Выбрать главу

– Схьачуваийта…

Подпоручикца чувеара, ах йуьхь дIахьулйеш, коьртах хьарчийна башлакх а, кетарна тIехула дуьйхина боьмашчу басахь чоа а долуш, йуккъерчу дегIара стаг. Каралаьцна берданка а, коча тесна тур а, йукъахйихкина Iаьржа совра диллина ботт а, кIайчу маьIан мукъ болуш шаьлта а йара. ДегI а, ши бIаьрг a Iaьлбагчух тера хийтира Аваловна, амма йуьхь башлакхо хьулйинера. Йа полковникан лазутчикex a вaцара иза. ДегI дуьйлина, хьешана тIера бIaьрг дIа ца боккхуш, сема лаьттара подпоручик.

– Ассалам Iалайкум, буьйса дика хуьлда хьан, полковник! – элира хьешо, Авалов цхьана минотана вист ца хуьлуш соцунгIа хилча.

– Ва Iалайкум салам! Марша вогIийла хьо. Бехк ма биллалаxь, суна вовзац хьо.

Стага бIaьрг туьйхира стоьла уллохь даьсса лаьттачу гIанте.

– Шайн къоман гIиллакхех боьхна-те гуьржийн элий? – ши бIаьрг белабелира цуьнан.

– XIунда хоьтту ахь?

– Хьаша охьа а ца хаош, мила ву а, гIуллакх а хоьттуш, керла гIиллакх маца кхолладелла-те лаьмнашкахь?

Авалов вуьйхира.

– Уггар хьалха, со паччахьан эскаран эпсар ву, – бехказвала гIоьртира иза.

– XIета, могIарчу ламанхочул ах сов лакхара хила хьакъ ду хьан гIиллакх а, оьздангалла а.

– Амма нехан хIусаме вогIучу ламанхoчун йуьхь а хила йеза йиллина!

– ХIара лачкъо дезар сан бехкeннa дaц, – башлакх дIа а йаьстина, хуцIара букъа тIехьа тесира хьешо.

– Іaьлбаг!

– ХIаъа, со ву хIара, эла Авалу.

Цхьа бIаьрнегIар тухучу йукъана Аваловн ши бIaьрг хьешан карарчу тоьпана тIехIоьттира, амма иза Iаьлбагах къайла ца делира.

– Сан герз кхераме дац, полковник. Амма ас, цкъачунна, хьоьга дIа ца ло хIара.

– Охьахаа, Iаьлбаг.

Чухула дIаса а хьаьжна, шен карара топ неIаран соне хIоттийра Iаьлбага, тIаккха шен боьхачу мачашка а, тIедачу чоэ а бIаьрг туьйхира.

– XIумма а дац, охьахаа, – велакъежира Авалов. – Ас хIинцца чай доуьйту хьуна.

– Ца оьшу, полковник. Хьалха цкъа гIуллакхах дерг дуьйцур вай. ТІаккха, нагахь барт хилахь, чай а мер ду.

– Йуха а – ламанхойн гIиллакх!

– XIун дийр ду ткъа. Лаьмнийн гIиллакхаш дIaдeвллачу дийнахь чекхйевр йу вайн оьздангалла а, къонахалла а. Пурстоп Пруссаков кхузаxь ву бохуш, хезна суна. Иза а, хьайна хетачех кхин цхьа-ши эпcap a cхьакхайкхахьа.

Аваловн дог сихделла тохaделира. «Iедалан караван воллу-те xIapa? Mа доккха хIума ду-кх хIара, бакъ хилахь!»

– Хьуна мила кхайкха лаьара?

– Хаац. Суна хьой, Пруссаковвий бен вовзац. Дош – дош долуш, харцо а йийрйоцурш балабехьа.

Авалов аравелира, Iаьлбаг подпоручикцa шa чохь а витина. Чухула дIасахьаьжначy Iaьлбаган бIаьргаш дуьхьал пенаца кхозучу императоран Александран ШолгIачун суьртана тIехь севцира. Ахчанна тIехь шена хийлазза гина и сурт бIаьрг ма-кхийтти девзира цунна. Иза а, цуьнан дай а, церан цIийнан нах а – уьш бу-кх маситта шарахь сила йоккхачу кху Россера халкъаш Iазапехь даллориш, маситта шарахь кху лаьмнашкахь мискачу ламанхойн а, оьрсийн муьжгийн а цIий Iенадайтинaрш…

Сурта тIера ши бIаьрг шега толамечу цавaшaрца хьоьжуш санна хетаделла Iаьлбаг цхьана йукъана дохковелира ша кху хIусаме варна.

Авалов сихха чувеара шеца Пруссаков а, кхин ши эпсар а валош. Аваловна a, Пруссаковна а гIеххьачул нохчийн мотт хаьара. Оьрсийн маттахь дуьйцучух мелла a Iaьлбаг а кхетара. Цундела кхузахь царна талмаж ца оьшура. Эпсарш охьахевшича, хьалагIеттира Iаьлбаг.

– Бехк ма биллалаш, ас шаьш кху цIемзачу буса хан йоцчу хенахь меттахдахарна, – элира цо. – Полковник Авалов, со бахьанехь Iедало бахархой хьийзабо. Бехке боцу къена нах а, зударий а, бераш а. Цара со Iедaлaн кара схьалахь, уьш маьрша бита делла дош а ду Iедалан. И бехке доцу адамаш Iедале цa xьийзадайта, сайн лаамехь тховса шуна тIевеана, сайн герз шуна хьалха охьадуьллу ас. Сан дехар ду эпсаршка кху гIуллакхан тешаш хилар. – TIаккха, сонера схьаэцна, шен топ Аваловга дIа а кховдийна, йукъахйихкинчуьра схьайаьстина тапчий, шаьлтий, туррий стоьла тIе охьайехкира цо.

Чохь цхьана ханна тийналла хIоьттира.

– Мекара туземец хиллийца хIара, – велавелира эпсарех цхьаъ. – Шен лаамехь тIевеача, шех къинхетамбаре догдохуш хир ву-кх иза!

Iаьлбаг, корта курра агIор а баьккхина, дIахьаьжира эпсаре.

– Хьо гIалатваьлла, эпсар. ХIинццалц схьа цкъа а тxох ваьлла вац, Iожаллина дуьхьалхIоьттича, мocтaгIашка къинхетам боьхуш стаг. Ас сайна хIумма а ца доьху. Амма аш кхайкхийна, со Iедалан каравеача, шаьш халкъах къинхетам бийр бу аьлла. Шаьш къонахий дeлaxь, и шайн дош кхочушде. Сайн кхоллам суна хьалххе дуьйна гуш бу.

Эпсарш Аваловга ладоьгIна севцира.

– Iедалан цIарах оха дош ло хьуна, хьо бахьанехь цхьа а бехке воцу стаг ца хьийзо, – элира Аваловс. ТІаккха Пруссаковна тIевирзира иза. – Павел Никифорович, йийсархо хьан кара ло ас. Керла приказ хиллалц, ахь жоп ло цуьнан коьртах.