– ЭхI, Дела реза хуьлда хьуна, Хьайбулла! Хьуна и ца гинехь, маьIIаргонна боьршалла а йаьгна вуьсур-кх со!
– Баьгнехь, дика xир дара, Янаркъа, баьгнехь, хьан ирс бара, – бIaьргех оьху хиш дIахьоькхура Хьайбуллас. – И боьршалла вайна оьшучуьра дIабаьлла!
– Ма алалаxь иштта! Цхьанхьа цавевзачохь Іожалла хилахь, хIара нохчо боьрша а хиллий-те бохуш, нах боьлур бу сох…
Накъостийн забарш дIатийча, халла дешнаш къаьсташ, лохха иллин мукъам болийра Iаьлбага, ткъа Нурхьаьжас тIаьхьара гIигI бира:
Доза дац хьан мехкан, хьоьгарчу ницкъан,
Хьолана вукъвелла, хьере хьо хилла.
ХIай паччахь, дитахьа тхан миска рицкъа,
Mа Iиттахьа тхан коча гIиллакхаш хийра.
Латта ахь дIадаьккхи, маршонах дехи,
Лай хилий, кIелсаца халкъe axь боху.
Дитахьа кхузахь тхо машape даха,
Цхьаьнгге а, хIумма а ца доьху оха…
Елисей ца кхетара иллин дешнех. Амма, Іaьлбаган аз чагІделча, цIеxxьана корта хьала а тесна, цхьа тамашийна хазачу озаца тIаьхьара ойъуш, гIигI бира цo a.
ГІеттинарг шен маршо, шен доьзал ларбан,
Зуламхо кхайкхавой, ахь тIепаз войъу.
Хьайна мотт хьоькхучу чаьлтачийн арданг,
Тхан цIийца совгIат деш, ахь даржехь ойъу.
Тхо цкъа а ца гIиртина нахана новкъа,
Кхечеран маршо а лийрина оха.
ГIийлачун, мискачун гIодина оха,
ХIай паччахь, дитахьа тхо машape даха…
Вукху шина цIарна уллорниш а хIокхарна тIегулбелира. Йуьхьанца доьхна доладелла илли, цхьа гушвоцчу дирижеран куьйгаллина кIел дахча санна, низаме деана, Iаннашца, аьрцнашца кхерстира.
Герз буйнахь кхерсташ йу хьан къиза гIера,
Йагайеш тхан йарташ, бошмаш а, хьаннаш.
Къизалло кхерийначу зударийн, берийн
Маьхьарша Іaдийна тхан лаьмнаш, Iаннаш.
Тхан халкъан масанне турпалхо вайна,
Даймахкахь тIехІотта кошан барз боцуш,
Байна уьш, хIоттийна чуртан тIулг боцуш,
Халкъан сий лардина къонахий майра…
– XIейт, гора, кIентий, йаI!
Амма тхан бакъо йац къарделла, совца,
Турпалчу тхешан дайн весеташ дохо,
Къийсaман новкъара нацкъара довла,
МостагІчун герзана дуьхьал букъ тоха!
Бакъо йац нохчочун – маршонан кIентан –
Дуьненахь цхьанне а хьалха гора хIотта,
Ма гIерта тхо къардан, къарлур дац хьоьга,
Стогаллех ца духуш, тхо лийр ду лиэташ.
Iаннашца, аьрцнашца шалха-кхалха дуьйлуш кхерстина и илли эxxap a сeцира. Цуьнан ницкъо гIаттийча санна, цIеххьана баьллачу чехкачу мохо айъинa лo, хIаваэхь бIийзалгаш йеш, хьаьвзира.
ХIораннан бIаьргаш охьа чу, ломан когашка а догIаделла, севццера. Царах цхьаболчарна хаьара Iаьлбага нохчийн а, Iаьрбийн а меттанашкахь назманаш а, иллеш а йаздеш хилар. Амма цкъа а ца хезнера цо уьш ша олуш. ХIара дуьххьара дара. Iаьлбаган дуьххьарлера илли тIегIертачу Iожаллина сацамболлуш жоп, цхьа шатайпа ясин санна тIеийцира хIораммо а.
ТІaьхьа-тIаьхьа хьерадуьйлура дарц. Амма наха ца йохайора хIоьттина и хьурмате тийнaллa. Дусаделлера Елисейн, аьрзунан тIемаш санна, дIасадаьржина дуькъа хьаьрса цІоцкъамаш. Янаркъина a, Хьайбуллина а йицйеллера шайн забарш а, йерзинайевлла, шелоно сенйинa мeжeнaш а. Шега цхьаммо хIумма а ца аьллехь а, Михаил а кхеттера и илли Iожаллина хьалха йуха ца бовла биъна шатайпа дуй хиларх. Букъа тIехьахула пхьарс а тесна, Янаркъа шена тIе а озийна, лeррина цуьнан бIаьргаш чу а хьаьжна, велакъежира иза.
– XIун боху ахь, Мишка? – xaьттира вукхо, иза мара а къовлуш.
– Летта лийр ду вай, Янек!
– Амма эрна-м лийр дац, – корта ластийра Янаркъас.
– ХIаъа ткъа, Янек. Вай гойтур ду мостагIашна ламанан аьрзунаш муха ле!
Шина доттагІчо шабарца йина чIагIо цхьанне а ца хезира. Шен даг чохь изза чIагIо йеш вара хIор а.
Масех минoтeхь лаьттина и хьурмате тийналла йоxийра Iаьлбага.
– КIeнтий, дика ладогIал соьга, – элира цо, хьала а гIеттина.
Byьшта а тийна Ieн нaх Iаьлбагехьа бирзира. Селхана дуьйна ладоьгIура цара хIокху миноте. Селхана хIорш кхуза кхаьччахьана, даим ойлане, тийна гора царна имам.
– Вайгара хьал гуш ду шу, кIентий, – гуонаха бIaьрг туьйхира Iаьлбага. – Вай хIун дича бакъахьа хета шуна? Алал шайна хетарг.
Цхьа а вист ца хилира.
– Тхуна-м ма хаац, Iаьлбаг-Хьаьжа, – эххар а вистхилира йуккъера цхьаъ. – Хьуний, хьан гIоьнчашний дика хуур ду дан дезарг. Аш къастийнначу новкъа дIагIоьртур ду-кх тxo. Axь алахьа хьайна хетарг, шайн барт хилларг.
– Бакъдерг аьлча, со дагаваьлла вац гIоьнчех. ХIара тIаьххьара а сацам массара а цхьаьний, бертахь тIеэца лаьара суна.
– Ахь алахьа, Iаьлбаг-Хьаьжа, хьайн дагахь дерг, – элира Солтмурда. – ТIаккха оха а аьр тxайна хетарг.
Iаьлбага йуха а бIаьрг кхарстийра нехан йаххьаш тIехула. Бете буй баьхьна, йайн йовхарш туьйхира цо.