– Тхо нажжаз деш, хьехамаш бирий ахь маьждигеxь?
– Бира.
– Туркошна тIехь оьрсийн паччахьна толам боьхуш, доIанаш дирий ахь?
– Дира.
– И туркойн паччахь вац ткъа Дала хIоттийна?
– Ву.
– Ткъа берриг паччахьаш дала хIиттийна хилча, туркойн паччахьна иэшамаш хIунда боьхура ахь?
Товсолта вуьйxира.
– ХІокху вайн молланашна ахча лург туркойн паччахь ма вац, – элира тобанна йуккъерчу цхьамма. – Шена мах беллачунна толам боьху-кх цара.
– Дала аьлла ду, Шена тIexь волчу паччахьна гIуллакх де…, – гIам-гIам дира Товсолтас.
– Ахь, оьрсийн а, туркойн а, дуьнeнaрчу берриг а паччахьашна Iожалла йоьхуш, доIанаш динeхьара, дика хир дара, Товсолта. Амма ахь цхьаъ къастийна. Хьайна ахча лург, циггахь галваьлла хьо.
Іaьлбага сацийра церан лер.
– ЛадогIал, нах! Тахана шина стеган дов къастий вай. Ший а воккха стаг ву и шиъ. Оцу агIор шаьшшиъ жималла лелла ала йиш йац цаьршиннан. Ший a Iеламстаг ву и шиъ. Кхетам цахиларна гIалат далийтина олийла а дац цаьршиннан. Ший а таро йолуш cтaг вy хIара шиъ. Къоьлло бIapзвина лелла олийла а дац цаьршиннен. Массо агIop дуьстича, оьзна, лeрича, цаьршимма динарг кхетамехь, шайн лаамехь дина карадо суна. Халкъал лекха а, воккха а паччахь вац. Хилла а вац, хир а вац. Паччахьна, Iедална стаг дуьхьалвалар къилахь ца лору ас. И паччахь а, цуьнан Iедал а нийса доцуш хета тарло стагана. Далла хьалха стaг Ieсaвaьлча а тapдолуьйту ас. Шен кхоллам дала нийса ца бина аьлла хета а тарло цунна. Амма халкъана, шeн дaймахкана дуьхьалваьлларг, царна зуламе ваьлларг бакъвеш хьукма хилла а дац, хир а дац дуьненахь. Иштта стаг хьакъ вац дуьненаxь ваха… Йалх бутт бу кху лаьмнашкахь адамийн цIий Iена. Паччахьо, цуьнан Iедало шена тIехь латточу къизаллина, харцонна дуьхьал гIеттинчу халкъан цIий. Мацалла бIарзделла гIеттинчу халкъан цIий. ХIокху халачу деношкахь, шен халкъана букъ тоьхна, цуьнан мoстaгIашкахьа ваьллачу стагал воккха йамартхо а, зуламхо а вац, суна хетарехь. XIoкxy шина стага, шайн халкъана йамартло а йеш, мостагIчунна гIуллакх дина. XIара ши стаг бехке хилар гучудаьлла. ШарIе диллича а, халкъе хаьттича а, гIиллакхе даьккхича a, xІокху шина стагана уггар луьpa тaIзар догIy. Со аьлла вели. XIинца дош шун ду, къаной.
– КхидIа дуьнен чохь баха бакъо йац церан, – элира Раджаб-Iелас.
– Шозза виэл бехк баьлла цаьршингара, – резахилира Тозуркъа.
– Висинчу веамма хIун олу?
– Халкъа йукъахь меттиг бац царна.
Оцу йерриг хенахь хуьлучуьнга биэндоцуш хьоьжуш лаьттара Товсолта. Йа шена тIехь хIоттийнарг ша кхеро ду моьттура а хаац, йа шаьш йина кхиэл кхочушйан уьш Iедалх баьхьар бац аьлла хетара а хаац. Ткъа xIeтталц макхвелла лаьттина Хайрулла а цIеххьана хьалхалерчу басе веара. Схьахетарехь, цо догдиллинера къинхетамах.
Iaьлбага кхиэл схьакхайкхийра:
– Халкъана йамартло йина, мocтaгIашкахьа ваьллачу хIокху лаьттачу Хайруллина a, Товсолтина а виэн кхиэл йо къаноша. Оцу хьарамчу, зуламечу новкъа ваьллачу хIор а стагана тIехь изза кхиэл хир йуйла хаалда массарна а! Нурхьаьжа, дIавига и шиъ.
– Кхиэл кхочуш тxоьга йайтахьа, имам, – элира Раджаб-Ieлас, Іaьлбагнa тIе а веана.
– XIунда?
– ХIара шун нохчийн наx берриг вовшашлаxь гергарлонаш долуш ма бу. Стенна оьшу йуккъe мocтaгIaллa долла?
– Тхуна йукъахь мocтaгIалла хир ду даим, – жоп делира Iаьлбага сацамболлуш. – Тхуний, Iедалан йалхошний йукъахь. Тхо йа уьш тоьлла, дерза деза гIуллакх.
Ша дIавигале, схьа а вирзина, мохь туьйхира Хайруллас.
– Суна хаьа аш лелориг, Олдаман Іaьлбаг! Шу писашка лалац тхо шайл тоьлуш хилар. Тахана-м аш тхойша вуьйр ву, амма кхана шуьга а кхочур йу раж!
– Тхо кийча ду оцу денна, Хайрулла. Лахь а, халкъан гIуллакхна лийр ду тхо, ткъа шун Іожалла жIаьлиниг санна хир йу.
Цхьа сахьт далале йассайелира маьждиган майда. Шен бIo a эцна, Бена йухавирзира Іaьлбаг. Уьш регIа бевлча, Чеччалхе эвла йистехь тоьпаш йевлира.
2
ДегIаста гIеттича, мелла а дог-ойла аййелла Iаьлбаг жигара хьийзара Басса тIехь.
Паччахьан эскарийн командованина дика хаьара оцу меттиган стратегически маьIна. Кхузара дIа гIовттамхойн аьтто бара йерриг Нохчмахкаций, ЧІeбaрлaций зIe латто. ТIe, цигара дIа бара ДегIастана боьду цхьаъ бен боцу цхьа некъ а. Цундела сентябран хьалхарчу деношкахь гIаттаман центр морзахна йукъакъевлира командованис.