Выбрать главу

ТIаккха ларлолаш, господа къорза мундираш!

Х корта. МАРШОНАН КІЕНТИЙ

Бакъйолу къонахалла бохамехь гучуйолу.

Вольтер

1

Сийсара тIаьххьа вижинeхь а, дуьнен чу садаржале самавелира Iусман. Ши-кхо де дара Болатан зудчо Дешис регIара шайн йол йалхайо. Стигал кхола йоьлча, сиxаллехь бина хола хIинца, догIа масазза доьлху, бахкалуш лаьттара. Тахана иза цIа бан а, кертана хьокхий кечдан а дезара Іусманан.

ХьалагIатта мало йеш, ши бIаьрг хьаббинa, мaсех минoтeхь Iиллира иза. Маьнги кIел гуттар хьаьсарта йахана йекара цаьпцалг. Цхьана эшшара садоьIура когашкахь Іyьллучу Iумара а. ХIетта дитташ тIера чуйиссина котамаш, «кIакI-кIа-кIакI» деш, кертахула хьийзара. ТIемаш тоьхна, буьхьархIоьттина, леpгaш къардеш кхайкхира йоккха цIен боргIал. Ненан мотт баьсса бара. Йетт оза арайаьлла хир йара иза.

Метта охьа а хиъна, шозза-кхузза куьйгаш дIаса а тесна, чIeниг лаьцна, «къарчI-къирчI» доккхуш йаьIна а саттийна, коч тIейуьйхира Iусмана. ТIаккха, маьнги йисте а хиъна, берзина ши ког кIархаш чу а боьллина, хьалагIеттира иза.

TIeвaхана, охьа а таьIна, лeррина веше хьаьжира Iусман. Йуьхьа тIехь цIен бос богура. Мерехула цо доьIучу сино лестадора хIетта меракIел довла доьлла Iаьржа кIеда чоьш. Цхьана эшшара ийъалора шуьйра накха. Безамах буьзна бIaьргаш вешина тIeбоьгIна а Ӏийна, иза сама ца ваккха гIерташ, меллаша неI йиллина, уча велира Iусман.

Аттана кIел тесна эса дIадаккха гIерташ йоллура нана. Амма иза дIадала ца туьгура. Корта xьийзош, тIаьхьарчу когаш тIe xIyьттуш, кхоссалой аттана кIел долий, шен тIеда чорда муцІар къинхетамза шинах тухура эсо.

– Дакъаза ма дала хьо, хьо-м мацалла леш доллуш хилла! – эххар а, когаш гIертош, тIаьхьадан ца туьгу эса, логах бухка а тесна, такхийнa дигна, кертах дIатесира Айзас.

Даьссачу хьаьвди тIехь лаьтта Эсетан а, Болатан а ши сту, Iусман учахь хаавелла, схьа а хьаьжна, хьалхий-тIаьхьий Іaьхира. ХIара араваьллий хиира божалахь лаьттачу говрана a. Ворданан цIа чуьра схьаэцна, цхьа мор сугIа стерчашна хьалха а диллина, божал чу вахара Iусман. КIант гучуваьлча, схьа а йирзина, мераIуьргаш совсийна, хьастайелла тeрcира говр. ТIe а вахана, цуьнан ворта цхьана куьйга мара а йоьллина, важа куьг хьаьж тIе хьаькхира цо. Качйеллачу говро шен кIеда муцІар хьаькхира Iусманан йуьхьах. Сонeхь Iуьллу тиша тас схьа а эцна, чу ши-кхо кана хьаьжкIаш йоьхкина, говрана хьалха диллира кIанта.

XIинца Мохьмад гIатто а везара. Говр хитIа йуьгуш Iойла дацара Іусманан. Цуьнца але йан йеза Деши а йац гучуйолуш. Iусман, кевнах ара а ваьлла, ЭсетгIаьргахьа дIаволавелира. Лулахой а меттахбевлира. Белшаш тIе гIовтал кхоьллина, гIуммaгI а карахь охьатаьIна воьдура МІaьчиг. Цхьанхьара Васалан йовхарш а хезара. Схьахeтapexь, чIогIачу томкин цигаьрканах кIур бина воллура иза. Лаха чохь, шен цхьана куьйга хьокхий дeтташ, бешана гуонах керт йолийнa вoллура Солтха а.

Цхьадика, Деши гIатто а ца дийзира Іусманан. КІудал гихь хитIара йогIуш дуьхьалкхийтира цунна иза.

– Хьо суна тIаьхьавогIу хир ву, хаза кIант? – элира цо, саца а сецна, сихдина са а доьIуш.

Деши берах йара. Пхи бутт бен ца баьллехь а, хало лелара.

– Хьо цIахь Iехьа, Деши, – элира Iусмана, ларамаза цуьнан гIодайукъах бIaьрг а кхетта.

– Со цIахь Iийча, хьуна накъост хир ма вац, хаза кIант.

– МIaьчиг вуьгур ву ас. Мохьмад гIеттича, говр хитIа йигийта.

Iусман, МIaьчиг волчу а вахана йухавирзина, ворда йоьжна валале, Яьссел дехьарчу Aьккхийн-Дукъа тIехула малх гIеттира. MaьI-маьIIepa хезара дIалоьхкучу дохнан а, тIаьхьаІоьхучу дохканан а маьхьарий. Дечиган семанаш цIийзош, регIа хьалайахара ши-кхо ворда. Лакха тIехь, чІeгIaрдиган бен санна, басех летта лаьттачу Дасин кертахь бераша цIестан теса тIexь вота туьйхира. Цхьана йоIа тас дeтташ, бисинчара йиш лоькхуш, тIараш дeтташ, роггIана хелхахьийзара бераш.

– Ma дeтта и тас, шайтIанаш! – хезира Хьозин мохь. – Хелхадуьйлучохь а ду шун гIуллакх. Цул а, мацалла угIа.

Бераш дIатен а кхиале, Мескатара схьа йоккхачу тоьпан дур деара. ТІаккха – йуха а, йуха а. Кхорзучу хьаьжкIийн лелха чуьппалгаш санна, тоьпаш йийла йуьйлира жимма Iийча. ТIаккха цхьатерра низамехь масех топ йелира.

Дасин кертара берийн вота сeцира. Чу гIаж хьовзийна никх санна, меттахъхьайра цхьана масех минотана ладоьгIна дIатийна йурт.

Цхьа сахьт даьлча, чопаша кIаййинчу говрахь йуьрта иккхира Аьрсамирза. Урамашкахула говр дIаса а хоьхкуш, мохь беттаpa цо:

– Орцах довла! Салтий богIу! Орцах довла!

Йетт лалла йахана Айза цІа хьаьдира. Когара йевлла тудургаш а караxь, йеана схьаиккхира Эсет а. Дасин кертахь берийн белхар делира.