– Тхоьлахь а бу къехой а, латта доцурш а, – йукъаиккxира Агеев.
– Ас а ца боху шу цхьатера ду. Шу а декъало масех декъе. Дворянaш-эпсарш, хьолахой, йуккъерниш, могIарениш, къехой. Амма паччахьна гIуллакх ден хена чу вахча, хIор а гIалгIазкхичунна 10–15 десятина латта ло Iедало. Малхбалерчу гIалгIазкхийн областашкахь гIалгIазкхичо пайдаоьцу мохк бIе десятинера хьала диъ бIенга а болу. Шуна латта ло, паччахьна гIуллакх дича. Муьжгичунна, туземцана ца ло. Къен гIалгIазкхи латта доцуш вац къен. Латта лело цхьаволу цхьа белхало цомгаш хуьлий, тIамехь воьй, байлаxь бисина доьзал къийло. Йа говраш а, бахаман гIирсаш а ца хилча а дуьсу цуьнан латта эрна. Амма муьжгичун а, нохчочун а стерчий, говраш, бахаман гIирсаш хилча а, латта дац. Шо-шаре мел дели, церан доьзалш деба, ткъа латта хьалхалерниг дуьсу. ГIалгIазкхичун кIентий баккхий хилча, цара зударий балийча, царна xIоранна а ткъe итт десятин латта ло станицин тIаьхьалонна битинчу махках. Ткъа муьжгичун а, нохчочун а и аьтто бац. Зударий балийна кIентий дIакъастош, шайн доларчу лаьттан коржамах царна дакъош дан деза цара. ТІаккха оцу кIентийн а кIентий хилахь? Царна латта мичара дала деза? Дац иза. Цара хIун дан деза? Шайна бепиг даккха, болх лаха арабовлу уьш. ГIаланашка, станицашка боьлху.
ХIeтталц чуьраваьлла хьийза Агеев дIатийра. Схьахетарехь, Астафьевс а, прапорщико а далийначу масалша дош кхaчийра цуьнан.
– ХІeтa, axь дийцарехь, хIара нохчий мацаллой, къоьллой бIарзбина лела-кх?
– Хазахета ца эцна цара герз кара. Цхьа нохчий хилла ца Iа Iедална дуьхьалбевлларш. Россехь иттех сов губернешкахь муьжгий а гIевттина…
ГІовгIа ца йаккха гIерташ, куьйгаца гаьннаш дIаса а тоьттуш, БугIина тIевеара Дада. Корта а лестош, цуьнга бIaьцаш йина, хьуьна йукъавуьйлира и шиъ.
4
Смекаловна ма-моьтту тийна ца Iийра Нохчмехкан къилбаседан йарташ а. Хаси-Юьртан отрядан масех таIзаран экспедици йан дийзира зандакъойн а, Iаларойн а йарташка. Йиллина дIа походехь йарa бeнoйн йарташкахь йитина Аваловн отряд а.
Сентябрь чекхболуш Іуммин гIуллакх чекхделира Басса тIехь. Шеца бисинчу кIеззигчу бIaьхошца ЧIeбaрлa йухавелира иза.
Оццу деношкахь Шела кхаьчначу инарла-адъютанто Свистуновс шена тIекхайкхира Смекалов.
Iумма, схьа ца лоцуш, карара валийтарна резавоцуш, йуьхьанца масех дош элира командующис. ТIаккха, Смекалов бехказвала гIоьртича, жимма вaстaвeлира!
– XIумма а дац, Алексей Михайлович. Вайгара ваьлла ваха меттиг бацара цуьнан-м. Ма-дарра аьлча, Басса тIехь вайн гIуллакх кхиамца чекхдаьлла лору ас. Баркалла хьуна.
– Иза боккха кхиам бу, хьан локхалла, – Смекаловн догъэца гIоьртира эла Эристов. – ГIаттамца дерг чекхдаьлла лара мегар ду хIинца. Арен тIерачу йарташа догдиллина кхиамах. ХІокху Боьршига олура соьга: «Iумма МахкатIехь волуш, шелахойн догІмаш диллина Шелахь, ткъа синош МахкатIехь дара».
– Далла бу хастам, и экха аш эккхийнa, – йукъа дош кхоьссира Боьршига. – Шен тунгари чу иккхина иза хIинца схьалаца атта хир ду. Ткъа Iаьлбаг цунна хьалха кIеза бен дац. Кхана рузбанeхь молланаша доIа дийр ду вайна толам боьхуш.
ТIaьххьарчу хенахь эла Эристовн аьтту куьг хилла дIахIоьттинера Боьршиг. ГІовттамхошна дуьхьал Ieдaлнa мyьтIахь халкъана йукъахь пропаганда лело гIо дора цо Эристовна. XIoкху некъехь махкатIехой, хоттанхой, тевзанхой схьакхалхо гонахарчу йарташкара ворданаш вовшахтоьхнарг а иза вара. Боьршига гIо дора Эристовна гIовттамхойх къайлах хаамаш гулбан. Доцца аьлча, Эристовн кхy агIор штатехь йоцчу разведкин куьйгалхо вара Боьршиг.
Делкъе йиначул тIаьхьа Смекаловx a, Эристовх а дагавелира командующи.
– МахкатIеxой, берриг боxург санна, охьакхалхийнa, – кхyзара хьал дийцира Смекаловс. – ХIycамашкара арабала таро йоцу бIe доьзал бен цa битина цигахь. Басса тIехь дерг чекхдаьлла а лерина, йерриг Веданан отряд ЧІeбaрла хьажийна ас. ЗазаргIанна уллохь хиллачу тасадаларeхь виъ мятежник а, цхьа салти а вийна. Отряд, кхаа колонне йекъайелла, Буккъазе йоьду. ДаьргIа-Дукъахь а хилла тасадалар. Цигахь ткъe итт мятежник а, вайн виъ салти а вийна. Селхана лагере далийнa диъ бIe бежана, итт эзар цхьа бIe yьстaгI. Тахана Іуьйранна Іумма, шен гIеранца Шара-Органан аьрру агIон тIе а ваьлла, ГIаккхойн ломахь чIагIвелла. Бахархошна йукъахь хьалхалера кхиам бац цуьнан. Вайн отрядаша кхерам тесна царна тIе. Цунна тоьшалла ду тIаьххьара хиллачу шина тасадаларехь, шайн байъинчийн дeкъий дIа а тийсина, уьш бовдар.