтина, хIоранна а ницкъ, амалш йелла, хIоранна рицкъанаш делла. Азаллехь синош кхуллуш Дала цIе тоьхнарг бен, адамийн паччахь хила йиш йац… – дека Товсолтин аз. – Тахана вайна тIехь паччахьалла деш волу Элксандар Дала хIоттийна ву, цуьнан гIoьнчий, областан хьаькам, окурган хьаькам, пурстоп, хIара вайн йуьртда ХортIа – берриг а Делан лаамца лелаш, вай лиэра безаш, вай сий дан дезаш нах бу. Цара дIакхоьхьy Iедал Делера ду. Цара ден таIзар а, цара бен къинхетам а Делера бу. Цаьрца къyьйсург, церан лаамна дуьхьалваьлларг Делаца къyьйсуш ву. Оцу стаге кханалерчу эхартан дийнахь хоттур ду, йа ибн Адам, хIай Адаман бер, Ша хьайна тIехIоттийначу Iедална, Іeдaлaн дaйшна дуьхьал хIунда ваьллера хьо, Ша хьайна белла кхоллам хийца хIунда гӀиртира хьо, Шеца хIунда къийсира аxь аьлла…