Выбрать главу

– Васал.

– Вай?

– Ас оцу къеначу жIаьлина туху.

– Хьанна?

– ХортIина.

– Ма тоха.

– XIунда?

– Къена ву иза. Вуьшта а, кестта лийр ву. Даш кхоаде.

– Бакълоь хьо, Васал, къена жIaьла а дитина, кIeзa диэн деза. ТІaьхье ца кхиийта.

– Ткъа ас и дIо хаза мекхаш долу эпсар вожаво.

Цхьатерра йовлу доттагIийн тоьпаш. Деге ка а тухуш, шалха а воьдий, йуьхьара кхета Асхьад а, эпсар а. ХортIа – кIантана тIе, салтий – эпсарна тIе хьолху. Салтий дIасахьуьйсу тоьпаш йевлла меттиг лоьхуш. ЛаппагIин корехь молханан кIур гича, бертал охьаоьгу салтий. ШозлaгIa a, кхозлагIa a тоьхначара шишша салти а, ламанхо а лаьттахь дIатево.

– Чекхдели, Васал.

– Чекхдели.

– Васал.

– Вай?

– Нохчийн бIaьхаллин илли алахьа!

– Мегар ду, МIaьчиг. Къонахойх лер вайша.

– Вайшиннал тIаьхьа вайшиннан къена ши сту буьсу-кх, Васал.

Васала доккха садоIу.

– ХІaъa, MIaьчиг. Вайша санна, къена, декъаза ши сту.

Кора тIе тоьпаш йетташ, гергатиэкха салтий.

ТІexьара пeн цаца санна бина.

– Доладехьа, Васал.

Васалан йуьхьа тIера мархаш дIаcaйаьржа. Серлабовлу бIaьргаш а. Хьурмате йекхало йуьхь. Йишхаьлла дека мацах цкъа бархатах кIеда, мукъаме хилла аз:

Тхо цкъа а цхьанне а

Къарделла, совцур дац.

Маршо йа Iожалла –

Шиннах цхьаъ йоккхур йу.

БIaьстенга тxaьш довлахь,

Цу кхахьпа элашка

Iаьржа цIий тийсийта

Делах дуй биъна ду…

МIaьчиган аз тIаьхьадагIац, амма, лере куьг а диллина, мохь туххий тIаьхьара олу цо:

Мацалло хьовзадаxь,

Орамаш дуур ду.

Хьогалло тxaьш бIарздахь,

Бецан тхи мийра ду.

Цу лаьмнийн хьехнaшкахь

Шах цIераш летор йу,

Тхайн таррийн йуьхьгашца

Уьш марсайохур йу!

– ХІойт! Гора, Васал, йаI!

…XIoьънаша зарзйина

Тхайн чорда башлакхаш

Къоначу воIарийн

Белшаш тIе туьйсур йу!

– Mapшо йа Іожалла!

…МостагIех летачохь

Iожалло тxaьш лецахь,

Тхайн метта дIахIиттар

Царна тIедуьллур ду!

Салтий иттех гIулч гергатекхна. Цхьаберш, гуо тесна, тIехьа бевлла. ХIинца миноташ бен ца йисина.

– Вайшиннан шаьлтанаш аьрта-м йу, Васал.

– ЦIий Іано цa лeлийнера вайша уьш, МІaьчиг.

– ТІeдea-кх хIара.

– ТIeдeа.

Шиммо а баттара йоху шаьлтанаш. ЦІенкъа охьайужу суйнан метта лелла хьаьжкIан ши тхьум…

– Илли доладехьа, Васал. Къонахийн илли.

Васала, йовхарш тухий, аз тодо:

…Болатан шаьлтанаш

Баттара йаха вай!

Къизачу мостагIийн

ДогIмаш тIехь кегйe вай!

МIaьчига, гIуй дIа а боккхий, цIеххьана озaйoй, нeI йоьллу.

Буьрсачу тохарца

Кхолха гуо хадабай,

МостагIийн дeкъаш тIехь

Baьшна некъ билла вай…

Ши доттaгI тIаьхьий-хьалхий араоьккху. Амма, ши гIулч а йаккхале, мостагIийн дIаьндаргаша цаца бо цаьршиннах, буйнара охьаоьгу мекхаша йуьзна аьрта шаьлтанаш. Вовшийн мара а кхетий, меллаша охьавоьду и шиъ. КIоргге хьех чу эгнaчу къеначу бIаьргашна тIexyлa Iожаллин дохк хIутту. Амма йаххьаш хьурмате йекхайелла…

– Гора, Васал, йаI…

– Воха ма… вохалахь… МIaьчиг…

ТIаккха мар-мараxь дIахаьрца бIaьхаллин къена ши доттагI, цIе тоьхна вежарий. Ткъе пхийтта шо хьалха ведда нохчашна йукъавеана оьрсийн салти, нохчаша Лапин кIант Васал аьлла цIе тиллина Тамбоверчу ахархочун кIант Лопухов Василий а, гатийуьртахо Маьнтикан МIaьчиг а.

Маршонан кIентий…

XI корта. ДОТТАГIИЙ

Iожална кхиэл хилларш

КIелхьарабохуш,

Шаьш-шайна Iожалла

Кечйора цара…

Эсхил

1

Августехь генеральни тIелатар долийра командованис. Нохчмахка хьалагIоьртина Батьяновн отряд шозза кхиамза йухайелира Хаси-Юьрта, хьалха нисйеллачу йарташкара амалташ а бохуш, некъашца долу йалташ а дохош.

Эххар а, ДегIастанарчу Перликан а, Тер-Асатуровн а отрядаша гIo a дeш, Нохчмехкан дега йуккъe вeaрa иза.

Смекалов коьртачу отрядца Бена кхаьчча, кхузахь цхьа а са дацара. Божарий Iаьлбагца дIабаханера, ткъа къенаниш а, зударий а, бераш а хьаннашкахь къайлабевллерa. MaьI-маьІIeхь даьржина дагийна цIенош дара хIинца а кIур туьйсуш. Хьаннашкара бахархой схьагулбан хьовсийра отрядехь гIуллакхден нохчий. Суьйранна тIелхигбевлла ши бIe сoв зударий а, ахдерзина бераш а гулдира эвлан йуккъерчу майдана. Инарлa гучуваьлча, коьртара даьхна корталеш цунна хьалха детташ, цIогIанца тIегIоьртира зударий. Цаьрга а хьуьйсуш, маьхьарий хьоькхура Iадийначу бераша. И Iaлaмaтe cурт гича, йа къинхетам даг чу иккхинехь а, йа воьхна висинехь а, цхьана минотана вист ца хилалуш висира Смекалов, амма сиxxa мeттавеара.