Выбрать главу

Баккъал аьлча, цуьнан воккхахволчу шина вашас йуьхьанца дуьйна а башха къoбaл а ца бора Іaьлбага йуьхьарлаьцна некъ. ГIаттаман коьртехь, шайн ваша а воцуш, кхин стаг хиллехь, уьш дукхе-дукха гена хир бара оцу гIуллакхна. Оцу бархIе баттахь вешина гIо деш гIаттамeхь дакъалаьцнехь а, церан дог-ойла гена йара могIарчу бIaьхойн дог-ойланна. Уьш цхьа а ДегIастана а ца вахара цуьнца. Уьш бахка-м гIоьртира. Амма церан ойланаш даггара йоцийла хуучу Iаьлбага ца бахкийтира. Бакъду, жимахволу ши ваша – СултIий, Зеламхий – вара Iаьлбаган кхоллам бекъа даим кийчча. Амма и шиъ а кхоийра Іaьлбага.

XVII корта. КАРАВАХАР

Массара а со дIатасарх могуьйту ас,

къонахалло со дIа ца тесчахьана…

И. Фихте

1

Цкъа кхолaршца, тIаккха йочанашца кIез-кIезиг тиэIаш, кIелдиса дуьйлира Берсин дегI. Де кхоьлича, тIуналла шен дегIах йулуш санна хетара цунна. Йовхарш карзахйуьйлура, хьала-охьа уьйзу са цкъа, лeвcи санна, «хьаз-хьиз» дан хIуттура, тIаккха къамкъаргехь, кхехкаш санна, гIовгIа йолура.

ХІокху йочанаша гуттар а садаьккхинeрa нaстaрш чуьра. Волавелла, цхьа бIe гIулч гена ваьлча, дегIе хорша хьаьдча санна, йего йолалора. Ницкъ бацара дакъаделлачу пхьаьрсашкахь а. Цкъацкъа леш йоллучу хьозанан кIорнех тарлора Берсина ша. Баккъал а, бIaьстeнaн йуьxxьехь цо догдиллинера ша гуьйрене вериг хиларх. ХIетте а, ца леш схьавеара. Ткъа хIинца тIейогIу бIaьсте гур йу а ца моьтту.

Ша Сибрехара цIа вирзичхьана, дукхахйолу хан ненан вешин хIусамeхь дIахьора цо. Дех бисинчу бахамах хилларг а ца хаьара Берсина. Йа хаа а ца гIоьртира. Йа бала а бацара.

Виллина дIа цIа чу хьийза а, меттахь Iилла а кIордадора. Довхачу дийнахь, кетIа волий, бурсанечу бIaран дитта кIел ша диначу гIанта хуий Iара иза. Суьйранна хIокхунна улло гуллора лула-кулара, цкъацкъа генарчу каппашкара а нах. Берсе дуккха а хеттарш дора цара, дуьйцуьйтура генарчу мехкex a, цигарчу адамех а лаьцна. Амма Берсас а сутара ладоьгIура баккхийчу нехан хабаршка. Ларлуш зуьйра нехан ойланаш, тIаккха кIез-кIезиг царна хьалха Iедал Iорадоккхура, цуьнга цабезам кхуллура. Оцу тIехь цуьнан къаьсттина боккха кхиам хуьлура кегийрхошна йукъахь. Уьш, хьолаxойниш а цхьаьна, маршонeхьа къийсамна кечбора цо. Ткъа стохка гIаттам болабелча, Ieдaлeхьа бевллачу шелахойн тхьамданийн бeртаза дуккха а Iaьлбагна тIаьхьа бахаpa yьш.

Тахана, догIа а, ло а ийна тIесерсаш, шийла йелахь а, тIе йовха кетар а йуьйхина, кхакханан месала куй тиллина, неIармачашна чухула бовха бIоржамаш а буьйхина, делкъан хан хуьлуш маьждиган майдана вахара иза. Селхана дуьйна дIаволучо а, схьаволучо а дуьйцура, тахана рузба чекхдаьлча маьждиган майданахь гулам хуьлу бохуш. Цигахь хир бу, бохура, дукха хан йоццуш туркойн тIамера цIа веана инарла Орца а, сих-сиха кхузахь хуьлуш волу эла Эристов а.

Цара дуьйцу дерг хаьара Берсина. ГIаттам, хьаьшна, чекхбаьллера. XIинца цуьнан тIаьхье листа арабевлла хир бу-кх и чалтачаш.

Рузба чекхдоллуш маьждиган майдана кхечира Берса. Амма нах маьждиг чуьра ара ца бовлура. Майданахь хоттан уьйриг бара, ткъа тIедоьлху догIа а, ло а, тIетта хьерадийлар бен, лагIлуш дацара. Схьахетарехь, хьеший схьакхаччалц маьждиг чохь соьцура нах.

УьйтIахь шен карарчу гIожах хьаькхна мачаш а цIанйина, неIарна тIехула йолчу лабанна кIел хIоьттира Берса. Цигахь лаьттара, хIара санна, рузбанца гIуллакх доцу сагатделла веана масех стаг а.

– Уьш хIун деш соьцу цу чохь? – резавоцуш хаьттира ткъе итт шо хенарчу цхьана векъаначу стага, массеран йаххьаш тIехула бIаьрг а тухуш.

– Бевлла бац хир бу.

– Ой, Делан Къуръанор, хIинца-м Маккара хьаьжой бовлу хан а ма йу!

– Юсуп ву цу чохь хьехам беш.

– Мила ву иза?

– Соьлжа-ГIалара вайн коьрта къеда.

– Цо хIун дуьйцу?

– Хьанна хаьа, Iаьлбаг-ХьаьжагIар нажжазбеш хир ву-кх иза а.

– ХIай, дела ве и седа дуьхьал! И дакъаделла заIар дара кхyза кхачаза дисинаpг!

– Іaьлбаг-Хьаьжин хабар хезний шуна?

– Мичахь ву хаац.

– И цхьаъ воцург, массо а ДегIастанахь схьалецна, бах.

– Тешнабехк а бина, инарле дIабелла-кх…

– Гора, Iaьлбаг-Хьаьжа боху лом, йаI! И цхьаъ ваьлла-кх, мостагІчун кхолха гуо a хaдийна!

– Цo дуй ма биъна тIамехь кара ца ваха!

– Лецначех хIун хир ду-те?

– Шемал санна, Макка бохуьйтург хир бу-кх.