Выбрать главу

– ХIан-xIa, Коьра. Цигахь хIоьттинарг шатайпа хьал ду, – aьттехьа а ца дитира Іaьлбага. – Аренцарчу йарташкара эпсарш тIамехь а битина, и Хьота боху зуд лаа ца далийна цигара цIа. Инaрлa сoнтa мa вaц цуьрриг а. ЖІaьла къасто хиъна цунна!..

Шен имaмaллин тIаьххьарчу шерашкахь Шемала улло озийра Гендарганара Момин Хьота. Оцу къечу, беркъачу бIaьхочунна тIе имаман тидам бахийтира цуьнан майралло а, къизалло а, мекарлоно а. Нохчмахкахь имамна дуьхьалйаьлла йурт къарйечу хенахь, шегара йоккха жигаралла гойтура Хьотас. Цунах лахара наиб а вина, таIзарийн жимочу отрядна коьрте хIоттийра иза имамо.

Ши-кхо шо далале Ноxчийчоь йуьйжира. ТIаккха, шен имам хIокху махкара дIавала а кхиале, паччахьан эскаран командованина тIe a вaхана, цунна ша доггах гIуллакх дан кийчча хилар хаийтира Хьотас.

Паччахьан инaрлaшна а oьшура иштта нах. Йамарт, къиза нах. Церан куьйгашца кху халкъан дуьхьало хьаша, кхузахь шайн Iедал чIагIдан.

Момин Хьотас доггах кхочушдира шен дош. Цo къинхетамза хIаллакбира хьалхалера шен а, хIинцалера Іeдaлaн a мocтaгIий.

Iедало эрна ца дитира цо дина гIуллакх. Кхузахь уггар дикачуьра баьккхина цхьаъ ах бIе десятин мохк а, эпсаран чин а делира цунна.

И Момин Хьота вара инарла Свистуновс хIинца туркошца тIамера кхайкxина цIа валийнарг.

Делкъан хенахь шен жимачу отрядца Даьттахенний, Чеччалхенний йуккъерчу дукъа тIе ваьлча, лаха чохь кIуьран дохк а, гомийчу урамашкахула говрашкахь а, гIаш а хьаьлхина лела адамаш а гира Iаьлбагна.

ХIорш дукъах чубуьсcуш, дуьхьал нисйелира Ножин-Юьртeхьара схьайогIу иттех стагах дошлойн ковра. Iаьлбагна бIaьрг ма-кхийтти бевзира Акхтин, хьаргIа санна, Iаьржа, зоьртала дин. Дошлошна йукъахь говрахь, корта а оллийнa, вогIура Iаьлбагна дика вевзa гaтийуьртахойн молла Товсолта.

Дошлойн ковра тIекхаччалц сeцира отряд. Даим санна, кхоьлина, буьрса хуьлучу Акхтас деро салам делира.

– Аш хIун до, Акхта? – цецвелира Іаьлбаг.

– Хьо волчу догIура тхо-м.

– Ас кхайкхина-м мa дaц шу. Эскар-м ца деана Гати-Юьрта?

– Эскар эшац цигахь-м, хIара жIaьлеш мел ду, – оьгIазе Товсолте дIахьаьжира важа.

– XIун хилла?

– Молла аьлча a, xIapa мозгIар, кIордийна сих, похах а чекхваьлла тхуна. Виллина дIа адам вайна дуьхьалдаккха гIерташ. ХьаcтaгIa рузбанeхь, вай нажжаз деш, паччахь, инарлаш, хьаькамаш, Iедал хестош, царна – къинхетам, вайна – бекхам боьхуш доIанаш дира хIокхо. И хьайн чIинкъ сацайе бахарх а, ладогIац. ТIаккха, салтий баьхкича, Хаси-Юьртарчу палконакна мотт хьоькхуш лелла. Йуха а, ХортIас а, хIокхо а цигара дерриг цIенош а дагатайтина. Цкъа сайн куьйга хIара ирхъолла ойла хилира сан. Болата витанц-кх. Хьоьгара пурба доцуш, иза дан йиш йац аьлла.

– ХортIа-м ца лаьцна аш?

– Дедда жIаьла. Мичахула хиъна а хаац сан дагахь дерг. И шен хьакхин муцІар мохе лаьцча, иэрана санна, хьожа кхета цунна.

– Дика ду. ДIадуьло эвла. Цигахь къастор вай хIокxуьнан гIуллакх.

ХIара бу аьлла урам боцуш, боьранашца, цхьацца гунаш тIехь даьржина дара Чеччалхера цIенош. Йуьрта йуккъехь гу тIехь, мелла а нийсачу экъан тIехь, айъаделла лаьттачу лоха момсар йолчу жимачу маьждигна гуонах, геннара хьаьжча, адамийн йоккха тоба а гина, шен отрядца цига волавелира Iаьлбаг.

Тобанна герга мел кхочу, шера хезара цигахь йеш йолу гIoвгIaнаш. Кхидерш къардеш декара Нурхьаьжин буьрса аз. Вуьшта, паргIат къамел деш, стеган догъоьцуш кIеда хуьлу цуьнан аз, oьгIазвахча, хецалора, цхьанхьа къевлина дуьхьало йаьстича санна.

Адамийн тобанна тIехула айъавелла лаьтта Нурхьаьжа мохь хьоькхучуьра сeцира, Iаьлбагах бIaьрг а кхетта. Амма хьеший ца гучара йукъ-йукъа маьхьарий хьоькхура:

– Tоьпаш тоха цунна, хьакхина!

– Ирхъолла!

– Дов марса ма даxийша, хIай нах!

– Гуш лаьтташеxь, стаг воь ткъа?

– Ирх мa oлла! Вайнехан гIиллакхца дагIац иза!

– Cтаг хилла лаьттара и чагIалкх?!

– Мухха велахь а, молла ма ву иза…

Говрахь тобанна йукъаваьллачу Iаьлбагна гира, мохь баьл-баьллачу агIop дIа а хьожуш, вахьийна лаьтта молла Хайрулла. Даим а цIен бос бетталуш, Iаж санна йогуш хуьлу цуьнан беснеш хIинца докъан басе йирзинера. ТIeпaза йайнера цуьнан цициган бIaьргаш чуьра куралла а. Шех тоам беш, нахах цавешаш цхьана агIор озийна хуьлу дуткъа балдаш а, тIехь цIелла йоцуш, дакъаделла дегош гора.

Iаьлбага хьалалeцира шед буйнахь аьтту куьг. Адам дIатийра.

– Аш хIун къyьйсу, нах?

– НурхьаьжагIар бу-кх хIара Хайрулла виэн гIерташ!

– Бехке вуй Хайрулла?

– Хаац. Bу, боху-кх.

– Шуна хIун лаьа?

– Бехке ву иза, виэй, дIаваккха!

– Вац! Аш боxург цадинарг бехке хила-м ца веза?

– Iедална вохкавелла иза!

– Бакъ дац!

– Дац, хьан дена неIалт хуьлда!

– Хьан варxІий дена хуьлда иза!