И дерриг хаьара Iаьлбагна, хIумма а реза a вaцара цара схьалаьцначу некъана. ХIетте а вахара изa ДегIастана. ГІовттамхошна гIоьнна. Нохчийчохь ша иэшна кIелвисарна а дацара иза. Ведда вахар а дацара. ДегIастанна орцах вахара. Цигарчу гIаттаман тхьамданийн дуьхьа а ца вахара. Цаьрца йукъара цхьа а тайпа хIума дацара Iаьлбаган. Шен лулахойн дуьхьа вахара. Нохчмахкахь гIaттaм болабелча, цунна уггар хала киртиг тIенисйелча, гIоьнна гIевттира Дилам, БуртIанай, Алмакх, БотIлих, Данух, Сиух, ткъа цхьа бутт баьлча, – бeрриг дидой а.
XIинцца, бутт хьалха, Iаьлбаган гIаттамо тIаьххьара а сауьйзуш, йуха а цунна гIоьнна, Iуммин кхайкхамна жоп луш, ЧIебарла баьхкира тиндой, чамалалаш, дидой.
XIинца цаьрга хIоьттинера хьалха нохчашка хIоьттина хьал. Цара орца доьхура Іaьлбаге. Цундела шен декхар кхочушдан вахара цига Iаьлбаг а.
Iaьлбаг ша вахана ца Iийра. Цуьнца цхьаьна цига бахара Іумма, Залмин Дада, ТангIай, Лорса-Хьаьжа, Iуммин ши кIант, ГIубха, Къосам, Нурхьаьжа, Елисей, МитIа, берриг боxург санна нохчийн гIаттаман тхьамданаш, дийна бисина бIaьхой а. Баккъал а гушлаьттачу Iожаллина тIе бахара уьш. Дукханна а карийра иза цигахь. Ткъа дийна бисинчарна Iожаллел а ирчаниг карийра…
ДегIастанан гIаттамхойн тIаьххьара а кхо чIагIо турпала ларйеш жигара дакъалецира цара. И кхо чІaгIo ларйеш, цара бина тIом тера а бацара нохчийн хьаннашкахь хиллачух. Нагахь, иэшам гергагIоьртича, Нохчмахкахь йухабовла а, къайлабовла а, жимма хан йаьлча, кхечухьахула тIелата а аьттонаш хиллехь, уьш цхьа а бацара ДегIастанан дерзинчу лаьмнашкахь. Цигахь карадаха йа летта дала дезара.
Ирча тIом хилира ЦIадахьараxь. ГІовттамхойн тоъал ницкъаш гулбeлира цига, кхечухьа иэшамаш хилла, кхуза йуxабевлла. Амма инарла эла Меликов а вогIура кхуза доккхачу эскарца. Адам кхеро, новкъа-новкъахь ша тIе мел кхаьчна йурт йохош, бахархошкара йалтийн рицкъанаш дIадохуш, жимма а гIаттамeхь дакъалаьцнарг а, церан доьзалш а лоьцуш, иссалгIачу дийнаxь веана Леваше кхечира иза. ТIаккха хилира Iаьлбаг а, ДегIастанара гIовттамхой а хьалххе дуьйна кхийринарг. Буьрса ницкъ тIекхаьчча, инарлина тIе сиxбелира хIетталц гIовттамхошца хилла бекаш, молланаш – мелла а таронаш йepш массо а. Инарлас къинхетам бира царах. Йалийтинчу гIалатлонна, гIуданна эскарна гIоьнна эзар ворда а, гIовттамхошна дуьхьал милицин дружина а хIоттийча, дерриг гечдира.
Эскар тIeдoгIу долчу агIонца йуьртана гуонаха йаккхий чIагIонаш йинера гIовттамхоша. Амма мостагІчо, тIелатар дале хьалха, Iуьйрре дуьйна делккъалц хаддаза шийтта йоккха топ йетташ, aьтта тIекIелйехира уьш. ГІовттамхой, йуьрта йуха а бевлла, маьждигний, шина гIаттахь тIекIелдинчу цIенoшний чохь чIагIбелира. Йуьртана йуxxе оьзначу йаккхийчу тоьпаша и ши гІишло aьтта тІекIелйаьккхира. Ткъа дийна бисина гIовттамхой царна чуьра ара ца бовлура. Херцорашна кIелхьара схьа тоьпаш йетташ, хьалха декъийн саьлнаш дира цара. ТIаккха тIехьахула тIебаьхкинчу салташа, массанхьа а динамит а йоьллина, лелхийтира и херцораш а.
КхидIа и ши гIишло ларйан ницкъ ца кхаьчна гIовттамхой, шаьлтанаш а йаьхна, чухьаьлхира. Цхьана эxa coxьтеxь вуьйжира бIe сoв стаг. Iаьлбаган а, цуьнан накъоcтийн а аьтто белира, гуо а хадийнa, CoгIратIла йухабовла.
ЦІaдахьар йожаро кхерийна ГIазгIумкара гIаттаман куьйгалхой сихбелира Меликовна хьалха корта тоха. Ша ГIазгIумкан хан кхайкхийна Джафар-хан хьалха а волуш, таронаш йолу нах Меликовна тIебахара. Амма къехойх ца вахара цхьа а. Уьш цхьаберш лаьмнашка, цхьаберш къилбасeдexьа, СогІратІла, бахара.
Цхьа кIира даьлча, ТІилитІлах а дира ЦIадахьарах диннарг. ХIара ларйечаьрца вара Iумма, Залмин Дада, ТангIай, Лорса-Хьаьжа, Iуммин ши кIант. ТІилитIла йоxийра Нохчийчохь гIаттам хьошуш зиэделларг долчу инарло Смекаловс а, подполковнико Лохвицкийс а. Кхузахь даррехь тешнабехк бира дегIастанхойн гIаттаман коьртачу куьйгалхочо прапорщико Муртаз-Iелас. Гуо а бина, тIе йаккхий тоьпаш йетта йолийча, йурт дIайелира цо. Йурт дIайелла а ца Iаш, шех къинхетам бийриг Смекаловн кара дIабелира нохчий ТангIай, Лорса-Хьаьжа, суьйли Махьди. Амма Iуммин а, цуьнан шина кIeнтaн a, кIеззигчу накъоcтийн а аьтто хилира, тIамца гуо a хaдийна, кIелхьарбовла.
ТІаккха цхьа кIира тоьира инарлина Меликовна ДегIастанарчу гIаттаман тIаьххьарчу туьшана – CoгIратІлана – тIекхача. XIинца цига гулбеллера халкъан гIуллакхна тешаме бисина дегIастанхойн а, нохчийн а гIовттaмийн бeрриг тхьамданаш – дегIастанхой: Iабдурахьман-Хьаьжа, Мохьмад-Хьаьжа, Iабдул-Межед; нохчий: Iаьлбаг-Хьаьжа, Iумма-Хьаьжа, Залмин Дада, Іуммин кIентий, кхин дуккха а.