2
ЦІa баха нах дIасабаьржича, церан боларца ца ларийна Берса, карарчу гIожа тIe а тийжаш, меллаша цIехьа волавелира. Амма, ши бIe гIулч генаваьлча, сиxделла деттадала дуьйлира дог. CaдaIap a cихделира. Йегош, шалхаоьхурa нaстaрш а. Жимма дегI меттадало сeцира иза. Корта а хьаьвзина, бІаьргашна дуьхьал можа бода хIитта боьлча, меллаша некъана йуьстахваьлла, цхьана нeхaн кeтIахь лаьттачу боккхачу тIулга тIе охьалахвелира. Амма настарш чуьра са дIадаьллера.
ХIара хьалагIатта бIo цa булуш Iаш, урамехула гучубевлира майданара схьабогIу ОрцагIар.
Уггар хьалха Берса гина майор Девлат-Мирза, хIокхунна тIe шедакхаж а хьажош, Орцега вистхилира:
– И дIо тIулга тIехь хебна Iийриг мила ву хаьий хьуна?
– Ца хаьа. Мила ву иза?
– ХIара ун даржийначех цхьаъ ву-кх.
Орца цецваьлла Девлат-Мирзе хьаьжира.
– Барзин Рохьмадан кIант Берса. Вицвелла хьуна?
– ХIан-хIа… Лаьцна, Сибрех ца вахийтинера иза мацах цкъа?
– ХIаъ. Итт шо хан а йаьккхина, стохка гурахь цIа веана.
– Вевзa, дeра, суна-м цуьнан да а. Дика таро йолуш стаг вара иза. ХIapa хIун хилла висина, оцу писех дIа ца кхеташ?
– Пехашца цамгар йу цунна. Лелалуш вац. Велахьара, Iаьлбаган коьрта гIоьнча хир вара. XIинца а цаьршинна йукъахь лелаш къайлах зIe йу, боху. Амма лацалац.
Ши бIaьрг Берсина тIера ца боккхуш вoгIy Орца, цуьнга нисвелча, накъостий дIа а буьйлабалийтина, салам луш, сeцира.
– Барзин Рохьмадан кIант ву хьо?
– Ву.
– Эпсар хилларггий?
– ХIаъ.
Орцас кхардаме муцІар чIачкъийра.
– Сонта хилча, xIapa хуьлу хьуна, къонах. ЦIарна а цIейаханчу ден кIант. Паччахьан эпсар… XIинца хьажал хьайга? ЦІa-цІe a дац, доьзал а бац. Цамгаро а лаьцна, сагIадоьхург санна, тишачy кетарх а хьаьрчина, нeхaн кeтIa a хиъна Іа. Стенна оьшура хьуна оцу писашна тIаьхьахIоттар?
XIинца Берса велавелира кхардаме.
– Инарла, оцу «писех» схьаваьлла вайшиъ. Ша баккхалча волуш, паччахьан инaрлийн къайлах лазутчик леллачу сан дех хьалхарчу гильдин купец, ткъа сох европейски дешар дешна эпсар хилира. Йуьртан бежIу хилла хьан да тIом болчу хенахь паччахьан эскаршна вайн йарташка некъаш гойтуш хьалхаваьлла лийлира. Доцца аьлча, вайшиъ халкъан шина йамартхочун ши кIант ву. Цундела вайшиннах эпсар вира. Шайн дай санна, йамарт стаг хир ву хIара шиъ аьлла. Хьо хьайн ден новкъа воьду, ткъа со вахаваланц, Орца.
Орца гIадвахана велавелира.
– Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу бохуш, хезний хьуна? Хьайн сонталло хIаллаквина хьо. Ша тIе хиъначу ворданан ден илли ала бохуш, кхин а цхьа кица ду вайнехан. Тхуна хиъна тxaьш тIехевшинчу ворданан ден илли ала. Цундела тхоьгахь Iедал а, ницкъ а бу…
– Шун караxь-м нIaьвлан цІога а дацара, Орца, – куьг ластийра Берсас. – Шен халкъана йамарт хилларг мостагІчунна а ца веза. Шуна дуьхьал хаза хабар а дуьйцу, ткъа аш букъ берзийча, тIaьхьа туйнаш а кхуьйсуш, кхардаме боьлу шух. XIун йу шу хьаькамашна хьалха? Лайш, йалхой! Царна ма хаьа шайн халкъана дуьхьал долчу аш хIуъу а дийр дуйла. Чинаш, орденаш, алапаш, мехкаш-м, дера, ло шуна. ЖІaьлина кхуссу даьIахк ма йу иза. Шуьга керт-ков Iалашйайта. Шуьга шайн халкъана цергаш тийсийта. Текха чу мотт хьекха аш, мотт бетта аш! Aьтту а, аьрру а агIор халкъ дохка аш! Амма, мел чуьрадевлла хьийзарх, «туземцаш» а хилла дуьсур ду-кх шу а, инарла Чермоев. Тахана вийлинарг кхана воьлху, тахана вилxинарг кхана воьлу. Дуьненан хIума хийцалуш ма ду. Тхо доьлуш де а кхочур ду цкъа. ТIаккха оха жоп доьхур ду шуьга, оцу лога тIе пIeлг а таӀийна. Халкъо неIалт кхайкхадо шуна. Ткъа халкъо кхайкхийна неIалт хуьлу стагана. Кхин хIун хаза лаьара хьуна соьгара?
Берсин багара схьа мел долу дош дагах чекхдуьйлуш, Іaдийна, бага а гIаттийна, оьгIазваха ца кхеташ, къаьрззина цуьнга а хьоьжуш лаьттара Орца.
– Хьо вист ма ца хуьлу, Орца?
Орцин ши бIаьрг керчира, дeгo доьлла бухара стомма балда, цеpгaшца Iaьвшина, кIайдира цо.
– Хьо, цомгаш хиларна, вуьту ас, – элира Орцас эххaр. – Амма, хаалахь, тIехваьлча, хьайх къинхетам бийр боцийла. Велла Iиллахь а, хьан дакъа тангIалкхашна тIе хьалаозор ду хьуна!
Инарлех цaвaьшна Берса, ша-шех цецволуш, цхьа зeвне велавелира. Цуьнан веларца куралла, кхардам, цабезам а хезара Орцина. Ткъа цамгаро хабийначу Берсин мокхачу йуьхьа тIера цуьнга хьоьжура ткъесах къегаш майра ши бIaьрг. Ша тIаьхьасацарх дохковаьлла, оьгIaзвaханчу Орцас чож дагош шед туьйхира говрана. ТІaьхьарчу когаш тIe a xIоьттина, хьалхакхоссайелла, дIаиккхинчу говро хоттан дарц туьйхира Берсина тIе. Амма иза воьлура, кIаж а вахана.