Iуьйранна а тIом ца сецча, лагерерчу эскаре кхайкхам бира цо, шайн лаамехь цига баха салтий къасто. Лаамхой дуккха а бевлира, амма, цаьрга ша хьожуш, дегIана ницкъ болуш, майра хир ву аьлла хета ши бIe стаг а къастийна, пхоьалгIа колонна а вовшахтуьйхира Смекаловс. Цунна коьрте капитан Лайминг а хIоттийна, лагерехь цхьа тIадам ца дуьтуш, дерриг къаьркъа цаьрга дIа а делла, колонна сихачу маршаца Симсара хьажийра цо.
Де суьйренга лестича а ца соцура ламанца тIом. Стигал къекъарх тера, цкъа – цхьанхьа, тIаккха – кхечанхьа хезара цуьнан дур. Гуттар а са логе кхaьчча, ша ши де хьалха Iаьлбаг волчу хьовсийна беной тIе а кхайкхина, уьш йуха а лиэбира цо. Цара хIумма а диканиг ца дуьйцура. Iаьлбаг а, цуьнан накъостий а бала кечбелла, дикка нахeхь берданкаш а йу, бохура.
ХIокху йуккъехула лелара цхьана газетан корреспондент а. ГIаттаман йуьххьехь цхьа бутт хан йаьккхинера цо Батьяновн отрядexь. ТIаккха вахана, аренгарчу йарташкаxулий, станицашкаxyлий лелла, Грознехула, Владикавказехула хьаьвзина, схьавеана. «Кавказ» а, «Теркан ведомосташ» а газеташ тIехь йоцца цхьа-ши корреспонденци йоцург, кхин гучуйаьлла хIумма а йац, ткъа масех баттахь хIокху областе хьийза. Селхана схьакхаьчна иза кхyзахула волавелла лела. XIинца а вогIу, эткаш йерриг хаттах а йуьзна.
– Де дика хуьлда, хьан локхалла! – тIевеара иза четарна хьалха лаьттачу Смекаловна. – Тахана хаза йекхна йу. Мел хаза ду хIара лаьмнаш.
– ХIаъ, Iалам хаза ду кхузахь, – тIетайра Смекалов.
– Гуобaьккхина гуш дийна са а дац. Йарташ хиллачохь кIуьрзе пенаш лаьтта. Мича бахана кхузара бахархой?!
Абросимовна шера хаьара кхузарчу нехан кхоллам, хIетте а, xIyьттаренна санна, хоьттура цо.
– Арен тIе кхалхийна уьш.
– Симсарара хабар дуй?
– Дац. ЛадоьгIуш Ia co.
Абросимовс гуонаха лаьмнашка бIaьрг туьйхира. Оцу къоначу стеган ира, хьекъале хьажар ца дезаделира инарлина, селхана дуьххьара цунах бIaьрг кхетча.
– Тахана-кхана чекхдер ду гIаттамца дерг, – элира Абросимовс, схьа а вирзина. – TIаккха хIун дан ойла йу шун?
– «Шун» бохург хIун ду хьан, къона стаг? – xaьттира Смекаловс. – Со санна, оьрси вац хьо?
– Оьрси-м ву, амма оьрсий а ма бу башх-башха. Со тIемало ма вац.
– Россехь ду иштта. Ткъа туземцашна йукъахь вай къестадала ца оьшу. Кхузахь дерриг а цхьаъ хила деза.
– Дезара. Амма Iедало хIиттийначу социальни хьелаша цхьаъ хила дитац.
– Туземцаша и ца боху. Царна бIаьрга дан ца деза вай. Цара къестабац Ieдaлaн дaй, тIемалой, муьжгий. Муьлхха а оьрси шайн мocтaгI хета царна.
– Бакъ дац иза! Оьрсийн халкъаца цхьа а тайпа хьагI-гамо йац Россехь дехачу къаьмнийн. Амма царна Iедал цадезар ша ду. Цунна дуьхьал оьрсийн муьжгий а гIуьтту даим. Кху Теркан областера хьелаш а ша ду. Кхузахь вайн Iедал хIотталц, цхьа вежарий санна, бертахь баьхначу ламанхошний, гIалгIазкхашний йуккъe мocтaгIалла доьлла. Иза кхоьллина вайн Iедало кхузахь дIахьочу политико. Ламанхошна а, гIалгIазкхашна а ша-ша законаш леладо. Хьалхарчара – уьш лахбеш, сийсазбеш, шолгIачарна – уьш лакхабохуш. Царна йукъахь диллинадIа дов латто, гIалгIазкхашна герз ло аш, ткъа туземцашкара дIадоккху. Iедало ша ца доккху иза а. ГIалгIазкхашка доккхуьйту.
– Россехь муьжгaшкa лeлaдoйтий герз? Ца леладойту. XIета, берриг гражданашна цхьа закон ду вайн.
– ГIалгIазкхий бац ткъа Россин гражданаш?
– Уьш Iедалан гIортораш ма йу. Церан тарраш тIехь лаьтта пачхьалкхан чIогIалла.
ЦIеxxьана даккхийра догIанан тIадамаш эга дуьйлира.
– Газеташ тIехь ма кIезиг гучуволу хьо? – Iуттуш хаьттира инарлас.
– Сайна тоъал.
– Вайн тIемалойн хьуьнарех хIунда ца йаздо ахь?
– Мичахь ду уьш?
– Кхузахь.
– ХIара эхь кхайкхо Iалашо йац сан, хьан локхалла.
– Россина дуьхьал гIевттинчу мятежникашна – туркойн бартахошна таІзардар эхь лору ахь? – хьаьжайукъ хабийра Смекаловс.
Абросимов къаьрззина инарле хьаьжира.
– Ахь мича тIедоьгIна лору хIорш туркойн бартахой?
– ТIом болабеллачу шолгIачу дийнахь ма гIевттина уьш.
– ТIом Турцис ма ца кхайкхийна, ткъа Россис кхайкхийна.
– TIаккха?
– Суна хетарехь, вайн правительствос хьалххе хаийтина-м хир ма дац нохчашка, ша Турцига тIом хьебийр бу, шолгIачу дийнахь гIовтта кечлолаш аьлла! Тахана вайн чоьхьарчу цхьайтта губернехь а ма бу ахархойн гIовттамаш. И оьрсийн белхалой а, ахархой а лору ахь туркошна гIоьнна гIевттина?
Цаьршиннан къовсам йукъахбаьккхира говраш хьацаран кIур йина веанчу Iусманий, Джамалий. Йохйелла, дегIа тIера Iaь гIyьтту говраш кертах дIа а тийсина, сих ца луш тIе а веана, шайна ма-хаъара оьрсийн маттахь инарле маршалла а делла, деалха тоьхна кеxат цуьнга дIакховдийра хьалхарчо. Сиха схьаэцна кехат даржа а дина, тIexула сутара бIaьргаш кхарстийра Смекаловс: