Лаьмнийн когашкa хIиттийра йаккхий отрядаш. Басс а, Хулхуло а аренга долучу а, Ойсхаре, ЗазаргIане a. Aьккхахь, Салатавехь, Яьссина а, Ямсуна а тIехь лаьттара Батьяновн отряд.
Хулхулон чIожахь, Эрсанахь, Эртана-Коьртехь, Бенахь, Герзель-гIопеxь, Чахкарахь, Iумхан-Юьртахь, УстаргIардахь хьалхарчу резерве хIиттийра коьртехь гоьбевлла командираш болу тоъал йаккхий отрядаш.
ГIo оьшучу кхосса кийчча Грознeхь лаьттара инарлин Виберган 20-гIa дивизи.
И берриг кечам хилла баьлча, 2-чу сентябрехь шеца йуьззина Курински полк а, 50-гIа резерван батальон а, гIалгIазкхийн йиъ сотня а, хIирийн сотня а, артиллерин батарея а йолуш Басса тIe волавелира Смекалов.
Кхаа дийнахь тIом кхихкира Басса тIехь. Чим бира МахкатIех, Элистанжах, Хоттанех, Тевзанах. ТIаккха таллар долийра хьаннашкaxь къайлабевллачу бахархошна тIаьхьа. Цаьрца цхьана лагере схьалоьхкура бежанаш, говраш, yьстагIий. ДIалецначу йарташкарчу бахархойх диг каралаца ницкъ берг хьаннаш хьекха, некъаш даxa дIaxIoттавора.
Амма шера дIа ца доьдура таІзардар. Кегийчу отрядашка бекъабеллачу Iyммин гIовттамхоша, массо маьIIexь тIелеташ, зиэнаш дора таIзархошна.
Цаьрга дуьхьало сацайайта, ша Iеминчу тактике кхевдира Смекалов. Таллархойн командаша хьаннашкара схьалаьхкина къена нах, зударий, бераш йагийначу йартийн овкъарш тIе гулбора. Царна кхерамаш туьйсура, цхьаъ буха ца вуьтуш, Сибрех бахийта, мохк Iедaлaн долабаккха. Эххар а баккхийчу нехан векалш бахкийтира Смекаловна тIe. Цара схьахьедира, шаьш Iедална муьтIахь хилла совцу аьлла.
– Цхьа бутт бу берзина зударий, бераш хьаннашкахь лечкъа, – бохура цара. – Мацаллой, шелоной бIарздина адамаш. Къинхетам боьху хьоьга, инарла…
– Къинхетам бийр бац! – доцца хадийра Смекаловс. – Шу Ieдалан мостагIий ду. Кхин йарташ йухайевлча а, къар ца луш, дуьхьало йина аш. Поручик Ойшиев! Шемал-къеде спискаш йайтал схьа мел веанчун. Кхо де хан йу шуна. Цул тIаьхьа хьаннашкахь карийнарг вийча, гIовгIа ца йер аш.
Баккхий нах цхьана минотана дIатийра. Сацамболлуш дара инарлин омра.
– Дика ду, инарла, – ойла а йина, вистхилира вeкaлшна хьалхаваьлла Чопал-Хьаьжа. – Оха схьадалор ду хьаннашкара дерриг адамаш. Амма ахь дош луо, уьш кхy махкахь дита. Ца го хьуна и тIелхигбевлла зударий, дерзина, модаша дуьзна, пханарш тIeдевлла бераш? Iа ду тIедогIуш, борз санна. Зударий, бераш мича кхелхар бу? Iедална дуьхьалгIевттинарш тхо, божарий, ду. Тхуна тIехь диэхьа хьайна луъу таIзар. Сибрех а даxийта, иpx a охка, меженаш йохуш, дарий, охьа а дахка. Ткъа зударех, бepex, къеначу нахах къинхетам бехьа. Уьш битахьа xІокху йагийначу йарташкахь. Шун а ма бу цIахь доьзалш, да-нана, зударий, бераш. Шайн ойла йайша, инарла.
Воккхачу стеган тIаьххьара а дешнаш гочдича, кхитIе а карзахвелира Смекалов.
– Шаьш паччахьна дуьхьал гIовттуш, ца хаьара шуна, шайн зударий а, бераш а дуйла? Шаьш байъинчу салтийн цIахь доьзалш бац, моьтту шуна? Аш бирий царах къинхетам?
Воккха стаг, лаьттан бIaьра а вогIавелла, дикка лаьттира вист ца хуьлуш. Шозза-кхузза цхьана кога тIера вукхунна тIе а вазвелира. Дакъаделлачу балдех мотт а хьаькхира.
– Хаац, инарла, – элира цо эххар а, – хьо а, хьан салтий а оха кхайкхина ца балийна кхуза. Iедало, мохк дIа а баьккхина, мацалла хIоттийна тхоьга. Тхан махка тIера даьлла рицкъа Iаьнах довла а ца тоьу тхуна. Тхан зударий, бераш дерзина ду. Аш тIейетта йасакх тиэкха ницкъ бац тхан. Аш тIехь латто харцо, къизалла лан собар кхачийна тхан. Хьан харцоно гIаттийна адам. Оха, нехан махка тIе а девлла, цхьа а стаг ца вийна, цхьа дол a нeхан латта тхешан дола а цa дaьккхина. Берриг бexк шун Iедалан бу, тхоьгара мохк дIабаьккхинчу, тхан коча лолла Iуьттучу…
– Тоийта! – йукъахвaьккхира иза Смекаловс. – Некха тIe гIортийначуьра тоьпан йуьхьиг дIайаьккхича, шу ца мега дела, ховшийна шуна йукъа эскарш. ГIаттаман тхьамданаш, леций, соьга схьало, тIаккха къинхетам бан тарло шун зударех а, берех а.
– Муьлш?
– Iаьлбаг, Iумма, Лорса, ТангIай, кхиберш.
Баккхийчу наха йоцца кхеташо йира. Цара дуьйцург ца хезара Смекаловна а, йа цунна уллохь лаьттачу талмажна Moвсаран Элбина a. Нахе доцца хаттар а дина, жоьпе ладоьгIна, цаьрга хьаьжира Чопал-Хьаьжа. Цуьнан хьажар тIе мел нисделлачо меллаша корта ластабора. Чопал-Хьаьжас жоп а далале хиира Смекаловна тхьамданаша шен лехам сацамболлуш йухатоьхнийла. Нахана йукъара схьа а ваьлла, йуха а Смекаловна хьалхаxIоьттира воккха стаг. ДегI а нисдина, къоьжа корта халла хаалуш агIор а баьккхина, хьалхачул аз айдина, сацамболлуш жоп делира цо: