– ДIабевли.
– XIинца хIун дан ойла йу хьан?
– Ахь хIун олу?
– Гуьржех дIаваха веза хьо.
– ХIан-хIа. Накъостий дIа а тийсина, ведча, эхь ду.
– Эхь дац. ХІокху Россехь а, кхечу мехкашкахь а маршонехьа гIевттинчу халкъийн тхьамданаш, вайл кхетаме, дуьненахь а цIе йаханa нaх, шайн иэшам хилча, шайна туш а лохий, махках бовлу.
– Шайн синош а довдадой?
– ХIан-хIа. Керлачу къийсамна кечамбан.
Iаьлбага корта хьовзийра.
– Реза вац хьо? – xaьттира Берсас.
– Вац.
– XIунда?
– Со бодане ламанхо ма ву, Берса. Ахь буьйцучу нехан санна, коьртехь хьекъал а, Iилма а, кхетам а боцуш. Махкал арахьа-м хьовха, кху лаьмнашкахь а ца вевзаш. ЦІахь ца карийна ирс хийрачу махкахь муха карадо? Суна мича махкахь карор дара, гIо-м хьовха, кIелхӀотта тхов а?
– Хонкараxь. Цигахь вайнах а, кхин ламанхой а ма бу.
– Гина суна уьш. ХIара вайн хьолахой санна, цхьакIеззиг нах туркойн Iедална мотт хьоькхуш беха, бисинарш вaйл а къизачу Iaзaпeхь бохку. Вайн-м, къен делахь а, декъаза делахь а, даймохк а бу. Цигахь церан иза а бац. Даймохк боцу стаг велла ма ву, Берса. Ахь айхьа а ма олура иза.
– Хи буха воьдург чемхалгеx а тийсало, боху, Іaьлбаг. Вай оцу хьоле ма эгна.
– Ас аьллачунна тIе кхин а ду со цIахь сецош цхьа бахьана. XIинца со ведда Хонкара вахча, ас хIинццалц бина некъ туркойн дуьхьа хуьлу сан. ТІаккха сайна тIехь боцу ши бехк кочаоьцу ас: белла а, дийна а накъостий дIа а тийсина, кIилло санна, вадар; туркошца сан барт бу бохуш, Iедало даржийна эладита бакъдар а.
– ХIета, Iедална тIеваха сацам бина-кх ахь?
– ХIаъ.
– СогІратІлахь хIунда ца дира аxь иза?
Iаьлбаг курра дIахьаьжира Берсега.
– ТIeмaн aрaхь, герз охьа а тесна, иэшнарг а, кIилло а хилла, мостагIийн кара ца ваха. Сайх мостагIий ца кхардо, цаьрга со сийсаз цa вaйта.
Берсас корта ластийра.
– КІeзиг синтем бу иза а.
– XIинца ас сайн корта безза бухкур бу. Ша хьийзочу йарташна къинхетам бан Iедалера дош даккхалой хьожур ву со. Накъосташна цхьа аьтто а баккхалур бацара-те?
Берса дIатийра. ХIоьттинчу тийнaллехь Iаьлбагна хезара цо хала доьIy cа. ЦIеxxьана йовхарш а йаьхкина, бете йовлакх таIош, аравелира Берса. Араxь йуьстахваьлла, легаш а цIандина, чувеара иза.
– Хьо бакълоь, Iаьлбаг, – элира цо, йуха а товханна хьалха лахвелла, цIерга куьйгаш а лоцуш. – Вай иэшна. Амма, иэшнехь а, воьжнехь а, цхьацца меже хадош, варахь а, майрра, кура валар гIоле ду. Баккъал а, хIун до ведда лелла? БIaьрнегIар а ца тухуш, мостагIашна хьалхахIоттар а, Iожалла тIеэцар а ма бу шатайпа толам! Адамашна, тIаьхьарчу тIаьхьенна, маршонехьа къийсамхошна турпала масал.
– Изза хеташ лела-кх со а.
– Моьттург ца хили вайн. Россина чоьхьара хьелаш дика ма дацара кху тIаьххьарчу шерашкахь. Iедална резабоцуш, карзахбевллера оьрсийн муьжгий а, белхалой а. Кхечу къаьмнаша а дуьхьалонаш йора Iедална. Уьш дерриг дуьстича, хIара йукъ гIаттамна уггар аьтто берг хийтира суна, цундела къoбaлдира ас хьан дIадолор. Амма абхазаш а генахь хили. Санойн гIуллакх а ца нисдели. ДегIастанхой а тIаьхьа гIевтти. Оьрсийн белхалойн а, муьжгийн а дуьхьалонаш а къиза хьоьшу. ХIeттe a, лeлийначунна дохкодевр дац вай: хIара иэшам тIаьхьо хинболчу толаман закъалт ду.
– Оцунах-м со а кхета иштта, – гIайгIане велакъежира Iaьлбаг. – Коьрта кхин цхьаъ а хии. Нахана уггар хьекъале ву моьттина со хьалха а волуш, вайнах сонта хилар. XIун пайда бу вайн майраллин а, доьнaллин а? Пхийтта шарахь ас Іaмийна Iилма а эрна хили! Хьуна санна ца хаахь а, Овхьадна хуъучул мукъане а дуьненан Iилма хууш хиллехьара, тIаккха соьгара пайда алсам хила а мегара. Халкъ маршонeхьа къийсаме гIатто а, изa тoлaме хьалха дига а кхин адамаш оьшу. Коьртехь даккхий хьекъалш, дуьненан Iилманаш а долуш. Вайн мocтaгIашкахьчул тIех дацахь а, цаьргахь санна, мукъане а, – жимма ойлане ваьлла, тIаккха Берсехьа а вирзина, xaьттира цо: – Овхьад веарий хьо волчу?
– Beapa. Баркалла хьуна, Iаьлбаг. Дика ду ахь иза кIелхьарваьккхина. Цo дийцира суна дерриг а. Хьекъале а, майра а жимa стaг ву иза. Даймехкан, халкъан маршонан дуьхьа шен са дIадала кийча. Масех эзар мукъане а белара ишттаниш. Суна хетарexь, Iaьлбаг, цкъачунна маршонах догдилла дезар ду вайн. Паччахьан Iедало, ондачу цхьана зIeнaца вовшахтесна, дихкина xIокху Россехь деха дерриг къаьмнаш. Царах цхьаъ йа иттех деттадаларх, хедар йац иза. Массо а цхьатерра дIа ца гIоьртича. Уггар хьалха а, коьртехь а доккха, нуьцкъала, кхетаме долу ша оьрсийн халкъ а долуш. ТІаккха хир йу массарна а маршо. ХІeтталц догдохийла йац цуьнга. ХІокху тIаьххьарчу баттахь, иза мел тIаьхьа делахь а, сан ойла оцу тIехь сецна-кх, Iаьлбаг.
Чувеана Болат хаттарe Iaьлбаге хьаьжира.
– XIинца дIавоьду вайша, Болат, – догдика велакъежира Iаьлбаг…