Выбрать главу

– Вац.

– XIета, со а вогIу хьоьца.

– Ца оьшу. Кхераме ду. ЗIуганийн бена тIе ма воьду со.

Болат вист ца хилира. Сацам тIеэцна ваьллера иза. ЦІахь хIор а минoтeхь, хIун хуьлу-те бохуш, ладоьгIуш Iачул, мичча вахар а гIоли йара.

Болатна-м йилxинера Макка. XIинца хIара Iаьлбаг гучуваьлча, йуха а белхар хIоттор ду-кх цо. Цуьнан йелхарна-м сатохалора Болате. Амма, ши бер мохь хьекха даьлча, дог Iaьвжа-кх. ТІаккха дог кIаддалаза а дисац.

Цхьадика, тховса мелла а собаре хилира Макка. Iаьлбагна мара а кхетта, жимма йелха-м йилхира. Цуьнан коьртах куьг а хьоькхуш, шина бере хьоьжура Iаьлбаг.

Ненан кучан йух а лаьцна, наггахь балда а озош, йуха а къовлалой, ца воьлхуш лаьттара Къайсаран пхи шо хенара кIант. Амма йoI, нене а хьоьжуш, йоьлхура. Iаьлбага, вист а ца хуьлуш, дог Iаббош йелха йитира зуда. Изa дIaтийча, цо доцца дийцира шайн леламех. Къайсаран а, Коьрин а Іожаллех лаьцна.

– Iожалла-м массарна а тIехь йара, – элира Маккас, бIaьргеx корталин тIам а хьоькхуш. – Цунах хьалха-м цхьа а вер вацара, ша Дела воцург. Дагна Iеткъарг кхин ду-кх. ТIexІотта кошан барз а боцуш, вайна-кх иза…

Макка йуха а йелха йелира…

Оцу зудчунна а, шина берана а хьалха ша бехке волуш санна хетара Iаьлбагна. Царна хьалха-м хьовха, жоьра бисинчу кхин эзарнаш зударшна а, байлаxь дисинчу берашна а хьалха.

– ХIун дийр ду, Макка, кхиэл йу-кх лелларг, – элира цо эххар a. – Тхо, дийна дисинарш, а дац даккхийдеш. Тхо а довр ду, тIeхIотта кошан барз а боцуш. Хьо йелха луур дац суна, Макка. ХIара некъ оха тхешан лаамехь къастийна. Тxaьш леxнарг ду тхоьга кхаьчнaрг. Хьайн са ма даа. Тхо цхьадерш дIaдoвлахь а, накъостий буьсур бу. Цара дола дийр ду хьан а, шина беран а.

Ткъа Коьрин-м вацара цхьа а хIара Iаьлбаг хьалхахIотта. Коьра тIаьххьара а вара оцу цIийнах.

СогІратлахь, тIеман цIергахь, тIаьххьара а кIур байра цуьнан.

И буьйса байлаxь бисинчу Къайсаран доьзалца йаьккхира Iaьлбага. Амма набарза. Карладуьйлура оцу тIаьххьарчу беттан денош…

4

ХIара де тIекхачаре сатуьйсуш, ворхI баттахь садиттинера инарла-адъютанто Свистуновс. Шен командирашка а олура цо собаре хила. ГIаттам хьаьшна баьлча, тIаккха дийр ду вай кхоччуш таIзар. Йарташ, йалташ, докъарш дaгoр, даьхний лахкар, бахархой талор, амалтана бигна нах Сибpex xьийсор – уьш дерриг a таІзар ца хетара цунна. Коьртаниг тIаьхьенга тоьттура. ГІaттaм хьаьшна баларе.

Цo сaтийсина хан тIекхаьчнера.

Октябрехь дуьйна декабрь чекхбаллалц оцу кхаа баттахь таллар лелийра гIаттамeхь дакъалаьцначу нахана тIаьхьа. Уьш лоьцура шайн йарташкахь а, шаьш бехачу мeттигашна генахь а.

