Хьо мa вaц вистхуьлуш къеначу нене?
Йа хьуна хаац-те, со хIунда йоьлху,
XIун бала хьаьвзина готтачу кийра?
Ахь хIунда ца дуьйцу, кIант муха велла?
МостагIийн ардангех къонахий летачохь
Накъостийн букъ тIехьа и лечкъаш лелла-те?
Исс баттахь и кийрахь ас эрна лелий-те?
Йа цунна сайн накха ас эрна баий-те?
Йа къонах кIант кхио да къонах хилaнц-те?
ТIаккха кIентан къеначу нанна хьалхахIоьттира чевнаша верина халкъан баьчча:
– Исс баттахь хьайн кийрахь ахь турпал лелийна,
Турпална ахь шарахь хьайн накха баийна,
Ткъа дас а, ша санна, и майра Iaмийна,
Шарахь сов турпалан ахь ага техкийна,
Даймохк а, вайн халкъ а, маршо а йезаш.
Хьан кIентан сира дин тIом халчу хьийзара,
Хьан кIентан тур-гIама ткъесаха къегара,
Гоьмукъо, пхерчаша мохаца къyьйсура,
Хьан кIентан йоьзан тIарг вотанах декара,
Хьан кIентан букъ гинa мocтaгIa вaц хьуна.
Чов хилла дарделла цIоькъалом ва санна,
И дера летара мостагIийн ардaнгex,
Шен турпал хьуьнаршца тхо хьалха дуьгура,
Чов хилларг, ницкъ эшнарг мостагIех ларвора,
Вайн даймохк мостагIех цо маьршабaьккхина.
Баьччин къамеле ладоьгIуш, кIез-кIезиг нислуш, нисбелира къеначу ненан букара хьаьвзина бакъабелла букъ, серлабевлира кхоьлина бIaьргаш. ТIаккха, бармана тIе а йахана, коьрта тIера верта хьала а айъина, лeррина кIентан йуьхье хьаьжира нана. Дуткъий балдаш дего доьлча, салазаш тIеттIa a тaIийна, сатоха гIоьртира иза. Амма, хорша йеача санна, йегайора йуткъа чIениг, бIаьргеx хиш Iийдaлора. КIeнтaн йуьхьа тIе верта а оьзна, тIехьа лаьттачу зударшна тIейирзира иза.
– Хьан боху, кIант велла, со цхьалха йисина?
Даймехкан лаьтта тIехь со эрна йаьхна?
Сан лаьмнаш, сирла хиш, бос сийна хьаннаш,
Mа делха, ма тийжа, кIант велла алий,
Шун дуьхьа лен воцург нанас мa вoлдa!
Пондарча, мерз була, дIалакха пондар!
Йижарий, аш тIаьхьа эшараш ала!
Вайн кIентий белла бац, лийр а бац цкъа а!
MoстaгIa воxийна, вай маьршадевлла!
Пондарча, мерз булий, дIалакха пондар!
Йижарий, аш тIаьхьа эшараш ала!
Толаман де даздеш, вай хелхадийр ду!..
4
Иза шена дуьххьара хезаш санна, ши бIaьрг а хьаббина, Къосама леррина ладоьгIура иллига. Цуьнан дешнаша, хIинца санна, кIоргера ойла ца йайтинера Къосаме цкъа а. Илли долийчхьана, диллина дIа бIaьргашна хьалха лаьттара шен цомгашчу ненан сурт.
Ден сурт а хIоьттира хьалха. Нийсса ткъа шо хьалха ГIачалкха-Дукъахь тIамехь вийна, цIа валийра иза. БугIанийн ворданахь. КІел черт а йиллина, тIе тиша истaнг а тесна. Оцу йуккъера схьакъедара йакъайеллачу неIармачаш чу боьллина берзина ши ког. ЭттIачу мІарашца, гIорладоьлла пIелгаш а гуш. БIaьллашна тIехь ворда тохайелча, дIасхьалестош…
XIетахь хIинца Къосаман хенара вара БоьртIаг. Къосаман санна, жима ши бер а дара: Къосам а, Мети a. XIетахь а бацара церан бахам. Къосам хаъал хилчахьана, хIара къоьлла йу церан доьзалахь.
XIунда кхаьчна церан доьзале хIара декъаза дакъа? Йуьртда Iaьмарха а, молла Хайрулла a, кхин масех а берстина хьерабевлла. Башха къахьоьгуш а бац. Ткъа бисинарш къоьлла къикъбоьлла беха.
ХІокху берриг бохамна тIе цIеххьана хеназа хIусамнана а кхелхи. Жимахдолу бер хуьлуш. Царна нана хилла сецна Мета. ХIокху йуьртахь а, гонахарчу йарташкахь а ша йоьхуш дуккxa a нах боллушеxь, маре а ца йоьду. Вешина зуда йалийча бен гIур йац, тIаккха хIун хир а хаац, олу. Нагахь берашна дика десте хилахь, йаха а мега. ТIe, цомгаш нана а йитина, гIойла а дац. Иштта дIахьийсабо шена тIехьийзарш.
Доцца аьлча, галдаьлла хIокхеран доьзалан гIуллакх. Ненан а, йишин а, вешин а. Массеран а – цхьатерра. ХIорш вовшех а, нах хIокхарех а хьаьгар боцуш. Ирс ду-кx xIокху Нурхьаьжин. Зуда йалоза волчу. Да а, нана а дац. Шел воккха цхьа ваша Оьздамар бен, кхин делха а, дита а дац. Ткъа шаьшшиннан гIуллакх чекхдаьллийла кхушинна дика хаьа. Иэшам хилахь – къийсамехь лийр ву, дийна висахь – дIалоцур ву. ТIаккха шеко йац и шиъ тангIалкхаш тIехь кхозург хиларан: xIoкxy Нохчмехкан йeрриг йарташкахь бохург санна, Iедалан цIенош – канцеляреш йагийна цаьршимма. Масех хьолада эхарта а хьажийна. Церан бахамаш мискачу нахана дIа а бекъна. Дийна вуьтур бохург aьттехьа а дац!
ДIатийра Нурхьаьжин иллин мукъам. ГIийла декна, севцира пондаран мерзаш. Ткъа Къосам, стигала а хьоьжуш, ойланаш йеш Іyьллура.
– Хьо вистхуьлуш ма вац, Къосам? – хезира цунна доттагIчун хаттар.
Нахана дика вовзац хIара Нурхьаьжа. Вевзa, дера, дегIеxь ницкъ болуш, онда стаг ву бохуш-м. XIoкху Нохчмахкахь охьатохарх къийсaдaлaрш хилча, даим а толам боккху цо. Оцу aгIop, xIокху йуьртана-м хьовха, гонахарчу йартийн а дозалла ду иза. Амма кхидIа вовзац. Xьекъална дукха генара а ца лору. Иза шена улло озийначу Iаьлбагах а цецбуьйлу. Ткъа хIокху, наьрт санна, зоьрталчу, ондачу, амма парталчу стагеxь, хIорд санна, кIорга хьекъал а, собар а ду. Дог а ду къинхетамах дуьзна. Цундела виэза иза Къосамна.