– Делаxь-xIета, ас долор. Дах а дийр дац. Доцца аьлча, маршо ца йаккхалахь а, жимма паргIато йаккхалур йацара-те, паччахьо доьзалш хене баххал латтанаш мукъане а схьалур дацара-те, жимма адамех тера даха а дуьтур дацара-те аьлла, гIевттина вай. ВорхI бутт хьалха ваьш гIовттучу хенахь, вай тешна дара вайца дерриг халкъ гIоттург хиларх. Иза а, важа а ца хили. Вай долийна гIуллакх иэшаме дирзи. Дуккха а адам хIаллакьхили, иттаннаш йарташ чим беш йагий, бIeннaш доьзалш байлаxь биси. БIеннаш нах махках бехи. Амма иэшначу вайна тIехь ден долу таIзар хIинца а ца долийна. Иза долор ду кхана-лама, ДегIаcтанца дерг чекх a дaьккхина. Суна хIун лаьа? Лен волчу дархочо буьйса ма йоккхалда, бохуш кица ду. Вешан оьмарехь девлла лелла девр дац вай. XIинца дIасадаржа. Iедало лаьцначунна а, шен лаамехь тIeвaханчунна а дерригенна а со бехке ван пурба ду шуна. ТІаккха, хьанна хаьа, къинхетам бан а мегий шух-м. Шух ца бахь а, шун доьзалех мукъане а. Co Ieдaлaн кара гIахь, ас а, айса шу Iехийнера аьлла, берриг бехк сайна тIелоцур бу.
Нахана йукъахь резабоцуш гIовгIанаш йевлира.
– Iaьлбаг-Хьаьжа, ахь дуьйцург-м хьуна тхо нах ца хетачух тера ма ду, – элира Раджаб-Iелас массарна а тIера. – Хьо бехкевар-м хьехо а ца оьшура, уггар хала киртиг тIехIоьттича, хьо-хьуо а витина, тхо дIасадаьржар доцийла ца хаьа хьуна?
– Ахь кховдийна хьалхара некъ оха тIелацац, Iaьлбаг-Хьаьжа, – имаме хьаьжира Тозуркъа. – Тхуна гайта кхин некъ буй хьан?
Іaьлбаг цец ца велира церан жоьпах. Иза кхечу агIор хуьлийла а дацара.
– Аш дуьйцург къонахийн хабар ду, кIентий, – элира цо, массаьрга а ла а доьгIна. – ГIиллакхе, йохье девлла, хIаллакьхила бакъо йац вайн. Стенна оьшу иза? Хьанна хаьа, шо, ши шо, итт шо даьлча, йуха а маршонан гIуллакхна хьашт хила ма мега шу. Къонахий диэнна ца бо наноша. Уьш шарахь цхьаъ-шиъ волу халкъалахь. Шаьш кхоо деза аш, кIентий. Дуьхьало эрна йу. Тахана Iумма-Хьаьжера хаам кхаьчна соьга. Іaьндара масех бIe стаг валош, ЧIeбaрлa йухавеанера иза, амма йуха а иэшам хилла, вай санна, масех стагацa вeдда лела. Шайна луург, шен кIелхьарвала меттиг берг кIелхьарвала. Органал дехьахь, Теркйиcтeхь, ГIалгIайчохь, Гуьржex a, XIирийчохь а хIокху меттигашна генахь къайладовла. Мелла а хан йалийтина, шайн йарташка йухадоьрзур шу. Хьанна хаьа, вайна оьгIаздахана Iедал а хенан йохалла додала а ма мега.
– «Шу» бохуш ма Iа хьо даим а, айхьа ден дерг мa дaц хьан дуьйцуш?
Шен дакъаделла лилxинчу балдех шога мотт хьаькхира Iаьлбага. Цхьана йукъана лаьттан бIaьра вогIавелла а Ӏийна, тIаккха сацамболлуш вистхилира иза.
– Со ДегIастана воьду, кIентий. Шуна ма-хаъара, масех де хьалха цара дIавехна со. ТIaьххьара минот тIехIотталц лата лаьа суна. ТІаккха ша хирг хир ду.
– Ой, тхо дахка ца мега хьоьца?
– ХIан-хIа, – корта хьовзийра Іaьлбага. – Соьца дахка мегар дац. Цкъа-делахь, вай дерриг цхьаьний даxалур дац цига. ШолгIа-делахь, ас санна, аш а, хIораммо ша вол-волчохь ойла а йина, шайн лаамехь сацам тIеэца лаьа суна. ДІасагIо. Ойла а йай, дерриг дустий, уозий, тIаккха шайна шайн даго хьоьххург де. Ас сайн вежаршна а пурба лац сайна тIаьхьахIитта. Ас ма-аллара, шех къинхетам бийр бу аьлла хетарг Iедална тIегIо, Iедалан кхинхетаме догдохуьйла йац аьлла хетарг цхьанхьа генахь къайлавала. Къийсaмexь вожар шен декхар хетарг, ша хIоттий, суна тIаьхьа ДегIастана дIавола. Амма тахана суна тIаьхьара дIадовла. Сан тIаьххьара дош ду иза.
Шена хьалхара нах дIаса а теттина, Iаьлбагна хьалха хIоьттира Акхта.
– ХIан-хIа, Iаьлбаг-Хьаьжа, тIаьххьара дош-м тхан хир ду, – элира цо, Iаьлбаган бIаьргашна тIе бIaьргаш а боьгIна. – Хьо оха хаьржина. Тхан лаамца хилла хьо имам. Оха тxaьш хьо дIатасале, тхо дIатийса бакъо йац хьан.
– Нийса боху Акхтас! – йуккъера схьа мохь туьйхира Сулимана. – Вай биъна дуй бицбина аxь, Iаьлбаг-Хьаьжа?
– ХIаъа, ткъа, – гIо лецира ЯнгIулбис. – Вай дуйнаш биъна тIaьххьара минот тIехIотталц лата а, дала а.
Елисей, цхьа-ши гIулч хьалха а ваьлла, Iаьлбагна улло хIоьттира.
– Хьох ваьлла ваха меттиг бац санний, Михаиланний.
– Шун-м аьтто бара, Элса, кIелхьардовла. Росси йоккха йу, массанхьа а оьрсий бу. Генна цхьанхьа дIа а гIой, цIе а хийций, ваха хаа.
– ХIан-xIa, Iaьлбаг. Кханeхьа тIай дагийна охашимма. Хьоьца бу тхан кхоллам, кхин хабар ца дуьйцур вай.
Коьрий, Къайсаррий вист ца хуьлуш лаьттара. Iаьлбага хIуъу дийцахь а, цунах къаьстийла дацара цаьршиннан!
– КІeнтий, со Iожаллина тIе ма воьду! – аз айъира Іaьлбага. – ДегIастанарчу вайн вежарша дIа ма кхайкхина со. Цара кхойкхург со ма ву, шу мa дaц.
Нахана йукъахь гIовгIанаш йевлира:
– Тхо къаьстар дац хьох!
– Хирг цхьаьний хир вайна!
– Вешан дуй ларбер вай!
Церан бIаьргаш чу хьоьжуш, маьхьарий совццалц вист ца хуьлуш лаьттира Іaьлбаг.