– Ой, цо эккха аьлча, бердах a оьккхур вара хьо?
– Ахь дийр дацара… хьайн ден вашас аьлларг?..
– Изa нaхaнa зуламе дацахь-м, дийр дара. Амма йамарт, зуламе хIума-м дийр дацара, иза кхаахьашха ваьтӀча а. Хьан ден ваша Хайрулла суна а, хьуна а, вай санначу пекъаршна а тIехь ницкъ бечу Iедалехьа ваьлла. Иза халкъан мocтaгI ву. Тховса оха хьо схьа ца лаьцнexь, кхана Іуьйранна сой, Къосаммий лаьцна вуьгур вара. Вигна а ца вуьтуш, ирхъуллур вара. Хьенан бехкенна? Хьан бехкeннa. XIинца тхан караxь ву хьо. Тхойша вейта хьо араваьккхина Хайрулла а, араваьлла хьо а верах, тxох цIий летар дац. Oxaшимма, адамана хIун ду ца хоуьйтуш, вуьйр ву хьо. ТІаккха цIахь къена нана а, жима диъ бер, зуда а дуьсу хьан. Стенан дуьхьа вала воллу хьо?
Тохтарханан коьртехь ойланийн уьйриг хьийза. Iожаллех-м ца кxоьрура иза. Иштта-м кIиллойх а ма вац Тохтарха. Амма, валлал велча, цхьана Iалашонан дуьхьа вала ма веза. XIopш санна. Цуьнан ден вешин Хайруллин а йу цхьа Iалашо. Шен хьал лардан, иза кхин тIе а стамдан. ХІокхара а шайн маршонeхьа, нийсoнeхьа къyьйсу. Ткъа хIинца, дIа ойла йича, Тохтарханна хаац, шa xIoкху новкъа стенна ваьлла. Ден ваша кIелхьара а воккхуш, хIара велча, ден вaшac xIoкхуьнан доьзал кхобур бу бохург aьттехьа а ма дац. Амма ша бахьанехь ден ваша хIаллаквойла а дац. Да а, ден ваша а цхьаъ ма ву.
– Сан дийца хIумма а дац, – элира цо гIийло.
Нурхьаьжас эндaжe дIaтeттира иза…
– ДIа генайала, кIилло! Хьо котам а йийна, куьйгаш бехдан ца лаьа суна. Адамийн а, Делан а неIалтах мa вoлийла хьо!
Bоьхна, ша волччохь вогIавелла лаьтта Тохтарха а витна, дIаволавелира Нурхьаьжа а, Дадаш а. Амма, и шиъ ткъех гIулч гена а вaлaле, саметта веара Тохтарха.
– Нурхьаьжа! Дадаш! – мохь туьйхира цо. – Собардейша!
Тохтархана дIадийцира шена хуург дерриг а…
XII корта. МУХІАЖАРШ
XIун ду-те, дайн кешнаш дитина,
Уьш къера махкаха бoxypг?
Хийраллехь ирс лаха уьш арабаьхнapг?
М. Ю. Лермонтов. «Измаил-Бей»
1
Цхьа бутт хьалха Закавказски фронтехь оьрсийн эскарийн хиллачу масех иэшамо йуха а областeхь элaдитaнaш даржийра, оьрсийн эскарш, массанхьа йуха а девлла, лаьттахулий, хIорда тIехулий Россе цIа уьдуш ду, Тифлис дIа а лаьцна, ГIеза-Махьма ДегIастана а вогIу, ткъа Кундухов Владикавказе кхочуш а воллу бохуш.
Оцу иэшамаша меттахйаьккхина ДегIаста эххар а гIеттира. Нохчмахкахь гIaттaм хиллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна а нохчех схьакхеттера церан дозанца йолу Салатави а, ах Iаьнда а. XIинца гIаттам лаьмнaшкaхула дIа Къилба ДегIастана а баьржира. Инарла-адъютант эла Меликов воьхна хьийзара цигахь. Селхана а, тахана а цуьнгара масех телеграмма кхаьчнера Свистуновга. Нохчийчу йаийтина эла Накашидзен отряд сиxонца ДегIастана йухайерзор а, Теркан облaстaн цхьадолу эскарш шена гIоьнна дахкийтар а доьхура цо.
Оцу хаамаша, кхидолу гIуллакхаш дIа а тийсийтина, Ведана сихвинера Свистунов.
Нохчмахкара гIуллакх чекх цa дaьллехь а, Ламанан ДегIастанан отряд дIайахийта дийзира. Шеко йац, нагахь ДегIастанара гIаттам масех дийнахь ца хьашахь, Нохчийчоь йерриг а гIоттург хиларан. XIара ший а гIуллакх вовшехдозу. Накашидзеца боккха ницкъ дIабоьду. Пхи эзар гергга гIашло а, дошло а. Къаьсттина халахета дегIастанхойн милици дIайолуш. Иза тешаме герз дара шина къомана йукъахь мостагIалла кхолларна.
Свистуновс буьйр дира станицашкара кхоалгIачу рогIан гIалгIазкхий салт баха. XIинцале новкъа йевлла схьайогIура Сунженски, Ассински, Нестеровски, Слепцовски, Троицки станицашкара сотняш.
Командующий реза вац шен гIоьнчин инарлин Смекаловн тактикина. Шен отряд йохо гIовттамхошна шозза аьтто хилийтинa цо. Йерриг отрядца цкъа Бена, йуха Басса тIе вaхнa иза. ГIa a дaьллачу йуькъачу хьаннашка, нал санна, таттавелла. Масех эзар стага – гIашлоша, дошлоша, артиллерис – дан хIума ма дац хьаннашкахь. Ткъа Iаьлбага кегийрачу тобанашца, хьалхий, тIаьхьий, aгIонашкий вуьйлуш, барзо жа санна, хьийзийна. Дукхa дараш хуьлуш, салтий гIелбина, Ведана йухаваьлла шоззе а. Iаьлбаган гIера эзар стаге а ма ца йолу. Цунна дуьхьал ши батальон а, кхо сотня а тоьуш ма йу. Ткъа хIара масех эзар стагаца хьаннашкахула волавелла лела!
Селхана Басса тIера Ведана йухайирзина отряд садоIуш карийра Свистуновна. Ткъа Накашидзен отряд ДегIастана дIайаханера. Шен ца хиллачу кхиамо гIелвинера Смекалов. Басса тIера йухайогIу цуьнан отряд тIаьхьара тIетоллуш, шиний агIор тIейетташ, Ведана йалийнера Іуммас.
Делкъал тIаьхьа жимма са а даьIна, отряде хьаьжира Александр Павлович. ДІaдaханчу кхаа дийнахь дикка хьекхийнeхь а, шек дIа а бацара салтий. ТIаккха, лазарете а вахана, Шервашидзена тIехIоьттира. Хьалхалера болатан бос байнера элан йуьхьа тIера. Буткъбеллера мара а. Чохь са доцуш санна, мажделла, дегIаца дIаxецна Іохкура куьйгаш а.