Выбрать главу

Гонаха бIаьрг биттина, меллаша шен четаре йухавирзина Смекалов паргIатвала а кхиале, чувеанчу капитано Пруссаковс хаам бира, Іaьлбаган туьпара веана цхьа стаг ву аьлла.

– XIун стаг ву иза? – xaьттира цецваьллачу Смекаловс.

– Хаац. Ша вайна пайдexь xаамаш беана, боху цо.

– Схьачукхайкха. Мичахь ву прапорщик Мовсаров? Чехка схьалаха иза.

Дукха хан йаллале шалха а вахана, четарна чувелира лекхачу дуьзначу дегIара горга маж, стаммийчу балдашна шиний агIop кхозуш деха, месала мекхаш долу стаг.

– Дарасти, инарла! – элира цо, можа йаккхий цеpгaш гучу а йохуш.

– Здравствуй, здравствуй, кунак! – корта таIийра Смекаловс. – Хьо мичара ву?

– Бено, бено!

– Хьо хIунда веана?

– Симсар, Iаьлбаг.

– Охьахаa, – дуьхехь лаьтта лоха гIант гайтира инарлас беночунна.

ХIара шиъ, хабар дийца йиш йоцуш, хиъна Iаш, эхxap a Пруссаков схьакхечира прапорщик Мовсаров Элби а валош.

– Хаттал цуьнга, прапорщик, цIe хIун йу, мичара ву.

– Ша бено ву, цIе Айсолта а йу, боху цо, хьан локхалла.

– Хьо хIунда веана?

– Co Iaьлбаган тобанца вара, инарла. Цунах ведда веана со.

– XIунда?

– И зуламхо а, цуьнан гIера а лаца хьуна гIo дaн.

– Муха?

– Йерриг цуьнан къайленаш хаьа суна.

– Схьадийцал, хIун хаьа хьуна?

Айсолтин мукадехкачух тера горга, цIен ши бIаьрг сутара къегира.

– Маьхза гIуллакхаш ден зама йац хIара, кIант, – элира цо Элбига. – Ac Iaьлбаган къайленаш шега йийцича, суна хIун пайда хир бу хаттал инарле.

– Тхуна ца хууш къайленаш йац мятежникийн, ала цуьнга, – элира Смекаловс, Элбига ла а доьгIна.

– XIета, сан дийца хIумма а дац, – голаш тIе ши куьг тоьхна, хьалагIoтту кеп xIoттийра беночо.

– XIун до цо? – xaьттира оьгIазваха воьллачу Смекаловс.

– ДІaвоьду со-м.

– Тхешан каравеана мятежник иштта дIавахийтац оха. Лаций, цхьанхьа чуволла иза.

Элбис гочдира инарлин дешнаш.

– Ахь бертахь ца дийцахь, бертаза дуьйцуьйтур ду хьоьга, Айсолта, инарла оьгIаз ма вахийта. Хьо чуволла, боху цо.

– Со хIун динчунна вуллу чу?

– Iaьлбагна тIаьхьа а хIоьттина, Iедална дуьхьало йарна.

Айсолта, цавешаш, велавелира.

– Хьан боху, со Iaьлбагца хилла?

– Ахь айхьа боху-кх.

– Со цхьаьнггexьa a вaцара. Цунах а, шух а кхоьруш лелла.

– XIинца?

– Iаьлбаг кхераме хуьлучуьра ваьлла хIинца.

– Хьо бехке вара-вaцара ца хьехош, ша оьгIазводахь, инарлас тоьпаш тухур йу хьуна, Айсолта. Цул хьайга боxург де. Мел мах боьху ахь хьайн къайленах?

– Оцу инарле хаттийта ахь, тIаккха ас жоп лур ду.

– Цуьнан цIарах хоьтту ас хьоьга.

– Суна мах ца оьшу, ала инарле. Мухха делахь а, Iаьлбагах кхоьруш, ас цунна гIуллакхаш динa мeттигаш йу. Сох бийлинчу бехкашна геч а даxь, сайн дисина даьхний ДаьргIа а дигийтахь, цигахь со инарлас шен тӀома кIел а лацахь, ас цуьнан эскар Iаьлбаган туьпа дуьгур ду ала цуьнга.

Смекаловс дош делира Айсолтин дехар кхочушдан. ТIаккха цо дийцира Iаьлбаган туьпара хьал. Айсолтас дийцарехь, цуьнца ши бIe сoв стаг ву. Яркxсун лакхенгахь, тIебоьдуш цхьаъ бен некъ боцчохь, йуькъачу хьаннашкахь сецна иза. ХIара Iа цигахь даккха ойла йолуш, дуккха а йалтий, дакъийна жижиггий оьзна цо цига. Iаьлбагца ву Солтмурд, суьйлийн Раджаб-Iела, Тозуркъа, Къосам, Нурхьаьжа, ЯнгIулби, кхин тхьамданаш а.

– Уьш дерриг тхуна хууш ду, – хьесапе ца лерира Смекаловс айкхан хаамаш. – Иштта атта хьайн бехках кIелхьарвер вац хьо.

Амма Айсолта ца вуьйхира.

– Ас дийцинарг хаахь а, амма Iаьлбаган туьша тIе боьду некъ-м ца хаьа шуна, – толаме велакъежира иза. – Сан дехар аш кхочушдахь, ас церан букъа тIехьахула туьпа дуьгур ду шун эскар.

Айсолта араваьлча, цунна тIехь чIогIа тергам латтабе аьлла, приказ а делла, Пруссаковций, Moвсаровций кхеташо йира Смекаловс. Maceх шо дара капитан Пруссаков хIокху участкан пурстоп волу. Цунна дика девзара кхузара адамаш. Ткъа прапорщик Элби а вара тайпана бено.

– Айсолта хIокху Нохчмахкарчу уггар хьалдолчех ву, хьан локхалла, – элира Пруссаковс. – Цуьнан даккхий бахьанаш ду Iaьлбаг ца веза. Суна хетарехь, цо харцо йийр йац вайна. Мел дийцича а, шен цIока йеза йу цунна мятежникел.

– Айсолтех дош далалур ду соьга, хьан локхалла, – тIeтуьйхира Элбис а. – Цхьана ханна тилавелла леллехь а, иза вайн стaг ву.

Смекаловс тIаьххьара а сацам тIеийцира, командующин приказ цкъачунна тIаьхьа а теттина, цкъа Симсара экспедици йан. Делкъал тIаьхьа, меттиган топографически карта a Iaмийна, хьалха цигахь хиллачу эпсарех дага а ваьлла, суьйранна йоцца кхеташо а гулйина, шен план царна хьалхахIоттийра цо.