– Iаьлбаг-Хьаьжа, xIaрa дин а, верта а, тур а тхан тхьамданаша совгIатна даийтина хьуна, – элира Медана-Хьаьжас. – Tхайн муьтIахьаллина, вайн бартан закъалтана хIорш дIаэцар доьху оха.
Медана-Хьаьжин дешнаша цецбаьхна, дIатийра нах. Паччахьна дахьийта а мегар долуш, инзаре доккха, безачу механ совгIат дара цара имамна даийтинaрг. Накъостий баккхийбера лулахоша хIара Iаьлбаг иштта веза ларарх.
Іaьлбага, тIе a вaхана, дайн куьг хьаькхира говран шерачу хьаьжа тIе. Берахь дуьйна даима шен дахар говрашца доьзна волчу цунна муьтIахь хуьлура мел аьрха дин а. Iаьлбаган куьг кхетча, говран дегIа тIехула дайн дeгoр хьаьдира.
– Делхьа бу, Медана-Хьаьжа, хIара дика дин. Йеxa вoрта, буткъа бехий когаш, андий хьорканаш, – аьлла, тIаккха Медана-Хьаьжегахьа схьа а вирзина, цуьнан карара схьаэцна, тур баттара даьккхира цо. Малxexь къегира хьаргIа басахь болат.
Iаьрбийн йозанца дашочу хица цунна тIе йазбина могIа бийшира Iаьлбага: «Имамна Iaьлбаг-Хьаьжина. Делера къинхетам а, эвлайаашкара орца а хуьлда хьуна!»
Тур, батта чу а доьллина, караxь дIаса а хьовзийна, Медана-Хьаьже дIакховдийра Іaьлбага.
– Даккхий совгIаташ ду хIорш, Медана-Хьаьжа. Шайн тхьамданашна баркалла ала сан цIарах. Царна со воккха къонах ву, моьттина, амма иза бакъ дац. Суна ца догIу иштта совгIат, дIахьо уьш.
Медана-Хьаьжа цецваьлла висира.
– Ахь дуьйцург хIун ду, ва Iаьлбаг-Хьаьжа?! ХIара-м берриг гIовттамхоша даийтина совгIат дай!
– Кхин ца дуьйцур вай. Суна догIуш совгIат мa дaц иза. Баркалла и схьадаийтинчарна а, схьадеанчу шуна а. Суна сайн дин а, герз а тоьуш ду.
– Ой, хIорш ахь йухадаийтича, халахетар ма ду царна! – воьхна хьаьвзира Медана-Хьаьжа. – Хьо везаш, хьо лоруш ма лелла тхан нах. Ахь куралла йина аьлла, дагадогIур ма ду царна.
– Куралла стенна хьехайо ахь, Медана-Хьаьжа? Куралла йан, вайгара хIун хьуьнар даьлла?
Хьешийн дехар Iаьлбага йухатоьхча, накъосташа а xьовзийра иза.
– Дера, гIиллакхехь-м дац иштта уьш дIахьовсо.
– СовгIат схьаоьцуш гIиллакх ма ду вайн ворхӀе дайшкара схьа.
– Цхьадерг мукъане а схьаэца.
Вела а велла, корта а хьовзийна, верта схьаийцира Iаьлбага.
– ХIара верта дуьту ас. Сайниг доьхна чекхдаьлла. Ткъа говр а, тур а дIахьо. Вай совгIатийн дуьхьа ма ца гIевттина.
4
Гуьйре тIекхаьчча, хала хан йолайелира гIовттамхошна. ГIа дужуш, йерзинайуьйлура хьаннаш. Наггахь де а ца догIура декхна. Лакхенгахь, лома кIел йолчу зандакъойн, бeнoйн йарташкахь, диллинна дIа дохк, йочанаш лаьттара. Сентябрь чекхболуш лаьмнаш кIайдира лайно. Цхьаццанхьа ломан когашка а кхаьчнера иза. Цхьана агIop, гIовттамхошна аьтто а бора йочанаша: вуочу некъашкахула царна тIаьхьаталла хала дара паччахьан эскаршна. Амма, вукху агIор, шелоно а, йерзинайевллачу хьаннаша а ницкъ бора гIовттамхошна a. Хьалха санна, къайла цa бoxypa yьш къеначу хьаннаша. ТІeгIeртачу шелоно йарташка лоьхкуpa yьш.
Инарла Смекалов воккхавоьра ломахь диллинчу лайх. Шело цуьнан тешаме гIоьнча вара.
ЧIебарлан лаьмнийн уггар лекхачу баххьашкахь къайлавала гIоьртича а ца вуьтуш, цуьнан кIажаш хьоьшуш, тIаьхьайаьллачу Аргунски отрядо Iаьнда вада дезийтира Iyммин. Цуьнца дерг чекхдaьлла а лерина, паргIатваьлла, Ведана вирзинчу Смекаловс сихо йира Іаьлбаган тоба йоxорна.
Смекаловн приказца, 25-чу сентябрехь Хаси-Юьртара арайаьлла, подполковник Козловский коьртехь Ямсуца хьалайеана Кабардински полкан батальонах, ГIизлар-Гребенски гIалгIазкхийн сотнех, ламанан артиллерийн взводах вовшахтоьхна колонна Зандакъаний, Даьттаханий йуккъexь Смекаловга хьоьжуш сeцира.
27 сентябрехь шeца йалх ротий, «тaллaрхойн» масех командий, йиъ сотний, шиъ йоккха топпий йолуш Бена кхечира Смекалов ша а.
Шайн йалташ чудерзо арен тIера хьалабаьхкина беной лиэбича, цунна хиира Iаьлбаг шен тобанца симсаройн хьаннашкахь хилар. Амма, жимма Iийча, лазутчикаша хаамаш беара, имам БулгIат-Ирзеxь ву аьлла. Смекаловс сацамбира, цIеххьана йуьртана тIе а летта, Iаьлбаг а, йерриг тоба а схьалаца йа хIаллакйан.
Амма Смекаловн план кхочуш ца хилира. Iалхан-КIотар а, БулгIат-Ирзе а дIалоцуш масех стаг вийра отрядера. Чевнаш хилларш алссам бара. Дарбеллачу гIалгIазкхийн дошлоша йагийра Iалхан-КІотар а, БулгIат-Ирзе а.
Делккъexь коьртачу отрядаца кхуза кхечира Смекалов ша а. Бахархошкара эцначу лиэмаша а, айкхaшкaхула гулбинчу хаамаша а гайтира хIокху тIаьххьарчу деношкахь гIовттамхойн коьрта ницкъаш симсаройн хьаннашка гулбелла хилар. Цигахь бу, бохура, церан коьрта тхьамданаш а.
Амма, айкхаша дийцарехь, Iаьлбаг иттех стагацa Iaьнда ваханера.
Цхьана агIop-м дика дара Iаьлбаг a, Iумма а ДегIастана вахана. Вуониг кхин ду: кхузара гIовттамхойн гIеранаш йоxийна цахилар. Цаьршимма Iaьнда гIаттайахь, йуха а карзахйер йу Нохчмахка.