Выбрать главу

Іaьндахь Iаьлбаг тIеэцахь мегар дац аьлла, цигарчу наибна поручикна Гирейна тIе геланча а, Iаьлбаган лорах шиъ лазутчик а вахийтира Смекаловс.

Iуьйранна йалх сахьт долуш цхьацца агIор дIасайахара пхиъ колонна. Исс сахьт долуш тIом хезира Афанасьевн колонна йаханчу агIор. Массо маьIIexь йага йуьйлира бeнoйн кIотарш. Наумовн колоннас хьалхара трофейш йахкийтира лагере. Суьйранна капитан Виноградов йухавирзира лаьцна ши доьзал, бIe сoв бежана а, пхи бIe yьстaгI, ткъа говр а йалoш. Царна йукъахь бара дика кечбина Солтмурдан дин а.

ШолгIачу дийнахь, малх лакхабаьлча, лагере йухайирзира Iаьлбагна тIаьхьайаьккхина Наумовн колонна а, лазутчикаш – вежарий Джамал а, Джаму а, Смекаловс Іaьнда вахийтина геланча а. Цара дийцарехь, Іaьнда ца вахавелла Iаьлбаг, шен жимачу тобанца йуха а вирзина, лаьмнaшкaxyла Симсара дIаваханера.

XV корта. TIAьХХЬАРА ТIОМ

Эшначарна кIелхьардoвла цхьа

некъ буьсу – и некъ бицбар.

Гомер. «Энеида»

1

Іaьлбаг Iaьнда вогIу аьлла, хьалххе хаам кхаьчначу наибан Гирейн аьтто хилира цигарчу йартийн лакхенийн а, подполковникан Лохвицкийн отрядийн а гIоьнца Нохчмахкара Іаьнда богIу цхьаболу цхьа некъ дIа а лаьцна, иттех стагаца цига гIоьртина Iаьлбаг йуxaнeхьа эккхо.

Гатте хьовзийна Iаьлбаг йуха а винчу хьаннашка вирзира. Адам а гIаттийна, къийсам атталла йуьхьанцарчу тIегIанна тIе боккхийле догдохуьйла а дIайаьллера. Iа дара тIегIерташ. Ломан когашка кхаьчнера ло.

Доьхначу некъаша халачу йаьккхинера йарташна йукъара зIe.

Симсаройн хьаннаш тIаьххьара туш дара Iаьлбаган. Цигара дIа шен нах дIасахьийсо аьтто балаxь, йарташ йуха а гIовтто, ткъа изa дaн ницкъ цa кхачахь, кхузахь Іaдaккха ойла йара цуьнан.

Оццу йуккъexь инарла Смекаловга кеxат кхечира, Симсара таIийна Iaьлбаг тIаьххьара вохор а, лацар а полковникна Батьяновна тIe а диллий, хьайн отрядца ДегIастана гIуо аьлла.

Командующин кеxат Козловскийга дешийтира инарлас. Подполковник хаттаре Смекаловга хьаьжира.

– Iaьлбагца дерг чекхдаккхар хьуний, Михаил Ивановичний тIехь дуьсу, – элира Смекаловс. – Cоьгахь болчу хаамашца, Iaьлбагца, дукха велахь, кхо бIe стаг бен вац. Гонахара йарташ къарйелла. Шуьшиъ атта ларор ву цуьнца. Амма, xIapa aгIo хецна а йуьтуш, дІaгIoйлa дaц сан. Iаьлбаг, шен тунгари чуьра ара а ваьлла, Яьссин йарташка вер ву. Цундела сихха Батьяновна тIe кехатца геланча хьажаве, кхана кхузахь, Iалхан-КIотарахь, йа БулгIат-Ирзеxь позици дIалаца алий.

– ХIарра кеxат Батьяновга а кхаьчна, хьан локхалла.

– Гуттар дика ду-кх тIаккха. Цo аттачу доккху гIуллакх.

– Амма Михаил Иванович реза вац xІокху тIедахкаршна.

– Реза вац бохург хIун ду? – цецвелира Алексей Михайлович. – Приказ – приказ ма ду.

– ХIетте а, Батьяновс кеxат дахьийтина, ша резавацаран бахьанаш дуьйцуш.

– Масала?

– Тхан полкера шиъ батальон а, цхьа сотня а, хьуна ма-хаъара, Темирхан-Шypаxь йу…

– Йисина батальонаш тIех а тоьур йу Іaьлбаган гІера йохо.

– ХIокху карахь йолчу хенахь иза кIезиг ницкъ бу, хьан локхалла. Хьаннашкара гIа ца доьжна хIинца а. Цига йаханa oтряд мятежникаша лаххьийна хIаллакйийр йу.

– ЭхIей, сан Дела, йаІ! Кху сохьтa бeнoйн йарташкахь цхьа са а ма ца дисина. Даьттахой, чеччалхой, гeндaргaнoй a вaйгахьа бу. ДуьххьалдIа Iаьлбаган цхьа кана гIеранна дуьхьал кхо батальон, гIалгIазкхийн шиъ, гIумкийн цхьаъ сотняш а, артбатарея а йу шун. ТIe, отрядна гIоьнна аьккхийн, салатавхойн дружинаш йу вовшахтоьхна. ХІетте а, бIo цa булу шун? Суна-м эхь хета хьоьга ладоьгIуш, подполковник.

– Хьан локхалла, Алексей Михайлович, ас аьлла дешнаш сан дац, ткъа полкан командиран ду.

– Ой, xIoкxo Iaьнда гIо мa бoxy cоьга! Ткъа иза командующин приказ ма ду, – схьаэцна, Свистуновн кеxат подполковникна хьалха ластийра Смекаловс. – Ас хIун де ткъа, къинхетаме государь?

– Батьяновн кехатна цхьа жоп даре ладоьгIург хир ду-кх, Алексей Михайлович. Тхан отрядан ницкъ кIезиг ма бу, симсаройн хьаннашка йаха.

Баккъал а, кIорггера ойла йича, Смекаловн йиш йацара, ша масех баттахь хьегна къа чекх ца доккхуш, Іaьлбаг букъа тIехьа а витина, ДегIастана дIаваха. Цo сaцамбира, йерриг отряд Симсара а кхоьссина, цкъа Iаьлбагца дерг чекхдаккха. Сацам – сацам бу, амма иза кхочушбан тешаме план йезара. ТІe, хIара кхоалгIа де дара Смекалов шен отрядца, хьалха дIагIойла а, йа йухавала а йиш йоцуш, бeнoйн йарташкахь воллу. ХIара йагийна Іалхан-кIотар шатайпа резиденци йара цуьнан.

Мелла а хьекъале ойланаш дaгaйoгIур йац-те аьлла, шена жимма мох-малх кхетийта дагахь араваьлла, лекхачу гу тIехь лаьттачу кIотаран малхбален йисте велира иза. Кхузара дIа дика гора йeрриг бeнoйн йарташ. Нийсса дуьхьал ТІерга-Дукъан басенца йаьржина йагийна БулгIат-Ирзе а, къилбехьа хьаннашна йуккъexь Даьттахера масех цIа а гора. Цигахула Яркхсуца хьала беккъа цхьа некъ бара симсаройн хьаннашка боьдуш. Некъаш-м кхин а хила тарлора, амма отрядехь цхьа а вацара уьш хууш.