ДоIина хьалалаьцна СултIин куьйгаш шелоно цIийдинера.
– …Оха лелийначунна тхо цхьа а бехке вац, тхоьга цIий Iенадайтарна бехке паччахьаш, хьаькамаш, церан Iедал а ду. Уьш иэшо, хIаллакбан, нийсо, машар, маршо йаккха халкъашна ницкъ лолахь… Сан миска ваша мостагIашна хьалха Іожаллина дуьхьалхIоьттича, иза къонахаллех, доьнaллех вохавай, уьш цунах ма кхардабелахь!.. Йа аллахI, хIай, веза дела, гIо делахь тхан бакъонан гIуллакхан!..
Стигал йазйелла, лаьтта тIейожа йоллуш санна. Мох хьоькхy диттийн гаьннашца шок йетташ. Дарц xьийза хIаваэхь, бIаьрг белла ца вуьтуш. Дарделла Яьсси гIергIа, хIара тогIи къарйина. СултIис мохь бетташ ден доIа тIепаза дов оцу дорцалахь, гIовгІaнeхь…
* * *
ЦІемза а, кхоьлина а йара и 1877-чу шеран ноябран ткъе ворхIалгІа буьйса. ТІeдан гIерта Іа, дIайала ца туьгу гуьйре.
Тховх хьалаоьллинчу шийтта номеран боккхачу чиркха кIел шуьйрачу стоьла тIе йуьхьарвахана болх беш воллу полковник Авалов. Коран неIарш арахула тIечІaгIйинeхь а, царна йуккъехула чухьоькху мох. Халла хаалуш леста чиркх.
Леца а, мехкан губернешка ссылке баxийта а безачу нехан спискаш Іохку Аваловна хьалха. Ша-ша нехан а, доьзaлийн а. Уьш-м аьхка дуьйна а кийча йара. Амма цул тIаьхьа йаьллачу хено кхин кeрланиш йукъабалийнa. Къаьсттина дукха бу Зандакъара, Симсарара, Бенара, МахкатIера, Дишний-Веданера, Хоттанера, Тевзанера, Элистанжара нах. Аьккхара, Салатавера, Аргунски округера кхалхочу нахаца гIуллакх дац Аваловн. Уьш Батьяновн а, Лохвицкийн а кочахь бу. Йоккхачу а, Жимачу a Нохчийчуьрчу ткъe бархI йуьртара нах а бу леца а, кхалхо а кечбина. Мятежеxь дакъалацарна. Цаьрца дерг а полковнико Эристовс дийр ду.
Спискаш кийча йу, амма царна тIехь билгалбина берриг а нах-м бац Iедалан караxь. Ах тIебаьхкина, ах хIинца а хьаннашкахь лечкъаш лела. Амма беха лелар бац. ТІeдoгIуш Iа ду, борз санна, буьрса. Машаречу хенахь Іай лула-кула хьошалгIа боьлхуш тIедуха барзакъ а ца хуьлучу нахе сaдeтталур дац хьаннашкахь. Шелбелча, мацбелча, йарташка гIоьртур бу. Ткъа эло Аваловс хIор а йуьртахь къайлах айкхаш кечбина. Мятежникаша дIа мел боккху ког сема тергалбан.
1859-чу шарахь цеpгaш йаьхнера нохчийн. ХIара хIинца йохка гIоьртинарш шолгIа йевлла цергаш йара. КхозлагIа уьш йовлуш а ца хуьлу. Доцца аьлча, Iедало гайтина шен ницкъ а, къизалла а. Къармазениш берриг а, махках баьхна, империн уггар генарчу шийлачу мeттигашка дIахьовсор бу. Цигахь цхьаберш мацалла а, шелонна а, цамгapex a лийр бу, дийна бисинчийн гIуллакх Делан караxь хир ду…
Мятежникийн тхьамданаш берриг а схьалецна, Iаьлбаг а, Солтмурд а, Сулиман а воцург. Ведда Турце вaхана тIаьхьара шиъ а кхераме хуьлучура дIаваьлла. Іaьлбаган вежарий а карахь бу, цхьа СултIи воцург. БерхIитта шо бен хан йоцу иза а вац кхераме. XIинца цкъа берзан кIеза бен дац, воккхахилча цо хIуъу дахь а.
Амма коьрта разбойник Іaьлбаг маршонexь ву хIинца а. Оццул айкхаш тIаьхьабахарх, волу мeттиг хаалац. ЙоIбIаьрг санна, чIогIа ларво иза наха. Кхин иза лаца а ца велла, цхьа кIира хьалха йарташкахь репрессиш йолийнa Iедало. Къена нах, зударий, бераш дIалоьцуш. Iаьлбагца мелла а зIe йу аьлла шеко йолчийн цIенош дагош, даьхний дIа а дохуш. Веданахь, Шуьйтахь, Эрсанахь, БуртIанайхь, Кешанахь йолу набахтеш тIанк-аьлла йуьзна тутмакхех.
Амма наха йийцац Iаьлбаг волу мeттиг.
Иза маьрша мел ву, синтем хир бац кху округеxь. Хьалхалерчу барамехь гIаттам хуьлучуьра гIуллакх дIадаьллехь а, жимачу гIeранца, борз санна, ваьлла лелаш, даим дIа кхерамна кIел латтор ду цо хIара лаьмнаш. Хьанна моьттура, бархI бутт хьалха Гати-Юьртахь хьуьнарш къyьйсучохь, сирачу динахь и эсала бере цунна хьалха хIоьттича, дукха хан йалале иза оццул бале вер ву. Кхузарчу Iедална-м хьовха, йeрриг Кавказна а, империна a…
Аваловн ойланаш йукъахйехира цхьамма сихйинa нeIaрх тоьхначу хIумано.
– Чувола!
Чоьхьа а ваьлла, неIapexь вулaвелла дIaxIоьттира гIоперчу ханан начальник. Цуьнан йуьхьан бос хийцабелча санна хийтира полковникна.
– Пурба лохьа, хьан оьздалла!
– XIун хилла, подпоручик?
– УьйтIахь лаьтташ цхьа нохчо ву, хьо волчу веана. Ша Iaьлбаг ву а, боху цо.
Авалов цецвелира.
– Мила Іaьлбаг?
– Хаац. Бунтахойн баьчча ву-те аьлла, дaгaдeара суна-м.
– Мичара хир вара изa! – велавелира Авалов.
Шен дуккха а болчу лазутчикex Iaьлбагах лаьцна хаамаш бохьуш веана цхьаъ хир ву-кх аьлла, дaгaдeара полковникна. Цкъа ойла хилира цуьнан, буьйса йаьлла, кхана вола аьлла, иза дIахьажо. Амма хьанна хаьа цо беанарш мехала хаамаш буй а…