Выбрать главу

Нохчочун професси а, могашалла а цхьаммо а йийца а ца оьшура. Цуьнан мокха йуьхь хебарша аьхнера, сирбелла корта тиллера кIеззиг чоьш бен ца дуьсуш. ДIа мел доIучу сица хьаз-хьиз хезара. ХIетте а, дегIе бIаьрг тоьхча, багах долучу даше ладоьгIча, шера хаалора иза кадрови эпсар хилар.

Евгений Ивановича стоьла тIе къаьркъанан шиша а, бепиг а, Iежаш а, самовар а хIоттийра. Берсас ца молийла хуучу хIусамдас цунна чай, тхойшинна къаьркъа доьттира.

– Вай цхьаьнакхетарна, сан хьомсарчу доттагIчун Берса Рохьмадовичан могашаллина тIера!

Хабарна тIерачу Евгений Ивановича суна дийцира хIокху Берсас Петербургехь кадетский корпусехь дешар а, венгрийн революци хьошуш дакъалацар а, оьрсийн революционер Алексей Гусев цуьнан герггара доттагI хилла хилар а, нохчийн маршонехьарчу къийсамехь тахана хIокхуьнан меттигах лаьцна а.

Цхьацца дуьйцуш, тахана банкетехь Свистуновс дийцинарг йукъаделира тхан. Нохчийн туркошца барт бу бохург хьахаделча, хаъал оьгIазвахара Берса.

– Нохчийн ойла туркошкахьа йу хIунда моьтту массарна а? – хаьттира цо. ТIаккха, тхойша вист ца хилча, шен хаттарна ша жоп делира. – Цаьрца цхьана а тайпа йукъара хIумма а дац тхан халкъан. Деккъа цхьа дин доцург. Тхан лулахой а уьш бац, цхьана цIийх а тхо дац, мотт а вовшашна аьттехьа а бац. Тхан дайша Шайх Мансуран заманахь гIо дехна туркошка-м хьовха, англичанашка а. Амма цара а йа вукхара а цкъа а цхьа топ йуза молха делла а, йа политикехула а, йа дипломатица а тхан халкъана дина гIо дац. Амма, цара гIо динехьара а, и гIо тхан халкъо схьаэцнехьара а, эхье хIумма а хир дацара-м, моьтту суна. ХIор а пачхьалкхо, хIор а къомо, шена тIе хала киртиг хIоьттича, уггар хьалха шен аьтто лоьху. Масала, полякийн шляхтин Iазапна дуьхьал шайн къоман маршонехьа къийсамехь туркойн султане а, Крыман хане а гIо дийхира малороссаша. Амма царна дагахь а дацара йа султанан а, йа ханан а Iедална кIелбаха.

Евгений Ивановича кхин а цхьацца кад боьттира тхойшинна.

– Вай-м ца бо нохчий бехке, – элира Евгений Ивановича. – Ахь нийса боху, Берса. Хала киртиг-м хьехор а йацара вай, паччахьаша-м, шайна кхин халкъ дIакхалла лиъча а, союзник лоху. Селхана мостагI хилла ши пачхьалкх, оцушиннах цхьаннан кхоалгIачуьнца дов доладелча, нагахь шайн Iалашонаш цхьаьнайагIахь, вовшашца барт а бой, кхозлагIчух лета. Наполеон Россина чувеача, вешан селханлерчу мостагIашца – австрийцашца, пруссакашца, англичанашца, туркошца – барт бира вай.

– Гена гIиртина хIун до вай, – тIетайра со а, – тахана Балканехь хIоьттина сурт гуш хилча? Вайца цхьана динехь болчу цигарчу славянаша, шаьш туркойн олаллина дуьхьал масазза гIовтту, Россига гIо доьху. Иза нийса а, бакъонца а лору вай, ткъа шайн маршонехьа гIевттинчу ламанхоша шайца цхьана динерчу туркошка гIо дехча, маьхьарий бовлу.

– Кхузахь хьо гал ву, Яков Степанович, – элира Берсас, ойла а йина. – Оьрсийн а, туркойн а шина правительствон политикийн Iалашонаш цхьаъ йелахь а – мехкаш дIалеций, кхин къаьмнаш лолле дерзой, амма жамIаш башх-башха нисло. Оцу шиний правительствона гIенах а дага ца догIу вовшаша Iазапехь дахко къаьмнаш маьршадаха. Амма оьрсийн правительствон Iалашонаш цхьаьнайогIу Балканерчу халкъийн лаамца. Россиний, Турциний йуккъехь тIом масазза хуьлу, Балканера халкъ маьршадолу туркойн Iазапна кIелхьара. Маьршадаьлла ца Iаш, хIораннах а йозуш йоцу пачхьалкх а кхоллало. Со тешна ву, хIара тIом а болгарашна маршо луш чекхбериг хиларх. ТIе, оьрсийн халкъан дог лозу шайца цхьана динехь, цхьана цIийх болчу цигарчу славянех. Церан маршонан дуьхьа, цхьа а тайпа шалхо йоцуш, шайн синош дIало оьрсийн салташа. Ткъа тхан, шайн «бусалба вежарийн» дуьхьа тIом бо бохучу туркойн правительствон а, йа туркойн халкъан а, йанне а йац и догцIена ойла. Нагахь, цхьа аьтто а баьлла, оьрсашна тIехь туркошка толам баккхалахь, хIара лаьмнаш церан карадахча, цара ламанхошна маршо, серло лур йара бохучух ца теша со. Паччахьан дукъ дIа а кхоьссина, ламанхойн коча шениг дуллур дара султано.

– Ахь ма-дийццара хилча, ламанхой Турце хIунда уьду? – хаьттира Евгений Ивановича.

– Оьрсийн правительствон харцонах а, къизаллех а, шайн къоьллех а бевдда. ТIе, Евгений Иванович, цхьа ламанхой хилла ца Iа Россера дIауьдуш. Маса эзарнаш оьрсий, малороссаш, белорусаш бахана Америке? Шайн даймок, шайн халкъаш ца дезаш ца уьду уьш цига, ткъа, хIара ламанхой санна, кхузарчу къизаллех, харцонех, къоьллех уьду. Нагахь шийтта шо хьалха нохчий Турце кхалхар царна туркой а, церан паччахь а везаш хилла моттахь, иза бакъ дац. Шайн гIаттам хьаьшча, кхелхина бахана дуккха а донски гIалгIазкхий тахана а бу Турцехь. Туркошца тIом хилча, оьрсийн эскаршна дуьхьал а лета уьш. Цигахь тахана а бу, европейски революци хьаьшча, бевдда бахана французийн, немцойн, полякийн, австрийн, венгрийн а бIеннаш революционераш. Тахана оьрсийн революционераш а бу, паччахьан Iедало Россера арабаьхна, малхбузе мехкашкахь баьржина. Кхолламо баьхна уьш шайн махках а, халкъах а. Тхешан маршо, даймохк ларбеш, тхешан ницкъ эшна, кIелдиссалц летта тхо оьрсийн паччахьна дуьхьал. Амма тхан жима халкъ эшийра дуьненахь нуьцкъалчарна йуккъехь а нуьцкъалчу оьрсийн империс. Тхан бертаза кочадеана паччахьан олалла. Тхуна мел ца лаахь а, ца дезахь а, Россица, оьрсийн халкъаца бу тхан исторически кхоллам. Тхаьш санна, Iазапехь доллуш оьрсийн халкъ хиларна, цуьнан гIоьнца мацца а цкъа тхайна маршо а, ирс а хиларх дог а доху.