Выбрать главу

ТIаккха тхан къамел туркошца тIаме йаханчу нохчийн полкана тIеделира.

Берсас гIайгIане корта хьовзийра.

– Даим туркоша, персаша хьийзош бIарзбинчу гуьржаша, шаьш Турцина, Иранна йа Россина цхьанна кога кIел дахаза ца довлийла хиъча, оцу кхааннах цхьаъ къасто дезаш, кхо некъ хIоьттича, шайца цхьана динехь йолу Росси къастийра. Дера, тхан а ма бу тхаьшца цхьана динехь болчу туркошка озабезам. ХIетте а, тхан дай цкъа а ца хIиттина туркойн, персийн, кхечу бусалба паччахьийн байракхаш кIел. Уьш, тхаьш санна, бусалбанаш хиллехь а. ХIара таханлера туркошца болу тIом – дуьненан нуьцкъалчу паччахьийн а, пачхьалкхийн а политикин, девнийн а тIаьхьало йу. Ишттачу тIамехь дакъалацар шатайпа гIо ду мехкаш дIалецархошний, халкъашкахь Iазапдаллорхошний.

Сан а, Евгений Ивановичан а шозлагIа кедаш хьадаза лаьттара.

– Амма нохчийн полк доггах а, майра а лета туркойх, – элира Евгений Ивановича. – Суна хетарехь, оцу полкера цхьа а нохчо нуьцкъах ца вигна цига.

Берсас йуха а гIайгIане корта хьовзийра.

– Бакълоь хьо, Евгений Иванович, – элира цо. – Уьш цхьаммо а нуьцкъах ца бигна цига. Амма ахь цхьа хIума дицдо. Туркошца тIаме йаханчу нохчийн полкера нах цхьаъ цахилар. Вайна ма-хаъара, кхузаманан муьлхха а къам социальни масех классах лаьтта. Олалла дийраш – дворянаш, буржуази; олаллина кIел бохкурш – белхалой, ахархой, доцца аьлча, къинхьегаман халкъ. И ший а класс – цкъа а вовшашца машар хир боцуш ши мостагI ву массо а махкахь. Муьлххачу а къоман олаллин классана шен къоман къинхьегаман халкъал гергара хета кхечу къомах, кхечу динехь долу шайца цхьана классан адамаш. Цундела масех динехь дуккха а къаьмнаш цивилизацин пачхьалкхехь, шина классана йуккъехь дов даьлча, олаллахой а, къинхьегамхой а шайш-шайн классашкахь цхьаьнакхета. Къам а, дин а ца хьехош. Цунна цхьа-шиъ классически масал далор вай. Вайна ма-хаъара, масех бIешо ду Балканера славянаш туркойн Iазапна кIел бохку. Амма, и халкъаш туркойн олаллина дуьхьал гIевттича, меттигера хьоладай даим туркошкахьа бовлу. Йа, нийса аьлча, туркойн Iедалехьа. Цул сов, Боснерий, Герцоговинерий славянийн цхьаболчу дворянаша, шайн къоман керста дин дIа а тесна, бусалба дин имперехь олаллин дин а, олалла дечу къоман дин а хиларна. Iазапехь далло къаьмнаш классаллин къийсамехь шайн йукъарчу мостагIчунна дуьхьал цхьаьнакхетаран классически масал ду Пугачев коьртехь волуш Россехь тIаьххьара хилла ахархойн тIом. Оьрсийн муьжгашца, гIалгIазкхашца цхьаьна бара гIезалой, башкираш, удмурташ, чувашаш, мордваш, марийцаш, гIалмакхой. БархI къомах а, масех динехь а долу адамаш. Ткъа 1848–1849-чуй шерашкахь Европехь хиллачу революцин дакъалацархой? Масала, Венехь баррикадашкахь цхьаьна бара австрийцаш, чехаш, словакаш, мадъяраш, полякаш, кхин а. Баррикадийн вукху агIор – оццу къаьмнийн олаллин классаш. ХIара оьрсийн-туркойн тIом а ца болабеллехьара, цунах пайда а эцна, Iедалой, килсой кху махкарчу оьрсашна йукъахь харц эладита а ца даржийнехьара, тахана дуккха а муьжгий гIевттинчу нохчашца хирг хиларан шеко йацара. Цунна тоьшалла ду, нохчийн гIаттам болабелча, салтий Нохчамахка бовда гIортар а, царах аьтто баьлла цхьаъ Iаьлбаган уггар гергара накъост хилар а.

Берсас, кисанара даьккхина йовлакх бете а лаьцна, дIа а вирзина, йовхарш туьйхира.

– Гой хьуна, Евгений Иванович, – долийра цо, ша меттавеача, – туркошца тIаме бахана нохчий а бац цхьаъ. Цхьаберш правительствос эцна, шозлагIниш – йал а йелла, лата бигна. И хьалхарниш – ЧермоевгIар, МамаевгIар, ШамурзаевгIар, кхин а, кхин а бу. Уьш баккъал а императоран дуьхьа бахана цига, царна дика ма ву иза. Нагахь тахана кхузахь, оьрсий а боцуш, туркой, англичанаш, французаш йа муьлхха а кхин нуьцкъалниг хиллехь, церан императорш а, церан «даймохк» а ларбан а гIур бара уьш. Ишттачу нехан даймохк а, халкъ а ма дац. И ший а дешех духку цара, ойла ца йеш. Шайна ахча делчахьана, иблисна гIуллакх дан а кийча бу уьш.

– Доцца аьлча, халкъашна йуккъе зайлаш тоьхна-кх Iедало. ХIан, Яков Степанович, дIамалий вайша? – кад схьаийцира Евгений Ивановича. – Шун могашаллина тIера, господа!