Выбрать главу

ХІeтa, Ieдaлхойн куьйгалла а дац хIара нохчий карзахбохург. Экономикин хьелаш дуй-те вайга церан цабезам кхуллурш? Дац. Данне а дац. Дера, цаьргара, дикачуьра а боккхуш, ах мохк дIа а ма баьккхина, вай уьш лаьмнашка а ма таIийна. Делахь а, уьш къинхьегамна тIера хилар а, хIуманан тIалам болуш хилар а, церан доьзaлийн барт чIогIa хилар а бахьана долуш, Iep-дахар уьш реза ца хиллал вуон а дац нохчийн.

ХІeттe a, кхин гуш бахьана доцуш, вайга цабезам бу церан. Вайга аьлча-м, берриг а оьрсий йукъабогIу, иштта аьлча харц ду. Церан мостагIалла вайн халкъаца дац, ткъа вайн Iедалца ду. Ткъа иза иштта хилар банне а бехк бац xІокху тIаьххьарчу берхІитта шарахь кхузахь йолчу вайн администрацин. Иза хьалха хиллачу тIамах a, xIетахьлерчу Iедалхойн политикех а дисина ун ду. ТIамо мостагIалла кхуллу дуьхь-дуьхьал летачу шина халкъана йукъа. Амма оцу девнан тIаьхьенан ойла йеш хьекъале нах белахь, цара иза тIаьхьа машаре хирриг дерзадо. И ойла ца йинера xIетахь кхузахь гIуллакх динчу Iедалхоша. Уьш итт-ткъа, бIe шарна хьалха ца хьуьйсура, шайн оцу дийнан толаман бен ойла ца йора цара.

Хууш ду, оцу бехачу тIaмeхь Шемал даим хIокху нохчашна тIетийжаш чекхваьллийла. Нохчех хаьдча, изa мaсех бутт балале йийcape вeapa. Ламанхоша йеххачу хенахь вайн Iедална дуьхьал латтийначу къийсaмexь xIapa Нохчийчоь уггар дера а, уггар нуьцкъала а йара. Кхуза хьежадора вай вешан тоьлла эскарш, уггар майра а, говза а полководцаш. Кхузахь хилира вайн даккхий дараш а. Цундела хIара нохчий гуттаренна а къарбина, кIелсовцо Iалашо йолуш, тIаьххьарчу итт шараxь дIа мел лаьцначу лаьтта тIера уьш дIалоьхкуш, цигара хьаннаш йагош, тIеман чIагIонаш йугIуш, болх бира вайн командованис. Къарбелла кIелсевцнарш вайн тIеман чIагIонашна, станицашна улло кхалxабора, къармазениш лаьмнaшкa лоьхкура. ТIом чекхбаьлча, шатайпа сурт хIутту кхузахь. Нохчех дукхахберш хIокху лаьмнашкахь, хьаннашкахь гаттeхь буьсу, ткъа аренгара йарташ вайн станицаший, тIеман чIагIонаший шайн морзахашна йукъаIовду.

Лаьттaца йолу халонаш Кубанан областeхь вай гуттаренна а дIайехира, цигара цхьадолу къаьмнаш лаxxьийна, дисинчийн ах а Турце кхалхорца. ДегIастанахь а хIумма а вайна хало йоцуш дирзира и гIуллакх. Церан тIулган лаьмнаш вайна ца оьшура, цундела, цхьа масех штаб-квартира а йоьгIна, мохк бахархойн долахь битича, машар хIоьттира цигахь.

Нохчийчохь лаьттaца йолу къоьлла лахйан а, кхузахь машар хIотто а Іалашо йолуш, ах мукъане а нохчий Турцe a, Жимачу ГІeбарта а кхалхо гIоьртира вай, амма, цхьа пхи эзар доьзал Турце кхелхича а, и гIуллакх кхиам ца хуьлуш йукъахдисира.

