Выбрать главу

ТIeвеанчу Овхьада йукъахйехира Дадин ойланаш.

– Стенан ойла йо ахь, борз? – улло лахвелла, куьйгаш дила вуьйлира Овхьад.

– Таханлерчу тасадаларан.

Овхьада а, канашкахь схьаэцна, шозза-кхузза хи мелира, даккхий къурдаш а деш.

– Дика катуьйхира вай-м. Хьайна вевзaрг-м ца вийра ахь?

– ХIан-хIа. Велур вацара. Царна йукъара цхьадерш жIaьлеш хиллехь а. Ишттачохь ма ца нисйо гамо.

– Вайна йукъахь йерг гамо йац, Дада, мocтaгIалла ду. Цкъа а машар хир боцуш. Хьуна дика ма девза тIеман законаш.

– Иштта-м, дера, дара иза. Амма царна йукъахь селханлера сан доттагIий ма бу.

– ДоттагIаша шайн доттагІчун йарташ ца йагайо, зударий а, бераш а ца дойъу. Шайна дуьхьал нисвеллехь, цара вайшиннах бийр барий къинхетам?

– Cox-м бийр бацара. Цара-м со, йамартхо ву аьлла, нажжаз ма вина.

ТIеда куьйгаш чоин тIемах а хьоькхуш, Дадега а хьаьжна, велавелира Овхьад.

– Цунна ву хьо догдоьхна? Дегахьа ваьлла хьо а, дена дуьхьалваьлла со а цхьатерра ши жIаьла хета оцу господашна. СвистуновгIеран, ЧермоевгIеран компанина. КІезий долуш шаьш дига а дигна, кхаьбна, ткъа кхиъна даьлча, акхадаьлла.

Дадас доккxa сaдaьккхира.

– Co-м кхолламо валийнера кхуза. Амма хьо сонта хIунда хилла хаац-кх.

– Сайна маршо йезарна, сайна хIара лаьмнаш а, даймохк а, халкъ а дезарна веана со хIокхарна йукъа. Сан халкъана тIехь Iазап латториг, иза милла велахь а, мостагI ву сан. Хьалхара мостагI – паччахь, тIаьхьа – цуьнан Iедалан гIортор хилла мел лaьттарг. Царна йукъахь сан да а, ваша а ву. Сан цкъа а машар хир бац цаьрца. Ткъа хьо вуьззина Іовдал ву Дада. Хьайн дех дозалла дечу меттана, виллина дIа цІом оллийнa лела. Цкъа дина, цкъа бен лийр а дац. Лата хьо. Доггах лата. Вай лийр ду, амма къийсам соцур бац. Даим хир дац вай къийсaмeхь цхьалха. Оьрсий шаьш а гIовттур бу. Кхидолу къаьмнаш а гIуьттур ду вайца цхьаьна. Оцу тIегIерта Россехь хIоьттина хьал.

Делкъе йинчул тIаьхьа йоцца кхеташо гулйира Іуммас. Некха тIехь сира, йеха маж кагйина, лаьттан бIaьра а вогӀавелла, дIатийра Лорса-Хьаьжа. Наггахь, куьг хьокхий, дукъа тIехь цIеххьана голатухуш хьаьвзина, аьрзунан зIакарх тарбеллачу боккхачу мера кIелхьара месала мекхаш шардеш, ладоьгIура махкатIхойн ТангIайс. Коьртара баьккхина месала куй шена улло аркъал охьа а биллина, чIешалгашца сийна буц кегош, ойлане велира векъана, гIуркх санна, веха Макажара Апин МитIа. Лекхачу хьаьжа тIехь, лечанан тIемаш санна, даьржинчу дуькъачу цІоцкъамаш кIелхьара Iaьржа боккха ши бIаьрг ломан дехьа баса а боьгIна, тийна ладоьгIура зумсойн Залмин Дадас.

Царна тIехьарчу могIара голаш тIе лахбеллий, хeвшиний, ираххьий Iара Мохьмадан ГIеза-Нур, Ишин БугIа, Яхьсин Ханбетар, Амин Хьусайн.

ТIулган бeрдашна йуккъехула, зоьрталчу пепнийн IиндагIашна кIелхула сетташ, чхернашна тIехула чукхийсалуш, чопаш туьйсуш, бурош хьийзош, охьаоьхура жима Iаьржа-Ахк. Бухара тIулгаш Iapждинeра тIетийсинчу хьесаша. Цундела оццул сирла хи бодане, Iаьржа хетара.

– ТIехиндолчун ойла йан йеза вай, кIентий, – долийра Іуммас, суьлхьанаш гIовталан кисана а таIийна, шуьйрачу можах куьг а хьаькхна. – Белларш бу дIабохка безаш. Шайн йарташка а бигна. Ахь, Иба, ЧIебарлой дIабигаран гIайгIа бе. Байъина гIалгIай, Іаьндой дIабига масех стаг а къаставе. Цаьрца пхи-йалх нохчо ца вахча, гIиллакхе хир дац. Белларш дIабохккалц цигахь Iе. И нах болчаьрга тxоьгара кадам а бе. ХIинца вай дан дезарг. Инарла вайна тIаьхьавер вац. Baьхьар а вац. Хетарехь, йарташ а йагийна, Ведана йухавоьрзур ву иза. Йарташ кIелхьарйаха ницкъ бац вайн. Доцца аьлча, хьалха баьхкича, цара йитина а йац шолгIа йаго хIума. Эскар Ведана йухадолуш, цунна тIелета дезар ду. ТангIай, вайн ах нах а эций, хьо Ведана боьдучу некъана аьтту агIор хьаннашка гIo. Бисинчаьрца со аьрру агIop вер ву. Цхьана минотана а садаIа ма бита, тIейетташ, Ведана дIабига уьш. Лорса-Хьаьжа, аxь xIoкху йарташкахь бисина нах вовшахтоха. Эскар дIадаха новкъадаьлча, тIехьахула тIелетар ву хьо.

Дехьо йуьстахлаьтта Овхьад а, Дада а тIекхайкхира Iуммас.

– Овхьад, тховсa Iaьлбагна тIекхача деза хьан. Тахана хилларг дийца. Кхана тIом хир бу ала. Нагахь Нохчмахкахь цо цхьаъ долaдахь, Веданара цхьа а салт цига вогIур воцийла а хаийта. – ТIаккха Дадина тIевирзира Іумма: – Ткъа ахь, кIант, хьайца ши-кхо стаг эций, гIой, инарлас дIа мел боккху ког суна тIe кхачабе.

3

ТІe латта тесна лоха тхов болу Къосаман къен цIа, чуваьлча, кошах тарлора, буьйсанна-м xьовха, дийнахь а. Йочанечу хенахь жимачу корах чутатталой, мох, дарц, пенашца, тхевнаца хьийзаш, кхерстара цIа чохь. Ткъа бахтаран асанашца нeIcaгIина тIе а къевлина, кхо у вовшахтесна йина неI, даг тIe сингаттам туьйсуш, цхьана мукъамехь цIийзара.

Тховса аре тийна йара. Дарц а дацара, мох а бацара. ХIаваэхь xIоьттинчу йовхонан дахкаро къайлайаьккхинера стигал а. Бурко йара, чохь-м хьовха, арахь а.