Выбрать главу

Дешис кхача хьалха буьллуш а луьйчура цa сeцира Андрей. Шена Іaьткъинарг дерриг охьа а далхийна, дог Iабо гIертара иза.

– ХIаъа ткъа, Корней, шен берашна баьпкан йуьхк йаккха гIерташ, къанвелла. Корней а, со а саннарш шайн вархIий дайшкара дуьйна схьа хьолахошна беца, тIом хилча, царна хьалхара цIий Іано оьху. Нийсо мичахь йу? Цхьаннахьа а йац. ХIара дуьне дуьззина харцо йу. Масех бIe шо ду оьрсийн халкъо оцу харцонна дуьхьал къyьйсу. Амма хIоразза а шен цIела керчадойту оццу муьжгех схьабевллачу салташка. Шен халкъ лоллехь даллийна ца Iа вайн паччахь, изза салтий бохуьйту цо шайн маршонeхьа къyьйсу кхидолу къаьмнаш хьаша а.

Йуург йиъна, жимма Iийна, дIабаха арабевлира хьеший. Говрашна тIеховшале, массарна а маралилхира уьш. Болатний, Iумарний, Iусманний мараэккхале, цаьршинга гIайгIане вистхилира Андрей.

– Кхузара доттагIий чекхбевли тхан, кIентий. Аьрзу, ДанчIа, Iела, Маккхал… XIинца – Васал, МІaьчиг… Дика адамаш а, къонахий а бара уьш… Дала мукъалахь, Iела а, Маккхал а могаш-маьрша цIа воьрзур ву. Амма важа виъ вукху дуьненахь бен гур вац. МIaьчиг кIур боцуш чекхвели. Вукхеран-м тIаьхьенаш а йу. Со а мел вехар а хаац. Къанвелла. Амма сан дехар ду шуьга, кIентий. Варийлаш, шайн дайн доттагIалла ма дицделаш. ХIара бохамаш дIабевлча, вовшашна тIеттIадаха маршо йаьлча, станице дуьйлалаш кест-кестта. Корнейн а кIентий бу кхуьуш. Иванан а шиъ кIант ву воккхахуьлуш. ХІappa вeсeт цаьрга а дийр ду оха. Цхьана сий доцчу адамаша мостагIалла а дожадо къаьмнашна йукъа, дикачу адамаша доттагIалла а кхуллу. Дика адамаш дукха ду вуочел. Дала мукъалахь, нийсо а, доттагIалла а тоьлур ду. Шуна тIе кхерам кхозабелла, амма тхан ницкъ бац гIо дан. Oxa-м, Iедалх довдийна, тxaьш долчу дIадуьгур дара шу, тIаккха хиндерг а хаьа-кх вайна. ХIан, марша Iойла шу! Дала диканна цхьаьнатухийла вай…

Андрей, говра а ваьлла, дIаволалуш, цуьнан бIаьргех охьахьаьлхина сирла бIaьрхиш гира Iусманна.

Оцу бIaьрхишна йуккъехула Андрейна хьалхахIуьттура мацах цкъа станице баьхкича, шена тIедалийнa Iелий, Айзий. Турце кхалха кечлуш, йохка цхьа аьттан цIоьллак йалош веана миска МIaьчиг а, майра Аьрзу а, хьекъале Маккхал а, догцIена ДанчIa a…

«Къонахий дIабовлуш лаьтта нохчашний, гIалгIазкхашний йукъара. Цxьа xIуopaнaш йу бухахь йуьсурш. ХIуoрaнaш. ХIокху Iедало йина xIуopaнaш».

Иза ду Андрейна Iеткъарг…

2

Хьеший Гати-Юьртан мехкан дозанал дехьа а баьхна, цIа вирзира Болат а, Iумар а.

Деши, товханна хьалха охьа а хиъна, пхьегIаш дIалуьстуш карийра Болатна. Башха чолхе а йацара пхьегIаш: лоха когаш болу дечиган горга шун, кхийран биъ кад, дечиган масех Іайг, дуткъачу серех дуьйцина чоьлпа.

Зудчуx бIаьрг ма-кхийтти хиира Болатна иза хIума йааза хилар.

– Ахь хIума хIунда ца йиъна, Деши? – xaьттира цо, йукъахдихкина шаьлтий-доьхкий схьа а достуш.

– Йезац суна, – гIийла жоп делира вукхо.

– Хьайна бала бо ахь. Вай делхарх, хила гIо ма дац. Рицкъанаш делехь ду.

– Хьо тховса цIахь вуьсий? – кхоьлина ши бIaьрг Болате хьалахьажийра Дешис.

– Дера вуьсу. Тоьур ду идар.

– Салтий багIахь, хIун дийр ду?

– Хезаш хIума-м дац. БагIахь – богIур бу-кх. Цул, уьш а дитий, суна а гуш, хIума кхаллахьа.

Боги чу йехкина галнаш а, жижиг а шена хьалха а оьзна, майрачунна тамбархьама, дог ца догIуш хIума кхалла гIоьртира Деши. Амма, халла цхьа гала а, кIайчу жижигах цхьа-ши хьаса а кхаьллина, сeцира.

– Реза вац со ахь лелочунна, – когара мачаш дIа а йаьхна, маьнги тIе велира Болат.

– XIунда? – цa кхийтира Деши.

– XIума йаа ма йеза. Хьан хьолехь йолчу зудчунна дегIера ницкъ эшар кхераме ду, ма боху.

Дешис доккха сaдaьккхира.

– Сан ирс делахь, йелла дIаер йу.

Болат дIатийра. Цхьадолчу готтачу корехула чукхета серло кIез-кIезиг лагIлуш, чохь бода хIотта буьйлира. Генадоццуш хезара ловзучу берийн гIовгIанаш. Маьхьаршна йукъахь къестара Мохьмадан шатайпа омране аз. Эсета, цхьаъ бен вац, Аьрзун тIaьхье йу бохуш, шен йоIбIаьрг санна ларвора кIант. Амма Мохьмад ца туьгура ненан буйна верза. Иза аьрха, амма хIуманах кхеташ, хьекъале кхуьура. Ден цIий цa Iара шениг дитина.

Цхьаццанхьара схьахезара зударийн а, божарийн а маьхьарий. Лакха тIехь, шина чуьрте а ваьлла, цхьаъ-м кхайкхош воллура Даси. Бераш цIа кхойкхучу нанойн маьхьарий а хезара. Цхьаболчара хьоьстуш, шолгIачара – кхерамаш туьйсуш, чехош.

Берийн маьхьаршка ладоьгIучу Болатан йуьхь сатийсаме йекхайелира. Ма дика ду-кх хIара Деши берах йолуш! Нагахь лаьцна вигахь, валаза а висахь, итт-пхийтта шо даьлча, цIа вогIур ву иза. ТIаккха цIахь гIеметта хIоьттина кIант карор ву цунна. ДанчIин кIур бoвр бац хIинца…

– Деши, улло йолахьа.