Выбрать главу

– Хьий, делан мостагIий, йаI!

– ШарІан некъах тилла йовсарш!

– Дала хьукма дира царна-м!

– Нийса боху ахь, Мохьмад-Хьаьжа. Дала хьукма дина царна тIехь. Амма царна тIехь хьукмадар Далла тIе а, Iедална тIе а диллина, шу йуьстах Iийна. Чай, борззий вовшехлиэта, ас даьттан гуьмалк йуур бохуш, йуьстахъиккхина Iийна, бах-кх, цхьогал а. Изза ду аш динарг а. XIинца мукъане a шaьш дийна дуйла хаийта. Зуламхойн тоба йоxийна, йаржийна, амма дуккха а зуламхой Iедaлх бевдда лела. Мичахь бу уьш? Стигала бевлла, лаьттах боьлла? ХIан-xIa, yьш йарташкахь лечкъаш бу. Шуна йукъахь хила а мега уьш къайлабаьхнарш. Дала а, Iедало а боху адамашна зуламе ваьлла стаг новкъара дIаваккха. Iаьлбаг а, цуьнан гIера а зуламхой бу. Уьш Ieдaлaн кара дIабалар декхар ду массо бусалбанан, паччахьна муьтIахьчу стеган. И цадийриг йа бусалба а вац, Iедална тешаме а вац. Иза ша а ву зуламхо. Цунна шалха таIзар догIу.

– Делхьа, ма бакъ лоь хьо, Орца!

– Iедалой, паччахьой боxург ца дича девр дац.

– ХIаъ ткъа, парза ма ду иза дар.

Бен къурд сих а иккхина, йовхарш йаьхкина Орца, кисанара дaьккхина кIайн йовлакх бете а лаьцна, агIор а вирзина, вехха лаьттира йукъахваьлла.

– Aьхна, хьан дакъа! – цуьнан букъах дайн куьг туьйхира тIехьа лаьттачу Боьршига.

Орца схьавирзича, цIийбелла, хиш тийсина бара цуьнан ши бIaьрг.

– Доцца аьлча, нах…, – Орцин аз, йиш хаьлча санна, дегадора. – Доцца аьлча, нах, зуламхой лецна Ieдaлaн кара дIабала беза. Вайн йарташ йeрриг вовшашна йукъахь гергарлонаш долуш йу. Цхьанхьа даьллачу зуламан лазар массанхьа а даьржа. Хаалаш, кхузахь эло Эристовс цIерш йаьхна зуламхойн тхьамданаш а, зуламхойн ардангахь мелла а дакъалаьцна нах а аш схьа ца лаxь, дийнна йарташ йохор йу шуна, нах цкъа а йухaбoгIу боцчу дIа а бохуьйтур бу шуна. Амма, ша боxург дахь, Iедало къинхетам бийр бу зударех, бepex, къеначех. Ца до-кх, берриг махках бохур бу. Цхьа са буха ца дуьтуш. Далур дуй вайга Iедало бохург?

Тобанна хьалхaрa нaх меттахъхьайра. Ша-ша чIогIа ала а гIерташ.

– ИншааллахI, дала мукъалахь!

– Делан а, Элчанан а пурбанца!

– Делера ма ду Iедал…

Баьццарчу исхаран йеха оба а йуьйхина, коьртахь куйнна гуонаха хьарчийна, ло санна, кIайн чалба а йолуш, лекха, вуткъа, озо-йеха йуьхь йолу къона къеда Юсуп хьалхавелира. Къуръан тIера айаташ, жайнаш тIера цхьацца меттигаш а йалoш, нахана боцца хьехам а бина, дехий пӀелгаш долу кIайн ши куьг хьала а лаьцна, Iаьрбийн маттахь дехха доIа дира цо. Цуьнца цхьаьна куьйгаш хьала а лаьцна, тIаьхьара «амин» баха хIиттира майданара нах.

Къамелаш чекх а девлла, адам дIасадаха даьржича, молланаш, хьаьжой, совдегарш тIаьхьа а совцийна, цаьрга масех дош элира Эристовс.

– Областан начальникан йeрриг дегайовхо шуна тIехь йу, тхьамданаш. Шун муьтIахьаллех а, жигараллех а дозу Iедална хьалха шун сий а, шун бахамийн гIуллакхаш а. Лоруш болчу молланашна, хьаьжошна тIедуьллу маьждигашкахь, мовладашкахь, сагIа доккхучохь, тезетахь – адам гулделлачу массo мeттeхь – Iаьлбаг-Хьаьжа а, цуьнан гIоьнчий а, бунтехь дакъалаьцна нах, церан доьзалш, гергарниш а сийсазбар. Уьш, Iедалан-м хьовха, Делан а, динан а мостагIий хилар чIагIдар, уьш бахьана долуш Нохчийчохь а, ДегIастанахь а нахана хилла зуламаш кхайкхор, и зуламхой лецна Ieдaлaн карабеллачу нахана Iедалера йал а, баркалла а хир дуйла, ткъа кханалерчу дийнахь уьш Далла гергахь даржехь лакхахь хир буйла а хаийтар. Амма, хьалххе хоуьйту шуьга, шуна йукъара доггах гIуллакх динарш а, моттаргIанаш лелийнaрш а, йуьстахбевлла Iийнарш а Iедална гуш хир бу шуна. Дала аьтто болда шун!