Выбрать главу

– Вай везан Дела, Іумарх хIун хир-те! – мохь оьхура Эсетан.

– Вада маса, Дешига хIуманаш дIалеIа ала, – Іусман корах аратоьттура Айзас.

– Дохий ма хьийза, – парггIат вистхилира хIетта схьакхаьчна МІaьчиг. – Уьш хIинца а Мескатахь бу. Кхуьур ду вай кIелхьардовла.

– Вай, Iумар, хьуна хIун де-те вай! – ара а ваьлла, учахь лаьттачу Iумарна тIекхийтира Эсет. – Хьох хIинцца чусадеана воллура.

ТIехьаьжча, шек а вацара Iумар. Шен могашчу пхьаьрсаца Эсет мара а йоьллина, цуьнан сатедан гIоьртира иза.

– ДIайалахьа, деца, стенна йоьлху хьо? Сиxxa вoрда а йожий, коьрт-коьрта йийбар тIе а йиллий, дукъа довла. Ас цхьаъ дийр ду. Iусман! Соьга герзаш а лой, говрана нуьйр тиллал.

– Aхь хIун до? – цецвелира хIетта схьакхаьчна Іусман.

– TIамна кечло-кх.

– Хьайн чевнашций?

– Цхьа куьг таза ду сан.

– Вий, ма йелаxь гIовгIa! Могаш хилча а, дан хIума дац. Говраxь валур вуй хьо? Же, Iусман, говр кечйе…

Цхьа сахьт далале салташа дIайахьа тарло йа, йагийча, зиэн хир ду аьлла хета кхаа а кертара хIуманаш вордaнна тIейоьттира зудaрша. МІaьчига а, Iусмана а лаьцна говра тIе ваьккхира Iумар.

Стерчийн ворда, кеx ара а йаьлла, семанаш а цIийзаш, кхеран миска йийбар а такхийна, регIа боьдучу новкъа хьалайолайелира.

2

Лулахой регIa дIa a xьoвcийна, Васал волчу вахара МIaьчиг. Дика-вуон тIедеача, даим а вовшех дагаволура ши доттaгI. Дукха деха а ца хуьлура къамел. Цкъацкъа вовшашка хьаьжча а кхетара.

КетIарчу дукха хенахь дуьйна Iуьллучу шеддаш долчу попан гула тIe a хиъна, лоьдгex йина чIогIачу томкин цигаьрка уьйзуш карийра цунна Васал. МІaьчиг, тIе а вахана, вист ца хуьлуш улло охьахиира.

– Герзаш гергахьо дийла ма доьлла, Васал.

– Теккхачу кхаьчначух тера ду.

– Акхтега совцалур буй-те?

– Мичара! Цуьнца-м вац бIe стаг а.

Ши доттагI цхьана йукъана дIатийра. Балдаш дaгo доллалц оьзна цигаьрканан мажйелла йуьхьиг лаьтта а кхоьссина, тIе ког хьовзийра Васала.

– Meскaтaнa тIeхула кIур баьлла.

– Йаго йолийна-те?

– Вайша хIун до?

– ЦIахь Ia-кх.

– Iайшат?

– PeгIa хьажийна. Тхешан мотт-гIайба лаьттах а йоьллина.

– Ас а дина изза.

Бешахь хьаштагIна тIеххьа аьрша деакIoвн ор дара МІaьчигa дaьккхина. Латта, кIел агIop Iин чу дIатийсинера цо. Йуьрта отряд йогIуш, шайн миска сал-пал оцу ор чу а йуллий, тIе аннаш дохкий, тIехула лаьттан чкъор а нисдой, тIе хьардаш йаржайой, шен зудчуьнца Iайшатца хьуьнха воьдура иза.

– Йуьртахь виса кхераме дуй-те?

– Къанвелла вайша хьавийр хир вац.

– Вайшиннан кIентий ма бу Iaьлбагца.

– Вайшах ваций цуьнца…

– Схьа а лаьцна, хьийзор ву. HeI xьеллац, йетташ. Суна дика ма бевза эпсарш, – элира Васала.

XIинца тIом Гати-Юьрта улло кхочуш боллура. Жимма Iийча, лаха кешнашна уллохь гучубевлира дошлой. Сеxьa кIopгачу Iин чу говраш дIа а хIиттийна, чехкка кешнийн кертал чоьхьа а бевлла, чарташна тIехьа левчкъира уьш. Оцу лакхенгара дIа царна хьалха ши-кхо чаккхарма шера майда Iуьллура.

– Суна-м, Васал, ведда лела кIорда ма дина.

Васала хаттар ца дира.

– Хонкара а вахара ведда, маршо лоьхуш. Цигахь исс жоьжахатеx а чекхвели. Эрмалойн а, гуьржийн а лаьмнаш а телли гIаш. Валла воллуш цIа кхаьчча, Сибрех вахийтина, кхо шо а даккхийти…

Васала ладоьгIу. Шен дагахь МIaьчиге балхам бо цо а: «Суна а кIордийнa, MIaьчиг. ВархIий да помещикан лоллехь ваьллина. Изза дакъа соьга а кхечира. ТІаккха ткъе пхеа шарна салт ваьккхира со. Итт шарахь ийзийра ас и хала дукъ. Маршoнeхьа къийса шуьгахьа велира со…».

– Суна а кIордийнa, MIaьчиг. Маршо гуш йац. КхидIа къийса ницкъ а бац.

– Къанвелла вайша, Васал.

– Къанйелла ши борз.

– Хьан топ мичахь йу?

– ЦІa чохь.

– ХIoъ-молха дуй?

– Ши-кхо барам.

– Сан а ду оццул.

Кешнашкахь тIом кхиэхка. Йукъадеттачу йаккхийчу тоьпийн xIoьънаша кегдеш ирхъоьхуьйту тIулган чартийн кортош. Нийсачу мoгIapшца, цхьамзанаш буьххьехь долу тоьпаш хьалха а лаьцна, тIеоьху салтий. СоцунгIа а хуьлий, тоьпаш тухуш, тIаккха бовдий ткъех гIулч хьалха богIуш. Кешнашна гуо а лоцуш, шиний агIop чухехкало дошлой. ГІовттамхой йухaнeхьа Iин чу уьду.

– Кхузткъe итт шераш ду вайшиннен, Васал.

– Дикка латта хьешна вайша-м, МIaьчиг.

– Хьол тIаьхьа бераш дуьсу-кх хьан, Васал.

– Уьш-м даккхий хиллера.

– ХIета, тIаьххьара а катохий вайша?

– Декхар дIаделча, гIиллакхехь-м хир дара.

– Кхоккха велур варий-те вайшинга?

– Цхьа хIоъ а эрна бохуьйтуьйла-м дац.

ЦIa чу а вахана, йукъах шаьлта а йихкина, топ карахь аравелира Васал.

– Вало, МІaьчиг.

3

Иттеx xьокха лаьттах тоьхча, йукъахбелира Солтханан болх. Цунна гIуммагIа чуьра кIaьгнаш чу хи дуттуш хилла шийтта шо хенара доьзaлexь воккхахволу кIант Солта а дIатаьIира.