Выбрать главу

Сан хаттар ца тайначу инарлин хьаьжа йуккъе шад xIоьттира. Схьахетарехь, ишттачу хаттарна хьалххе дуьйна кийчча хиллачу цо сихха жоп делира.

– Цкъа-делахь, господин Абросимов, хьалхалера гIалаташ нисдан йеxxa зaмa оьшу. ШолгIа-делахь, уьш нисдар а, кхузахь машаррий, синтеммий хIоттор а сан лаамехь гIуллакхаш дац. ТІaьххьара а, сан гуманни ойланал лакхахь лаьтта пачхьалкхан хьашт-дезарш а, Iалашонаш а. Пачхьалкхан чоьхьарчу хьелаша а, арахьарчу йукъаметтигаша а, къаьсттина а шена тIехьа вайн нуьцкъала мостагIий лаьттачу туркошца болчу хIокху тIамо а со тIeтоьтту, къинхетам боxург диц а дина, даге лa a цa доьгIуш, нохчийн гIаттамца дерг сихха а, гуттаренна а чекхдаккхарна.

Инарлин шийлачу бIaьргашка хьаьжча, кхидIа хеттарш эрна хиларх кхийтира со…

* * *

Ламанхой, къаьсттина нохчий, вайна дуьхьалбахарна бехке вайн эскаршкахь гIуллакхдеш хилла кхечу мехкийн эпсарш а хетало суна. Царах дукхахболчарна биэн а ма ца хета Россин а, цунна чуьрчу халкъийн а кхоллам. Уьш шайна чинаш, титулш, хьал а лаха ма богIу вайн махка. Ас буьйцурш дуьххьара Нохчийчу йаьхкинчу вайн отрядийн командираш Кох, Фрауендендорф, де Медеми, Кек, Рик, Пьери а, кхиболу а кхечу мехкийн авантюристаш бу. Цара йоккхачу къизаллица xьийшира шайна тIехь олалла латточу луларчу феодалашна дуьхьал болу нохчийн гIовттамаш. ХIаъа ткъа, и шайн къизалла вайн правительствон цIарах ма лелайора оцу эпсарша. Нийсса аьлча, церан къизачу гIуллакхашка бIaьргаш хьаббой хьоьжура правительство а. Церан болх хета суна Шайх Мансур коьртехь Нохчийчоь гIаттар. ХIеттахьехь вайн правительство кхетаме йеана хиллехьара! Цо и хьере эпсарш а, инарлаш а йухаоьзнехьара, хIокху тIаьххьарчу иттaннaш шерашкахь оццул цIий Iенна хир дацара. Амма и ца дира вайн мундираша. Оьрсийн пачхьалкхан, оьрсийн герзан сий лардан дезаш хийтира! Цкъа цхьанаметта къиза тохар дина нохчий къарбарца, кхузарчу дисинчу къаьмнийн ишттаниг лелорах догдаккха деза аьлла хийтира. Амма нохчашна дага а ца догIура къизаллина кIел совца. Вайн правительствон цхьана къизалло кхин кхуллуш, деха кочар хилира цунах. Шо-шаре мел долу, кIарглора вайн инaрлaший, чиновникаший ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йуккъехь охку ор. Шина къомана йукъахь машар кхайкхоран меттана, оцу шинна йукъа питанаш туьйсуш, йуккъexь мостагIалла марсадохура. Генна хьалха хьуьйсучу хьекъалечарна гора оцу гIалатечу, къизачу политикин хинйолу тIаьхье. ТIаьхьа делахь а, кхузахь дIакхоьхьу политика хийца йезар хьийхира цара. ХIетахь, йуьхьанца, поэтан Грибоедовн а, тIаьхьа инарла Раевскийн а, хIинца тIеман министр волчу Милютинан а хьекъалечу хьехамашка вайн правительствос ладоьгIна хиллехьара! Цхьамзанаш йуьстах а тийсий, хIокху къоман Iер-дахаран, гIиллакхийн, амалийн хьелаш тидaмeхь а латтош, ларлуш, сих ца луш, кIез-кIезиг вешан йукъараллин дIахIоттам хIокхаьрга тIеэцийта вай, хIорш мах лело, бахам кхио Iамабе вай, кхузахь школаш, больницаш йохкуш, xIокхарна йукъа лаккхара культура, серло йаржайе вай, бехира цара. Амма вайн правительствос ла ца дуьйгӀира цаьрга. Мелхо а, тIеттIа алсамйохура къизаллаш.

Иттаннаш шерашкахь тIом биначул тIаьхьа, 1859-чу шараxь, шайца машаре бартбар дийхира нохчаша. И барт цаьрца бира фельдмаршало Барятинскийс. Амма, кхузахь шен ког хIоьттича, масех шо хьалха цаьрца бина и машаран барт а бохийра вайн правительствос.

Вайн зорбaнeхь а, килсашкахь а кхайкхадо, нохчий оьрсашна дуьхьал гIевттина бохуш. Амма иза бакъ дац. ХІокху гIаттаман тхьамданаш хIумма а сонта бац. Царна дика хаьа зуламан а, шайн къомерчу къоьллин а, бохамийн а хьоста мичахь ду. Царна хаьа и зулам, бохамаш правительствос кхуллийла. Цунна дуьхьал айъина цара шайн герз. Цунах дика кхета правительствос йузийна нохчийн къоман лакхенаш а. Хаьа, гIаттам толахь, уггар хьалха шайн баккъаш кеглур дуйла. Цундела цара шайн ницкъ ма-кхоччу правительствона гIо до хIара гIаттам хьаша.

Сийсара, са а гатделла, жимма хан йайъа Евгений Иванович волчу вахара со. Сан цецваларан доза дацара хIинца цуьнан хIусамехь къена, цамгаре нохчо карийча.

– Вовзал вовшийн, – дуьхь-дуьхьал хIоттийра тхойша хIусамдас. – Сан университетски доттагI Яков Степанович. Ткъа хIара, Яков Степанович, сан нохчийн доттагIех уггар гергарниг – Берса Рохьмадович. Оьрсийн эскарехь гIуллакхдарца капитанан чин делла хIокхунна, шен халкъан маршонехьа къийсарна – итт шо каторга а, цу тIе, чахотка а.