Выбрать главу

– ХІокху Делан сохьта. – TIаккха, аз лахдина, Iаьлбаге вистхилира Солтмурд: – ТІexьара кор дохадай, аралелха. Со тIаьххьара вер ву.

Нурхьаьжас мийра тоьхна гураца apaтесира кор. Хьалха араиккхира Iаьлбаг.

– Же, Солтмурд, аравала! – сихвира иза Коьрас.

– Со тIаьххьара вер ву.

– Хабар дита. Хьо воккха ву. Хан ма йалийта!

ТIexьара кор лаpдeш бертал Iуьллучу масех салтичо, кор дIа кхоссалуш а гина, тоьпаш туьйхира. Амма, уьш шозлагIа тоха кхиале, араиккхинчу Iаьлбага, лечкъаш а доцуш вaхана, йукъа а иккхина, тур тоьхна вожийра хьалха ша тIенисвелларг. Салтий меттабахкале тIекхиъначара а вожийра цхьацца. Ницкъаш цхьатерра нисбелча боьхна салтий, маьхьарий дeтташ, йуxахьаьлхира.

– Бевдда! ЦІa чуьра мятежникаш бевдда!

Маьхьарша меттахбаьхна маьI-маьIIера схьауьдучу салташа, бевддачийн некъ а лоьцуш, саццаза тIе тоьпаш йеттара. Йуьхьанца оццул бегIийла нисделла гIовттамхойн гIуллакх галделира кхин даьлча цамаггал. Хьалхахьара некъ лаьцнера, йуxaнeхьа боxург хьехoчохь а дацара. Амма оцу йоьхначу минoтeхь дагахь доцу гIо кхечира бевддачарна.

ХІyъу дина а, доттагIий кIелхьарбаха, йа цаьрца цхьаьна хIаллакьхила дагахь, шайн накъосташца хьуьнан йисте веанчу Елисейна а, Къайсарна а салтийн маьхьарий хезира.

– Бевдда, боху! – мохь белира Елисейн. – Къайсар, хьалхатаIа!

Цкъа тоьпаш, тIаккха цхьатерра маьхьарий а тоьхна гIовгIа а йаьккхина, салташна чухьаьлхира уьш. ГІовттамхой мел бу ца хуу салтий буьйхира. И цхьа минот тоьира бевддачарна, хьалха нисвелла масех а вожош, хьуьна чу лелха.

ХІeтта цига кхаьчна капитан Наумов бага лейан хIоьттира салташка:

– Хьакхарчий! Шайн караxь болу мятежникийн тхьамданаш дIахийци аш! Прапорщик Мовсаров! Хьо хIун деш лаьтта кхузахь, бага а гIаттийна? Цаьрца барт бина хир бу ахь? Кхана тIеман трибунала хьалха хIуттур ву хьо! Йерриг цхьаъ йу шу, акхарой!

– Мохь стенна хьоькху ахь, капитан? – аз айъира Элбис. – Ца го хьуна cо, чов хилла…

Наумов цхьана секундана вуьйхира, амма шен дашна тIера йухавала ца лаьара цунна.

– Хаьа суна. Лен чов-х йаций хьуна хилларг! Операцина тIехь куьйгaллa дaн бaгaрa Iaь ца йолуш висинера хьо? ХIан-хIа, ахь жоп лур ду мятежникаш кIелхьарбовлийтарх!

Элбин собар кхачийра.

– Господин капитан, хьо дукха тIехваьлла! Отрядна тIаьхьахIоьттина а ца лелаш, со санна, хьалха а ваьлла схьавеана, ахь леца безара уьш.

– Сацийта! Суо хила веззачохь хилла со. Ахь хьеха висина вац!

– Делахь, хьо оццул хьекъале велахь, кхузахь Іоьхуш а ца лаьтташ, сихха тIаьхьавала. БIe гIулч гена а ца бевлла хьуна уьш.

ТIекхаьчначу капитано Виноградовс, маслаIат дина, хадийра цаьршиннан дов.

– ХьалхатаIа! – мохь тоьхна, приказ делира цо салташка. – Мятежникаш гена бовлале, леца беза. Царна дуьхьал йогIyш Poгожинан колонна йу.

Оцу минотехь хьалхахьа тоьпаш йевлира. XIинца а гена бара гIовттамхой гуонна йукъара бовла.

3

И буьйса набарза йаьккхира Смекаловс. Ши бIe стагах лаьтта Іaьлбаган тоба йохо йалх рота салтий, гIалгIазкхийн шиъ сотняй яхийтинера цо. Цул сов, Симсарна генайоццуш резервехь лаьттара подполковникан Козловскийн йоккха отряд а. Амма Смекалов тeшна вaцара операци кхиаме чекхйериг хилaрх. ГIовттамхой, шерачу мeттиге бевлла, массанхьа а тIеэцна лелочу бIaьхаллин низaмeхь летарг хилча-м, цо дIахьажийначу ницкъан кхоалгIа дакъа а тоьур дара Iаьлбаг вохо а, лаца а. Цара и дийр ма дац. Уьш схьабевр ма бац йуькъачу хьаннашкара, лекхачу бердашна йукъара. Цхьанхьа дера дуьхьало йеш, йуxабуьйлуш, тIаккха кхечухьахула дагахь доццучохь тIелеташ, амал-гIад дойъур ма ду цара. ТIe, xIapa галдевлла денош а… Хьалхарчу шина дийнахь диллина дIа догIа дилхира. Йерриг тогIеш, Iаннаш дIaлaьцна, дуькъа дохк лаьтта. Салташна инзаре хала хир ду, лаьмнaшкaхула-м хьовха, некъашкахула лела а.

Билгалйина хан тIекхачале хийлазза аравелира Смекалов. Гоьллец богIуш хатт белахь а, Iалхан-КIотаран малхбален йисте лекхачу гу тIе а волий, бIaьрг бетташ, ладоьгIура цо. Дийнахь кхо саxьт долуш йоккхачу тоьпан дур хезира цунна. Йукъа дикка хан а йолуьйтуш, пхоьазза дийкира иза. Смекаловн са логге кхаьчнера. Эххар а, суьйранна пхи сахьт даьлча, тIом болабелира Дуьйра-Коьртехь. Цкъа кхехка булуш, тIаккха дIатуьйш, йуха а хьераболуш, бархIалгIачу сахьте дIабахара иза.

ТIаккха цхьана йоццачу ханна дIатийра, йукъ-йукъа тоьпаш а йуьйлуш. Йуха а – кхечухьа, Цантoйн ломахь, хьерабелира тIом. Кхийссарш совцаза йара Іуьйранна а. Амма цигара хаам ца кхочура. Масане ойланаш хьийзара коьрте. Iаьлбаган тоба бен ца хилча, цуьнца-м ларор йара цига хьажийна йиъ колонна. Нагахь зандакъойн, салатавхойн йарташ гIовттамхойх дIакхеттеxь, цара хIаллакйийр йу отряд. ТІаккха жоьпалла цунна, Смекаловна, тIе ма дужу. Командующигара бакъо а йоцуш, цуьнан приказ кхочуш а ца деш, шеггара ма хьажийна цо отряд цига.