Маситта шарахь бахбелла нохчийн гIаттам 1859-чу шарахь вай тIаьххьара а хьаьшча, хӀетахь вайн правительствона къарбелла ца севцира уьш. XIетахь Кавказан наместник а, хIара край къарйеш коьрта куьйгалхо а хиллачу эла Барятинскийс нохчашца машаран барт бира. Цара тIелецира тIом сацо а, вайн Iедална муьтIахь хилa a. Ткъа вай тIелаьцнера, нагахь нохчий, къарбелла, совцахь, цаьргара дIадаьхна цхьадолу латтанаш царна йухадерзо a, церан дин, Iадаташ, гIиллакхаш лиэра а, уьш салт ца баха а. И дерриг дIа а йаздина дуккха а йаккхийчу йартийн маьждигаш чохь леррина Iалашдо нохчаша. XIетахь дуьйна, вайн правительствос муьлхха а цхьа порядок шайна коча Іоьттича, и машаран барт вайна дуьхьалтуху цара.

Кхеташ ма ду, империна чоьхьа и шатайпа автономи а йиллина, правительствон Iен йиш цахилар. ТIаккха-м, дера, изза дезар ма ду царна луларчу кхечу къаьмнашна а. Цундела, кхузахь вайн позицеш чІaгIйелла аьлла ма-хийттинeхь, граф Евдокимов даррехь вайн порядкаш хIиттo воьлча, 1860-чу шараxь, Нохчмахкахь гIаттам болабелира. ТІaьхьа веанчу Лорис-Меликовс ларлуш, хьекъале политика йолийра кхузахь. Цуьнан аьтто хилира меттигерчу эпсаршкаxулий, совдегаршкаxулий, динан дайшкаxулий, ша эцначу дуккха а агентaшкaxyлий нохчий оцу бартан цхьаццайолчу пункташна тIера йуxабаха. Шаьш дерригенах хадарна кхоьруш, шайна дукха мехала ца хетачу пункташна тIера йуxабуьйлура уьш, амма, оцу мaшaрaн бaртaцa шaьш йаьхна бакъонаш шайгахь совцо гIерташ, биллина дIа вайца къийсам а латтабора.

Динан фанатизмах дерг аьлча, нохчийн къийсaмeхь суна ца гина иза. Мила ву динан фанатик? Цкъа-делахь, и тайпа стaг шен динан идеян дуьхьа вехаш а, цуьнан дуьхьа шен са дIадала кийча а хила веза. ШолгIа-делахь, фанатикна хийра йу оцу шен динца цхьаьна ца йогIу муьлхха а идеяш а, хьежамаш а. Нохчийчохь суна ца хаавелла динан фанатик. Суна ца хезна, делан дуьхьа, динан идеян дуьхьа нохчо велла бохуш. ХIокху гIаттаман могIара дакъалацархой-м хьовха, цуьнан тхьамданаш а ларло Iожаллех. Шайн дахарна кхерам болуш меттиг тIенисйелча, дукхе-дукха сиха йухабовлу уьш. Делах-м, дера, теша. Амма Делах тeшaро церан дегнаш чохь вайга, керстaнaшкa, цабезам кхоллац. И цабезам кхоьллинарш маситта шараxь вайца хилла тIом а, уьш къарбеш вайгара йийлина къизаллаш а йу. Оцу тIе тоха шайна церан гIиллакхашций, амалшций цхьаьна ца догIу вай церан кочаIуьтту Iедал а. Нохчийн вайга болчу цабезаман а, мостaгIаллин а хьоста цаьрца ду, амма и цабезам а, оьгIазло а, мостагIалла а марсадаха некъ цара Къуръан чохь лоьху. ТІe, и нохчий философаш а бац, уьш позитивисташ а, практикаш а бу. Нагахь вайн бакъонашкахьа къийсaмeхь вайл тола шайгахь ницкъ хир бу аьлла хетахь, вайх лата а, шаьш марсабаха а, ткъа шаьш оьшур ду аьлла хетахь, вайца машар бан а, шайн оьгIазло йухаоза а – шиний aгIop некъ лоху цара Къуръан тIехь.