Выбрать главу

Амма, дукхахьолаxь, уьш бохаме тоьттург церан сонталла йу. ХІокху гIaттaмeхь суна сайн бIaьргашца гина церан кегийрхой вайх леташ. Цара суна дагадохкуьйтура Парижан баррикадашкахь лета ураман бераш, блузникаш. Цхьа а тайпа оьгIазло йоцуш, цхьана а тайпана тIаьхьалонна ойла ца йеш, самукъане летара уьш!

Ткъа муьлш бу кхузахь мятежникашна коьрте xIyьттурш? Авантюристаш бу-кх. Шайн мерал дехьара дуьне а ца гуш болу. Церaн мaсex Iалашо хуьлу. Цкъа-делахь, халкъана хьалха шайн авторитет айъар; шолгIа-делахь, йоццачу ханна мукъана а халкъана коьрте хIиттар; кхозлагIа-делахь, оцу кIеззигчу ханна шайн буйна нисделлачу халкъан ницкъаца вайн Iедал а кхерийна, вайгара мелла а шайна пайдехьа дерг даккхар. Ткъа шайгарчу халачу хьоло бIарздина, дардина, цхьаъ хьалхаваларе хьоьжуш ладоьгIy coнтa aдaмaш, шайга мохь ма-туьйххинехь, бажа санна, царна тIаьхьахIуьтту.

Доцца аьлча, нохчий ца теша вайн Ieдaлeра шайна диканиг хир ду бохучух. Церан аьттонна правительствос долийначу муьлххачу а гIуллакхах нийсса бIocтaнeхьа кхета уьш. ТІом чекхболуш вайн правительствон цIарах шайна йелла бакъонаш, кIез-кIезиг йохуш, лаxxьийна шайгара дIайахарна кхоьру. И дерриг бахьанаш кхаа дашца алалур ду: нохчийн сихалла а, сонталла а, кхетамзалла а.

TIаккха ас хаьттира инарле, нохчийн хIокху гIаттаман а, туркошца болчу тIеман а вовшашца зIe йуй-те аьлла.

– Нахана моьттучу агIор-м йац, – жоп делира инарлас. – ХІaра гIаттам а, туркошца вайн тIом а цхьаьна нисбаларна, нахана моьтту нохчий туркойн барта гIевттина. Изa aьттехьа а дац. Балканехь вайн а, туркойн а йукъаметтигаш галйийла йоьлчхьана, лурчах дуьйна Кавказски эскарийн командованис дукхе-дукха леррина тергам латтабо, хIокху лаьмнашка туркойн эмиссараш богIий хьоьжуш. Командованина ца хаавелла кхуза веана туркойн агент. Амма кхин цхьаъ ду. Туркоша кхузарчу ламанхошца шайн зIe Макка оьхучу нахаца лелош хилар гучудаьлла дукха хан йоццуш.

ДегIастанарчу цхьацца наха и зӀе латтайо Турцexь вехачу Шемалан кIантехула – ГIеза-Махьмехула. Мелла а цаьргахула дIа цхьацца йазораш хилла Шемалан наиб лаьттинчу Дуев Iуммин а. Амма нохчийн хIокху гIаттаман тхьамданийн туркошца цхьа а тайпа зIe цахилар гойту и гIаттам ша-шаха болабаларо а, Константинополе лерг диллина Iен Iаьлбаган ДегIастанара бартахой цунах дIацакхетаро а. Iумма дегIаcтанхошца барт болуш хилар а, xIoкху гIаттаман тхьамданашца цуьнан цхьа а тайпа йукъаметтиг цахилар а гойту иза тIаьххьалц тийна Iаро.

ТIe, xIoкху нохчийн ойланаш шайца цхьана динарчу туркошца йу бохург а хета суна цхьа а тайпа бух боцуш. Шаьш вайца латточу къийсaмeхь даим а шайна аpахьара гIо леxна ламанхоша. Шаьш оцу хьелашка хIиттича, хьалхара орца туркошка олура цара, уьш шайца цхьана динeхь хилaрaл сов, дозанал арахьарчех уьш уггар гергахьара лулахой а хиларна. Цул сов, даим вайца мостагIалла долчу туркоша, вайний, ламанхошний йукъерчу девнех пайдаэца Iалашо йолуш, шаьш и дов кIамдеш, марсадохуш, тIаккха шайга орца олуьйтуш меттигаш a хилла. Амма ламанхойн цкъа а ойла хилла йац туркойн Iедална кIелбаха. И хуучу туркоша хабарел а, питанел а тIехбевлла цкъа а гIо ца дина царна. Доцца аьлча, ма-дийццара, хIара ламанхой кIорггера бусалбанаш а хилча, туркошкахьа шайн безам а хилча, оьрсашкахьа цабезам а хилча, вайн эскаршка а хIиттина, хIорш туркойх лата тIаме гIур бацара. Ткъа, шуна ма-хаъара, туркошца xуьлчу вайн массо а тIеман кампанехь жигара дакъалоцу ламанхоша. Тахана а туркойх майра а, доггах а лиэташ нохчийн цхьаъ а, дегIастанхойн шиъ а полкаш а, дисинчу ламанхойн къаьмнийн бIaьхаллин дакъош а ду. Оцу масалша гойту, хIорш вайн Iедална мел шаьш реза бацахь а, Россина муьтIахь хилар…

Ас тIаьххьара а хаттар дира инарле:

– Хьан локхалла, ахь дуьйцург а, тахана кхузара вайн гIуллакхаш а цхьаьна ца догIуш хета суна. Доцца аьлча, ахь дийцарехь, нохчийн гIаттамаш вайн администрацин политикин а, гIалатийн а жамI хуьлу. Хьан къамеле ладоьгIча, хаало нохчех мелла а хьан доглозуш хилар. ХIетте а, суна хаарeхь, хьалхалерчу тIeман а, граждански а администрацин гIалаташ а нисдина, Нохчийчохь машар а, синтем а хIотторна керлачара а ца дина хIумма а. Мелхо а, тахана оцу гIалаташна йа, нийсса аьлча, оцу харцонашна дуьхьалойийраш къинхетамза хьоьшу…