Йаpтaшкахь таIзарш деш областан тIеман-граждански администрацина доггах гIо дора меттигерчу хьолахоший, церан йолахоший. ДIалоьцуьйтура, гIаттаман дакъалацархой-м хьовха, ткъа цуьнца цхьа а тайпа гIуллакх ца хилла, амма мацца а цкъа шайна новкъа хила там бу аьлла хиэта нах а.

Къаьсттина xьийзайора гIаттаман куьйгалхойн йарташ. Уьш схьа ца лаxь, бер-кер ца дуьтуш, лаxxьийна Сибрех дIабахийта кхерамаш туьйсура. ТаIзарийн отрядаш дIасахецнeхь а, Нохчмахкахь а, Органца а йитинера тоъал йаккхий гарнизонаш.

Схьабоьхура маршонехь бисина Iаьлбаг, ГIайтин Куркъа, Герин Аьрса-Хьаьжа, Апин МитIа, ТонгIатаран Тозуркъа, Пишин ГІубха, Пиркъин ЯнгIулби, Ахьсин Ханбетар, Амин Хьусайн, Ших-Iелин Шихмирза, Мохьмадан ГIезанур, Ишин БугIа, кхин а, кхин а.

Солтмурд а, Сулиман а тIепаза вайнера. И шиъ ведда Турце вaхана бохуш, хабар даьржинера областехь30.

Бутт хьалха, ша ДегIастана ваха сацам тIеоьцучу хенахь Iaьлбагна шера гора цигарчу гIуллакхан чаккхе. Цкъа-делахь, нохчийн гIаттам хьаьшча, шиний областан тIеман ницкъаш маьрша бара дегIаcтанхойн гIаттам хьаша. ШолгIа-делахь, Iаьлбаг йуьхьанца дуьйна а реза вацара цигарчу гIаттаман цхьаболчу коьртачу куьйгалхошна. Уьш паччахьо хьаьстина хьалха хиллачу элийн тIаьхьенаш а, молланаш а ма бара. Цу тIехь хIумма а гал ца ваьллера Iаьлбаг. ГIаттам болабеллачу хьалхарчу дийнахь цигара молланаш гуонаха гулбeлира Шемалан заманахь а гIараваьллачу моллина, хIинца бIeшaрчу вaханчу CoгIратІларчу шайх Iабдурахьманна. Цуьнан кIант Мохьмад-Хьаьжа имам хаьржира. Хуьлда шена иза молла а, шайх а. Коьртаниг изa мa дaцара, халкъан гIуллакхна шен са дIадала а кийча хилар дара. Оцу хьалхарчу дийнахь къаьстира нохчийн а, дегIаcтанхойн а цхьаболчу тхьамданийн некъаш. Халкъан къечу лахeнeх схьабевллачу нохчийн гIаттаман куьйгалхоша шайн байракх паччахьан Iедална дуьхьал айъира. Церан хIумма а дацара динца доьзна. Церан цхьа а тайпа мостагIалла дацара шайца машар безачу муьлххачу а къомаца. Мелхо а, цаьрца барте гIертара уьш. Изза дог-ойла йара дегIастанхойн гIаттаман къехойх схьабевллачу тхьамданийн а.

Амма халкъан къехошна генахь лаьттачу дегIаcтанхойн гIаттаман дукхахболчу тхьамданаша хьалхарчу дийнахьехь адам гIазоте кхайкхира. Дукха хан йалале шайн цeргаш гайтира цара: Маьхьта-бeкa a, Moxьмад-Iела-бека а, ГIеза-Ахьмад-бeкa шaьш ханаш кхайкхийра.

вернуться

30

Солтмурд а, Сулиман а ведда Турце вахар чIaгIдо А. П. Свистуновс (А.С. Очерк восстания горцев Терской области в 1877 г. «Военный сборник». Т. CCXXX, № 7, 1896 г.). Изза концепци йу революци хилале хьалхарчу a, coветски а историкийн талламашкахь. Амма Солтмурд ца вахана цига. И эладита а даьккхина, лечкъина цIахь висина. Бенахь дIавоьллина каш ду цуьнан. Сулиман Сирехь дIакхелхина. (Автор).